Нохчийн Республикин куьйгалле хIоьттинчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжина хьалха лаьтташ коьрта ши Iалашо яра: нохчийн юкъараллехь дуьхь-дуьхьал латтар дIадаккхар а, балхана хьуьнаре Iедалан органаш вовшахтохар а.
Оцу шина а Iалашонца иза тIех дика лара а вира. Ткъа хIунда? Муха? Оцу хаттаршна дуьззина жоп луш ю Хасмагомадов Эдильбекан «Гуттаренна а вайца» («Навсегда с нами») статья. Цуьнца йолийна «Вайнах» журналан рогIера номер.
Дуккха а материалаш ю оханан (апрель) беттан 25-чу дийнахь билгалдаьккхинчу Нохчийн меттан денна лерина а: А.Айдамировн «КIант веллачу дийнахь», М.Арсанукаевн «Лийр доцу доьналла», М.Бексултановн «Кехат» дийцарш а, А.Сулеймановн, Х.Эдиловн, А.Айдамировн, Ш.Арсанукаевн, Ш.Окуевн стихаш а.
«Гочдар» рубрикехь зорбане яьхна гуьржийн яздархойн говзарш: Пшавела Важин «ПохIма долу яздархо», «Ойланаш» дийцарш, Бараташвили НикIолазан а, Орбелиани Вахтанган а стихаш. Уьш гочйинарг ву Маргошвили Султан.
Дешархоша тидаме эцна ю Орстхо Розин «Вайн биографеш мIаьргонашкахь» («Наши биографии в эпизодах») документальни повесть. Цуьнан рогIера дакъош ду хIокху номерехь. Царна тIехь дуьйцу Нохчийчохь хиллачу тIеман хьалхарчу денойх а, тIом бахьанехь махках бевлла леллачу наха лайначу халонех а.
Де-дийне чIагIлуш ю нохчийн яздархойн кхечу регионашкарчу а, пачхьалкхашкарчу а яздархошца йолу кхоллараллин уьйраш. Цунна цхьа тоьшалла ду хIокху шеран юьххьехь Беларусин пачхьенехь Минскехь хиллачу «Яздархо а, зама а» Литераторийн дуьненаюкъарчу симпозиумехь Нохчийн Яздархойн союзан векала, поэта Ахматукаев Адама дакъалацар а. Цигахь цо дина чулацаме къамел а, «Созвучие» порталана елла интервью а ю хIокху номерехь. Нохчийн литературин тахане йовза луучеран шайга хьашт хир долуш, маьIне материалаш ю уьш.
Оьрсийн литературин истори евзачарна евзаш ю поэтан Айбулат Константин Михайловичан цIе. ГIараваьлла вевзаш волу художник Захаров Петр а санна, Дади-Юьртахь вина а, юрт йоккхуш йийсаре а вигина, Россехь кхиъна а ву иза. Алиев Саламбека хьалхара дош а яздеш, «Юбилей» рубрикехь зорбане
яьхна цуьнан стихаш кхаъ хиларца йоьшур ю поэзиезархоша.
Дешархойн шайга хьашт хир долуш материалаш кхин дуккха а ю номерехь, бакъду, дешархой дукха буй-м ца хаьа.
Дагахьбалламца билгалдаккха догIу «Вайнах» журналан тираж 1 000 экземпляр бен цахилар. Вай ваьш ма-дуьйццу нохчий хилча, цуьнан цIе тоьар яр-кха хIора доьзалехь а и хилийта.
Хь.АБАЕВ
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо