Iамарк коьртехь йолчу тIеман коалицин кеманаша юха а бомбанаш, ракеташ тоьхна Шемарчу цхьана юьрта. Цигахь террористаш а, вахабиташ а ца хилла. И тохар дар бахьанехь лаххара а 40 маьрша стаг вийна, чевнаш хилларш кхин а алсам бу. Царна юкъахь зударий а бу, бераш а ду.
***
Иракъера Мосул шахьар «Иблисан пачхьалкхан» гIеранех паргIатъяьккхина хиларан а, маьрша бахархой шахьара юхаберза буьйлабелла хиларан а хьокъехь хаамаш бо Iедалан векалша. Бакъду саьлнашка ерзийна йолчу оцу гIалахь наггахь цIа дац чохь Iан мегар долчу хьолехь.
***
Германехь хIокху деношкахь дIахьош митингаш ю. Урамашка бевллачара дIахьедо шаьш 20 пачхьалкхан («G20») саммитна дуьхьал хилар. Ткъа саммит мангалан (июль) беттан 7–8-чуй деношкахь Гамбургехь дIахьур ю. Цигахь дийцаре дан лерина дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран, пачхьалкхашна юкъара юкъаметтигаш тояран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
КНДР-хь юха а дIадаьхьна баллистикин ракета зер. Иза кхиамца чекхдаьлла. Керлачу зерана реза доцчу США-н куьйгалло дIахьедина КНДР-на дуьхьало яран гIуллакхаш кхин а чIагIдан дезаш хилар, санкцеш яр кхачаме цахилар.
***
Индин Iедало шайн эскарш Бенгалин къилбехьа дIахьовсийна. Цигахь дехаш долчу тайпанашна а, тукхамашна а юкъахь тIеман тасадаларш хиларца доьзна ду иза. Вовшах леташ берш дIасакъасторан а, царна юкъахь маслаIат даран а Iалашонца хьовсош ду цига эскарш. Вуьшта барт хуьлуш бац Бенгалерчу бахархойн.
***
Казахстанан пачхьенехь Астанахь хIокху деношкахь дIахьош ду Шемахь машар барна лерина дийцарш. Цигахь дакъалоцуш бу Шеман Iедалан а, цунна оппозицехь болчеран а векалш, ткъа иштта Россин, Хонкаран, ГIажарийчоьнан, Казахстанан дипломаташ.
***
Россин Президента В.Путина Iамаркан Президент Д.Трамп декъалвира США йозуш цахиларан денца. ДIахаийтира Iамаркахойн дахарехь ирс-аьтто хуьлийла, Iамарко кхиарехьа керла гIулчаш йохийла шена лууш хилар.
***
Москвахь Россин Президента В.Путина тIеийцира Чинин Халкъан Республикин Председатель Си Цзиньпин. Цара дийцаре дира шина пачхьалкхан юкъаметтигаш кхидIа а кхиоран, зIенаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш. Дийцарш дерзийра 40 гергга бартана куьйгаш яздарца. Барташ бина экономикин цхьамогIа дакъошкахь цхьаьна гIуллакхаш дан.
***
ХIокху шеран хьалхарчу чийрикехь Россин арахьара декхар 2,3 процентана, я 525,7 миллиард долларна алсамдаьлла. Оццу хенахь 5,7 процентана алсамъяьлла вайн мехкан валютийн фонд.
***
Сибирерчу хьаннашкахь евллачу цIерашца къийсам дIахьош бу Россин МЧС-н белхахой. Церан хIинцале аьтто баьлла 20 эзар гектар йолчу хьаннашкара цIерш дIаяйъа. Делахь а, хьал чолхе хилла дуьсуш ду Иркутскан областерчу хьаннашкахь.
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо