(Интернет вайна юккъе яьлчахьана наха диканна а, вонна а лелийна и)
Иштта, и лелон цахаарна дуккха а нахана зенаш а, баланаш а хилла. Дукха хьолахь, и цхьацца стагана бен тIеIотта ца лора. Ткъа дийнна къомана а, къоман цIарна а (иштта зен) тIеIоттадалар цхьана а къомо ловр дацара.
Дукха хенахь дуьйна кхечу къаьмнашлахь вайнехан цIе дика а, сийлахь а йоккхуш яра. Нохчий аьлча, гIиллакх-оьздангалла, яхь, юьхь, комаьршалла, доьналла, майралла долчу нехан сурт хIитталора. Вайна ма-хаъара, иштта къонахаллин амалш мел йолчун мостагIий дукха хилла гуттар а. ХIунда аьлча, иштта туьллигаш а, цIормаIанаш а яхь йолчу наха цкъа а тергал еш ца хилла. Цундела, оцу туьллигаша гуттара а шайн аьтто мел болу оцу нехан цIе бехъеш хилла. И хьал даима а лаьттина, лаьттар долуш а ду хIокху дуьненахь осала хIуманаш мел еха.
Нийсса цхьа шо ахшо хьалха, вайн цIахь «Бусалба доьзалан юккъаралла» ю бохуш, вайнехан цIе бехъеш, цхьа оьзда доцу, ша стаг волчо дуьйцур доцу, осала хабар даьржинера. Оцу юкъаралло бусулба мел волчунна а, къаьсттина Iаьрбашна а нохчийн зудабераш дига аьттонаш беш, ахча луш, маьхза той хIоттош, Нохчийчохь болх а нисбеш, нохчийн мехкалла (национальность) а луш, йиъ зуда йига а цхьаьна аьттонаш бо бохуш, хаам баржа болабеллера интернета чохь.
И хаам баржа болабелча Урдунехь дехаш долу, нохчийн къоман цхьа дакъа долу, тхо чIогIа цецдевллера. Оцу наха бохучух ца тешнехь а, дуьххьара вайн цIахь болчаьрга телефонаш етта буьйлабелира кхузара цхьаболу вайнаш. И хабар, кхузарчу нохчашна ма-хеттара, бакъ ца хиллера.
И хIума дIатуьйр ду моьттуш, оцу юкъараллин харц хаам кхаьчнехь а, уьш осала нах буй шайна хаарна юккъе а ца гIерташ IадIийра Урдунера нохчий. Ткъа и хIума кхин ца соцуш, бале дала доладеллера. Цхьа жимма хан яьлча, йовлакхаш техкина кхо-йиъ нохчийн йоI чохь йолу видео яьржира Iаьрбийн мехкашкарчу фейсбукан агIонаш чохь. Забаренна яьккхина кийсак яра иза. И кхо йоI гойтий, гIум-аренгара четар-Iаьрбий оцу йоIаршна тIаьххье Нохчийчу бовдуш гойтура. Ша йинарг цец а воккхуш, и кийсак миллионашкахь яьржинера тхо дехаш долчу хIокху Iаьрбийн мехкашкахь.
Юха цхьа хан яьлча, и хIума кхин гIел ца луш, нохчийн йоIана а, Iаьрбийн цхьана зудчунна а юкъахь
йолу хазаллин башхалла гойтуш кхин цхьа видео яьржира.
ТIаьхьуо, дуккха а Iаьрбийн сайташ тIехь а, фейсбука чохь а и «Бусалба доьзалан юкъаралла» ю бохуш, вай лакхахь бийцина хаам кхин а сов баьржаш бара. Цул сов, кхузарчу цхьадолчу газетийн интернет-агIонаш тIе а биттира иза.
Цул тIаьхьа, нохчийн гIиллакхашца ца догIу духарш дуьйхина дечу оьзда доцучу хелхарех нохчийн хелхарш ду бохуш, видеокийсакаш яьржира. «Хьовса шайна, массо Iаьрбоша лоьхуш долчу нохчийн зудабере!», «Уггаре хаза нохчийн мехкарий», иштта кхийолу эхье цIерш йолуш яра уьш. ТIаккха школашкахь а, университеташкахь а, нохчийн зудабераш гойтуш, инстаграм чуьра дуккха тайп-тайпана видеокийсакаш яьржира, иштта, ловзаршкахь яьхна видеош а тIехь.
И нах Iаьрбийн массо мехкашкахь бехаш хиларна а, уьш бовза аьттонаш цахиларна а, и хIуманаш совцуш доцу дела а, Билто Муаййад цIе йолчу нохчийн цхьана кIанта цIеначу Iаьрбийн маттахь итт минотехь йолу видео арахийцира. Оцу кийсак чохь бусалба динехь и хIуманаш мегаш цахилар а, оьзда лоруш цахилар а, нохчийн къам бусалба къам хилар а, Нохчийчуьра ю бохучу оцу видеош чохь бакъ доцу сурт хилар а, цу чохь берш вайн къомах нах цахилар а билгалдеш, дийцира цо.
Оцу кIанта йина йолу и видео гIараяьлча, цхьаболчара шаьш лелош йолу харцо сацийра, ткъа уьш кIезиг бара. Дукхахболу и харц хаамаш Африкерчу Марокко, Алжир, Тунис, Миср мехкашкара хиларна, ахча а делла, церан агIоне дIахьажийра нохчийн кегийрхоша Билто Муаййада йина и видео.
Ткъа и ун, кхин дIа ца долуш, Урдуне кхечира. Кхузарчу цхьадолчу газеташа шайн сайташкахула баржийра и харц хаамаш а, йоIарийн видео, суьрташ а. И бахьанехь, Урдунерчу нохчашна а, Iаьрбошна а юкъахь питанаш ца хилийта, нохчаша Заркъе а, Сухне а олучу шина юьртахь ши гулам бира. Оцу шина юьртарчу гуламийн жамI, сиха а ца луш, Iедалехь болчарех дагадовлар дара. Цундела кхузарчу парламентан депутатаца Бено Тамирца, цхьаьна а кхийтира, электронан зуламаш толлуш волчу цхьана адвокатца барт а бира вайн кIенташа. Тамира, харц хаамаш баржочу газетийн куьйгалхошка ша вистхир ву аьлла, дош а делира.
Цхьацца газеташца зIене а бевлла, цаьрга и хаамаш дIа а бахийтира нохчаша. ХIинца Iедалехула и хIума сацадайта тIаьхьаваьлла адвокат а ву.
Иштта, и пуьташ баржош волу Урдунера цхьа кIант вовза а вевзина, сацийра нохчаша. Иза санна, Москварчу нохчашца зIене а девлла, цигара цхьаъ а сацавайтира.
ХIетте а, и хIума дIадолуш я гIеллуш дац, жимма соцу, юха долало. ХIинца а миллионашкахь яьржаш ю и кийсакаш. Дукха хан йоццуш цхьана Iаьрбичуьнца цхьаммо (нохчичо) дов даьккхина шен балхахь, вукхо шега «хIорш шун суьрташ ду» аьлла, ша хьийзаварна.
Кхечу вайн кIанто цхьана мисархочо, тIе а веъна, «аш шайн йоIарий бига тхуна аьттонаш беш бу бохуш хезнера-кх суна, цу тIехь гIо дийр дацара ахь?» аьлла хилла, цигахь а кхин доккха дов ца хуьлуш дIадирзина. Цхьана кIанта ма-аллара, «девнаш дан хала-м дацара, балхара дIа ца ваккхахьара».
Фейсбук чуьра нохчийн йоIаршка косташ туьйсуш, уьш хьийзош бу. Кхузарчу нохчийн гIоьналлин юккъараллийн а, «тхуна Нохчийчуьра нускалш дало некъаш хьехахьара аш», «тхан Нохчийчу даха йиш муха хир яра?» бохуш, косташ туьйсуш, са дууш ду.
И хIума соцуш дац. Коьрта бехк вайн бу. Вайн къомах цхьаболу мехкарий шайн суьрташ а, видеокийсакаш
а оцу интернет чу кхуьйсуш бу дийнахь а, буса а (Инстаграм, ВК, Одноклассники, Фейсбук, Снапчат социальни сеташ чу). И доцург, вайн цхьаболу кIентий нохчийн ловзаршкара а, мехкарий гулбеллачу меттигашкара а видеош а, церан суьрташ а иллешца тодой, даржош бу.
И хIуманаш вайн дайша а, наноша а цкъа а лелийна дац я лелор а дацара. Нохчийн кхетамца, гIиллакх-оьздангаллица догIуш дац уьш.
Оцу хIумано Урдунехь бехачу нохчашна яккхий проблемаш йина, хIинца а еш а ю. Кхузарчу нахана нохчийн стаг гуттар сий долуш, веза хета. ХIинца и вайн къоман цIе хийцалуш ю. И хьал иштта дIадодахь вайнахана даккхий зенаш хир ду.
Алсамо хIокху балех кхета, гIо дан, дакъалаца луучунна оха кечйина хIара хьал довзийтаран кийсак ю. ХIокху чохь и гIурт болабаларан бахьана а, хиламаш а, статистикаш а, нохчийн къоман цIе муха бехъеш ю а, хIара хIума дIалистаран некъаш а гойтуш ду: https://www.youtube.com/watch?v=5qxibJp4cpI
ХIокху чохь Муаййада Iаьрбийн маттахь бина хьехам бу: https://www.youtube.com/watch?v=3w3RaONKBOc
Цхьаммо хатта тарло, оццул вон нах муха хуьлу Iаьрбий? ХIокху вайн къамелехь со Iаьрбий сийсазбан гIерташ ву мотта а мега. Iаьрбий берриге вон бац, амма гамо езарш дуккха а бу церан, бахьанаш а дуккха ду. Кхузара хьал вайн цIахь болчарна ма моьтту дац.
БИЙТРО МахIир
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо