Марханаш къобалдан догIур ду тхо

Иттех шо хьалха хьошалгIа яханчохь сайна гина цхьа сурт довзийта лаьа суна. Беламе хилла а ца Iа хIара…

Мархийн беттан де суьйрене лестинера. Делахь а, мархадаста цхьа сахьт сов хан яра. Йоьдуче дIа а кхаьчна, со уьйтIа яьлча, хаза диначу рагIу кIелахь, даарех йоьттинчу стоьла гуонаха хиъна Iачу доьзална тIенисъелира со.

«Вай, хIинца ма эхь хетар ду-кх кхарна, кевнна гIуй боьллина мукъана а хилла белира кхара, цхьа а чу ца ваийта», – ойла йора ас. Иштта, уьйтIа яьллачуьра юхаяла аьтто боцуш, лаьтташ со а йолуш, доьзалан нана тIейолаелира.

– Вай, ма дика еана хьо, схьайола. ХIинцца галнаш схьаяьхна йоллуш ю-кх со.

Сан цецъяларан доза дан а дацара. Юучух юкъахбевлла, цкъа суна «хьошалла» ди кхара, жимачо а, воккхачо а. Цул тIаьхьа шайн-шайн меттигаш дIалоцуш охьахевши.

– Схьайоьл, охьахаал хIоккхуза, тIехилал. ХIун дара цIахь? – юккъехула могаш-паргIат а хоьттуш, стоьла улло ийзо йолий со.

– ХIан-хIа, – олу ас. Цунах гIуллакх хуьлуш дац. Шайчунна тIера бовлуш бац сан гергара нах. «Кхеран хьолах кхета еза со, – олий ойла йо ас, – йоккхачу стаге кхабало хир дац марханаш – воккха хилча могашаллех волу стаг.

Бераша кхоъ я ворхI марха кхобуш хир ду. Ткъа хIара шиъ пхийттара даьлла дуккха а хан ма ю. Нана а, да а хIун масал гойтуш ду?». ГIуллакх ца хуьлу сан царах «кхета гIертарх».

ТIаккха, ойланаш ярх гIуллакх хир дац аьлла, сайга дIатоха аьлла хиллачу хабарна тIеелира со.

– Вайн луларчу йоккхачу стага шен кхуза схьаян ницкъ цахиларна, со яийтина…

Мичара, соьга ладугIуш цхьа а вац, хIораммо а шениг дуьйцу, стоьла тIе хила бохучуьра а ца совцу. «Дависа, шаьш ца кхабахь а, хIара мархийн бутт буйла хууш мукъана делара кхарна», – юха а ойланаша ца юьту со.

– Вай, ахь хIун до, йоI, схьа тIехила, гергарчу нахера, кхачанах ца кхеташ, дIавоьдуш ма ца хуьлу, – боху бабас а. Цунна жоп дели ас, сайн сахьтана тIе а хьожуш.

– Баба, цхьа сахьт даьлча юур ю ас. Доьзалан нана елаели.

– Хьажахь мел «куртой» ю, хIума юуш шен хенаш а йолуш, – боху-кх.

«Ванах, хIорш-м хIокху дуьнен тIера ма ца хилла» аьлла хийти суна.

Эххар а доьзал а буьзна, со сайн тIедиллина хабар дIатоьхна а яьлла. ДIаяха дагахь хьалагIаьтти со Iодика
а еш, тхайга а догIуш хила аьлла. Оцу хенахь, мел хилла цецйийлар а дойуш, жоп хазий суна доьзалан нанас:

– Марханаш къобал а деш, догIур ду тхо, Дала мукъ лахь!

«ТIе ма да хьо, мархийн ма боккха «ларам» а бу иза», – кхоччуш цецъяьлла, дIаяхара со.

П.ХИЗРИЕВА

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: