Вайх муьлххачунна а юьхьанцарчу классашкахь дика хьехархо нисъялар дахаран ах ирс ду.
Цуьнан дикалле, собаре хьаьжжина хуьлу вайна дешар, школа езаялар я деша лаара. Берийн дешаре безам бохуьйтуш, царна гIиллакх-оьздангалла марздеш, шолгIа нана хилла лела дика хьехархо. Ишттачарех цхьаъ ю Невран кIоштарчу Рубежни юьртарчу юккъерчу школера нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Исаева Малика.

Малика дуьнен чу яьлла 1978-чу шеран чиллин (февраль) беттан 5-чу дийнахь ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Керла-Шарахь. Дас Iабдурахьмана, нанас Тамарас нохчийн гIиллакхаш довзуьйтуш, ненан мотт беза Iамийра иза.
Малика Керла-Шарара юккъера школа кхиамца чекх а йоккхий, Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша йоьду. Цигахь дешна яьлча шайн юьртарчу школе юьхьанцарчу а, лакхарчу а классийн хьехархочун балха хIутту.
– «Суна сайн болх чIогIа дукхабеза. Урокаш ас берашна вайн ненан матте безам бохуьйтуш дIахьо». Школехь доьшуш йолчу хенахь нохчийн меттан урокаш дукхаезара суна. Нохчийн мотт хьоьхуш, Iамош тхан нана яра школехь. Тхайн ненера Алаева Тамарера бу сан ненан матте болу безам. Цо Iаламат хаза а, дика а, говза а хьоьхура иза.
Цуо тIедилларца нохчийн дукхачу яздархойн говзарш ешна ас. Амма царех къаьсттина дукхаеза Бадуев СаьIидан, Мамакаев Мохьмадан, Айдамиров Абузаран говзарш. Тхайн школехь яздархошца кхоллараллин суьйренаш вовшахтуху оха. Iаламат хаза, чулацаме цхьаьнакхетарш дIадаьхьира оха Мамакаев Эдуардаца, Бурчаев Хьалимца, кхечаьрца, – дуьйцура М.Исаевас.
Ша цкъа мацах хаьржина говзалла тахана юха харжа йиш хилча, кхечуьнца хийцалур яцара? – шега бохура Маликас.
Дас-нанас адамашца дика а, мерза а, къинхетаме а хила Iамийна иза а, цуьнан ваша а, йижарий а. Цара
шена Iамийнарг тахана школехь берашна хьоьхуш ю иза.
Вайн дайша лелийна гIиллакхаш, вайн цIена, хаза ненан мотт дешархошна даггара хьехар коьрта Iалашо ю цуьнан. Маликица къамеле ваьлча цо хаза буьйцучу маттана тIейоьрзура ойла.
– Дукхах болчу дай-наноша шайн чохь а, оьрсийн мотт буьйцу берашца. ХIора а нохчичо сагатдан дезаш хIума ду иза. Иштта вай дIадолхахь тIекхуьучу тIаьхьенна нохчийн мотт хуур бац, школехь Iамор а кIезиг хир ду дай-наноша шайн чохь буьйцуш хила беза иза.
САТИЕВА Джамиля
Суьрта тIехь: хьехархо Исаева Малика
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо