Куьйгалхочо билгалбехира дика лоьраш

Нохчийн Республикин лоьраш шайн корматаллин денца декъал а беш, хьеший тIеэцаран «Фирдаус» Гранд-холлехь даздаран хьолехь цхьаьнакхетар дIадаьхьира хIокху деношкахь.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит, республикин могашаллаIалашъяран министр Сулейманов Эльхан, иштта дуккха а лоьраш а, хьеший а.

– Шун болх даима а само езаш, жоьпаллин болх бу. Шо шаре мел долу республикин могашаллаIалашъяран хьелаш толуш ду. ХIора а шарахь еш больницаш ю, заманан керлачу технологешца кечъеш а ю уьш. Масех шо хьалха (лаккхара говзалла йолу) лоьраш кIезиг бара вайн, амма тахана дикка кхуьуш схьадогIуш ду вай. Кхечу регионашка шайна дарба лаха боьлхучу цомгашчу нехан барам а лахбелла. Цо гойту шуна шайн болх дика бевзаш хилар. Цул сов, кхечу регионашкара, пачхьалкхан дозанал арахьара нах богIу вай долчу шайна дарба лаха, – билгалдаьккхира Кадырова Рамзана.

МогашаллаIалашъяран министран белхан лаккхара мах хадош, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу орденца совгIат дира цунна.

– Сулейманов Эльхана республикин могашаллаIалашъяран хьелаш лаккхарчу тIегIане даьхна. Бахархойн аьттона арахьара лоьраш балабо цо, иштта, мастер-классаш йойту вайн лоьрашца, дуккха а лоьраш кхечу регионашка конференцешка а бохуьйту. Даима а лехамехь ву Эльхан, республикина оьшуш болу лоьраш кечбайтарехь къахьоьгуш а ву. Со тешна ву Эльхан къоман дуьхьа къахьоьгуш хиларх, – элира цо, совгIат дIалуш.

Адамийн могашаллина гIаролехь шайн дахаран шераш дIаделлачу дикачу лоьрашна «Нохчийн Республикин хьакъволу лор», «Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран хьакъволу белхахо» цIерш яларца совгIаташ дира. Дуккха а лоьраш Сийлаллин грамоташца билгал а бехира.

Республикин культурин министерствон белхахоша концертан программа гайтарца дерзийра цхьаьнакхетар.

ВЕГИЕВА Макка

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: