Мила ву бехке?

Цхьадолчу къаьмнаша вайн мотт шира хилар, шеко йоццуш, къобалдаран билгалонаш де-дийне даларца алсам юьйлуш ю. Иза вайна цкъадолчунна дозалла хетахь а, оцу къаьмнийн вайчул а чIогIа вайн меттан бала кхачар кхеташ хIума дац. ХIун бала бу кхечу нехан нохчийн маттаца, вай а цуьнца кIезиг бала болуш хилча?

Цунна-м жоп дала гIертар вацара со. Масийтта теори а, хетарш а, дукха хир ду оцу хаттарна жоп дала таллам бахь. Хаа лууш дерг кхин ду. Вайн хIунда бац бала вайн мотт денбарца а, кхиорца а? Цу гIуллакхна лерина нах бац вайн?

Сайна хет арг алале, Iаьрбийн цхьа кица дало лаьа суна: «Хьан доттагI ахь харцдерг аьлча а хьуна тоьшалла деш верг вац. Хьан доттагI хьоьга бакъдерг олуш верг ву».

Оцу маьIнехь хоьтту ас вайн меттан говзанчашка а, Iилманан академига а: «ХIун деш Iа вай мотт нисбеш, денбеш тосуш цхьа а гIулч йоцуш? ГIийла бу цу декъехь вайн болх. Меттан йоза а, метлардийн (грамматика) бакъонаш а тоярехь дукха тIаьхьа дуьсуш дуй-те вай?».

Таханлерчу дийнахь интернетан юкъараллийн хьосташкахь хIораммо а шена ма-хетта яздо вайн маттахь. Цхьаверг нийса яздан ца хаарна галвуьйлу, важа ша яздийриг бен нийса ца хеташ ву, кхиверг, литературин йоза цхьатерра хила дезар тергал ца деш, шен барта маттахь яздеш ву. Иштта къийсалуш, цхьа а
жамI доцуш лаьтташ ду вайн меттан гIуллакх. Иза а нислур дара цIерачу говзанчашна вайн меттан урхалла шайгахь дуйла хууш, официальни шайн бакъонаш йолуш, белхан къепе муха дIаяхьа еза билгалдоккхуш, яздина низам долуш, цу декъехь болх беш хилча.

Iилма долуш дукха нах а бу вайн, масийтта мотт хууш, хIетте а, мотт денбан лаам берш алсам хила а беза, лаам боцурш юьстаха Iийча а хIума дацара…

БАКИР Iабдул-Хьамийд

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: