Чинин Хух-Хота шахьарахь хIокху деношкахь дIаяьхьира Чинин Гран-При дзюдохула дуьненаюкъара турнир.
Цигахь дакъалоцуш вара 26 пачхьалкхера 225 спортсмен, шайна юкъахь Олимпийски ловзарийн а, дуьненан а, Европин а чемпионаш болуш.
Боккхачу кхиаме кхечира къийсадаларшкахь Россин божарийн вовшахтоьхна команда. Шиъ дашо, шиъ дато, ялх йоьзан мидалш ехира цара. Яьхначу мидалийн барамца уггаре а тоьлла гайтам бара иза.
Къийсадаларийн хьалхарчу дийнахь шен йозаллин категорехь (66 кг.) Россина дашо мидал еара нохчийн дзюдоиста Шамилов Якъуба. Финалехь цо эшийра 2011-чу шеран дуьненан чемпион волу Украинин векал Георгий Зантарая. Оцу кхиамца хьуьнаре дзюдоист а, ткъа иштта СКФО-н дзюдон федерацин президент Эдильгириев Амрудди а декъалвира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Вайна иштта кхоэ ду шолгIа дашо мидал яьккхинарг гIалгIайн дзюдоист Халмурзаев Хьасан хилар а (90 кг.).
Дала тIаьхье беркате йойла!
Хь.АБАЕВ
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо