Нохчийчохь ялта чудерзо долийна

Нохчийн Республикин латталелорхой ялта чудерзо буьйлабелла. 150 эзар сов гектар лаьтта тIера ялта ду чудерзо леринарг.

Республикин юьртабахаман министерствон Ораматашлелоран, химизацияран, ораматаш Iалашдаран департаментан директора Матуев Хан-Пашас билгалдаьккхира кест-кеста оьхучу догIанаша аренашкахь болх бан новкъарло еш хилар.

«Берриге а бахамашкахь кIа, Iаьржа кIа, мукх чуберзо болийна. Ялта чудерзор дIадолийна асаран (июнь) беттан 18-чу дийнахь Теркан кIоштахь. ХIинца республикин дукхах йолу кIошташ юкъаозийна ялта чудерзорна.

Мангалан (июль) беттан 3-чу денна долчу хьолаца, ялх эзар гектара тIера ялта чудерзийна, хьаьжкIа а, рапса а йоцуш. Гектара тIера юккъера хьекъар 23,4 центнер а хуьлуш, чудерзийна 14 эзар тонна ялта. Хийцалучу хенан хӀоттамо комбайнерийн болх дикка сецабо.

Карарчу шарахь республикин юьртабахаман министерствос ялта дийначу майданан барам 18 эзар гектарана тIекхетта.

Цул сов, 1 100 гектар рапса а хьаькхна. Цуьнан гектара тIера юккъера хьекъар 13,4 центнер а хуьлу», – элира Матуев Хан-Пашас.

Иштта, цо тIетуьйхира бахамашна оьшучу техникица, ГСМ-ца кхачо йина хилар а, къинхегамхошна белхан а, садаIаран а хьелаш кхоьллина хилар а.

М.ЮНУСОВ

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: