Нохчийн Республикин Парламентан Председатела, Нохчийчоьнан некъашкахь бохамаш хилар а, адамаш кхалхар а лахдаран оперативни штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада масех де хьалха кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин МВД-н УГИБДД-н оперативни штабан декъашхошца.

Кхеташонан юьххьехь М.Даудовс Нохчийчоьнан МВД-н УГИБДД-н белхахой декъалбира шайн корматаллин денца – Россин Федерацин МВД-н ГИБДД-н денца. Царна баркалла элира шайн атта боцу болх доггаха, хьанал барна, шайн балхана муьтIахь хилар на.
Цул тIаьхьа дийцаре дира республикин некъашкахь долу хьал. Иза, ма-дарра аьлча, воккхавевеш а дац. Парламентан Председатела Даудов Мохьмада аьлла ма-хиллара, хIара шо доладелчахьана регионан некъашкахь 122 некъан-транспортан бохам хилла. Оцу бохамашкахь 50 стаг кхелхина, царна юкъахь 7 кхиазхо ву. Некъан бохамашкахь 200 сов стаг лазийна. Баккъал а, хьал сагатдойтуш ду. Наггахь доцург де ца долу вайн некъашкахь бохамаш ца хуьлуш. Цхьадолчу деношкахь ши-кхо бохам хуьлуш меттигаш а йогIу.
Некъашкахь кхолладелла хьал хьесапе а эцна, Даудов Мохьмада хьокъала боллучу куьйгалхошна тIедиллира оцу хьолан кIорггера хьесап а, леррина жамIаш а дар. Дукха хьолахь, некъан бохамаш хIун, мила бахьана долуш хуьлу къастор а дийхира цо. Спикера дийцарехь и дан деза некъан-транспортан боламан бакъенаш талхош болчарна дуьхьал дIахьош болчу къийсаман эвсаралла лакхаяккхархьама.
Вуьшта, говзанча воцучунна а бIаьрла гуш ду цхьаболчу водительша машенаш тIех чехка хоьхкуш хилар, некъашца дIасалелаш болу водительш вовшашца хила ма-беззара гIиллакхе цахилар, вовшийн сий-ларам беш цахилар, некъан бакъенаш ларъяр-м хьехор а дацара вай. Вай некъашца адамаш жимма мукъане а вовшашца гIиллакхе хилча хьал дикка тодалаза Iийр дацара. Цу тIе а тидам бахийтира кхеташонан дакъалацархоша.
Делахь а, оперативни штабан куьйгалхочунна хетарехь, водительшца кхетош-кхиоран болх дIабахьарца цхьаьна кхин а тобан беза стационарни постийн болх. Церан белхан эвсаралла лакхаяккхаран Iалашонца кIиранах шозза таллам бан беза стационарни посташа беш болчу белхан. Цо дика тIаьхье яла декхар ду.
Кхеташо чекхйолуш ОвгIанехь хиллачу тIеман Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин организацин декъашхоша Даудов Мохьмадна совгIат дира «Даймахкана тешаме хиларна» мидалца. Нохчийчоьнан Парламентан Председатела царна баркалла элира иштта шен сий-ларам барна.
Д.АНАДЕВ
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо