ХIокху деношкахь республикин Берийн библиотекехь «Хьалхалера ловзарш» аьлла цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Берашна ширачу заманахьлерчу ловзарех лаьцна а дуьйцуш, и цхьаьнакхетар дIахьош вара оццу библиотекин белхахо Докаев Ваха.
Бераллехь дуьйна оцу ловзарша хIора а беран дахарехь билгала меттиг дIалоцуш хиларх лаьцна дийцира цо ешархошна. Иштта, дедас, денанас, ненадас, ненананас шайн берийн берашна шайн жималлера ловзарш Iамош хилар дика ламаст хилар а хьахийра цо.
Циггахь бераша хаийтира шайна дуккха а ловзарш девзаш хилар. Уьш дара, масала, нохчийн а, желтойн а, олимпийски а, иштта кхидерш а. Иштта, Докаев Вахица цхьаьна цара дагадаийтира: гIумех а, жIанкех а, «галгIожмех » а, лечкъаргах а, тIаьхьакхиарх ловзарш а, «хьостамех» ловзар а.
Цхьаьнакхетар ловзаршна лерина хиларе терра, бераш цхьаьна масех ловзарех а левзира. Цул тIаьхьа, церан таро хилира «Нохчийн Iер-дахар» цIе йолчу гайтаме хьовса. Цхьаьнакхетар дерзош, вистхилира Докаев Ваха.
– Кхузаманахь керла технологеш юкъайовларца доьзна, халахеташ делахь а, книгашна а, ловзаршна а кIезиг хан йойъу бераша. Телефонашца а, компьютерашца а хан ма яккха бохург дац иза. Книгаш хьалха ма-ешшара еша еза. Телефонех бакъдолу дахар хийцар дика дац. Ерриге а хан а, ойла а царна тIеерзо мегар дац. Цкъа мукъане а, компьютерни ловзарш а дитий, хьалхалера шира ловзарш карладаха, – бохура цо.
Ешархоша ладуьйгIира шайна диначу хьехаршка. Цу тIехь чекхделира цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Берийн библиотекин ешархой Докаев Вахица
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо