Урдунерчу нохчийн Iер-дахарх дийцар

1901-чу шарахь Даймахкара арабевлла Урдунан махка кхаьчна, баха хевшинчу нохчашна юьххьанца атта дацара, тIаьхьуо, бусалбанаш хилар бахьанехь, дахар нисделлехь а. Хийрачу махкахь болу арахьара нах лорура меттигерчу Iаьрбоша вайнах, Хонкаран Iедал дIадаьлла, Iаьрбойн Iедал хIуттучу муьрехь. Пана махкахь болчу нохчийн историх лаьцна дийцарш дукха ду. Шайн динах а, доьналлех а ца бухуш хиллачу вайн къонахех лаьцначу дийцаршна юкъахь цхьа масал ду ШепаIан кIентан Исраилан меттигерчу Iаьрбошца хилла тасадалар.

Цхьайтта шо даьллера ШепаIан кIант Исраил кху дуьнен чу ваьлла, Заркъе юьртана къилбехьа, кхо чаккхарма дехьа, рогIехь кха лардан иза лелачу хенахь. Когара мачаш яйелла, болар сихдина лелара Исраил. Бераллех къастаза велахь а, леларехь ша шех бIобулуш вара ШепаIан кIант, шел еха немцойн топ белш тIе кхазийна, хе хIотта волавелира иза. Тешам боцуш зама хиларе терра, гIаролехь ха латтош хилла мухIажарша, шайн бошмаш а, шайн кхаш а лардина ца Iаш, шаьш йиллинчу юьртахь а.

Иштта цкъа хехь волуш, ког байбина, меллаша хьаьжкIийн гIодмашна юккъе а ваьлла, дIаса а хьаьжна, когаш тIе лахвелира Исраил. Дика кхуьуш йогIура хьаьжкIаш. Лекха адам хьулдаллал лекха яра уьш, амма лар ца яхь, сискал йоцуш биса тарлора хIорш, хала зама яра. Делах тешарца, собарца, доьналлица шаьш хьалхадовларх тешна бара вайнах. Урдунехь хилла Хонкаран Iедал гIелделла, ингалсан эскар чу гIерташ, Iаьрбойн хIара ду аьлла Iедал дацара нехан доладан. Массо а къоьлла хьоьгуш вара. Цу бахьанехь, адамашна юкъахь йовсарш, зуламан ковранаш дукха яра. Шайн аьтто бол-болчохь нехан хIуманах ка тухура цара.

Геннара хезаш, тIаьхь-тIаьхьа Исраилна герга догIуш бергийн тата дара. ХIара топ юьйлина валале, кхунна хьалхахь цхьа Iаьрбойн бере вогIавелира. Воха а ца вухуш, ка яьлла, сихонца топ юлушшехь, ойла йора Исраила, «дика дохьуш веана-те я йовсарех цхьаъ ду-те хIара», бохуш.

– ХIай, кIант, – аьлла, вистхилира Iаьрбо,– схьагайтал хьайгахь йолу и топ. Амма кхунна хиира беречун дагахь дерг. Цо бохург дича, топ йоцуш-м хьовха, са даьккхина вуьтур вара хIара. Юьйлина топ сихонца Iаьрбочунна тIе а хьажийна, мохь элира Исраила: «ДIавала, дIагIо! Хьуна со жима хетахь а, хIара топ ю хьуна. Шеко яц хьуна, хьо дIа ца гIахь, хьан говрах яйдакха йина вуьтур ву хьуна ас хьо!».

Говр хьийзош, оьгIазе тIегIерташ, шена хезначух цец а ваьлла, юхаверза ца лууш, тIегIорта меттиг ца болуш висира бере. Воьхна хьийзаш, гIеххьа зама яьлча, вистхилира бере: «Кхин вай вовшийн гур
дац бохург бакъ дац, со стаг вац хьуна и топ ас сайна ца яккхахь».

– Дерриге а Делан карахь ду. ЛадугIур вайшиммо и зама тIеяллалц. Тахана и хир дац хьуна. Яхийта, дIавало, гучуьра вала, ас хIокху тоьпе хьуо этIавайтале, – элира Исраила.

Юха а оьгIазе чухьаьдира бере. Исраила, кхин хан ца йолуьйтуш, лаг а оьзна, шозза топ ялийтира. Беречун коьрта тIера кортали шеца хьош тIехъелира цхьа шокъали. ШолгIачу дIаьндарго бухка хадийра. Iаьрбо-бере, дIавада ца кхуьуш, дIаиккхина вахара.

Тоьпан тата хезна, юьртарчу нохчашлахь орца делира: «КIентий! Маса лелалаш! Цхьаъ хиллачух тера ду! Ледара ма хилалаш!».

Шен карара гIуммагIа охьа а тесна, герзаца къовлавелла, говр човхош дIаиккхира Исраилан ваша Абуязид. Исраил, и бере шеца орца дохьуш, юха ца вогIуш Iийр вац, аьлла, жимма дехьа а ваьлла, само йина тебина Iаш вара. Ван а веара…

Шеца ши бере валош, юха веара Исраила топ йиттина Iаьрбо. Тебина Iаш волу Исраил, кхаа беречо Iаьрбойн маттахь дечу къамелах гIеххьа кхетара.

«Оцу кIанта суна немцойн топ йиттира. ЭтIа ца веш вуьтур вац!», – бохуш, Iаьрбочо туьйсучу кхерамашка ладоьгIуш, ойла йора Исраила: «Эхь доцу хIуманаш! Цхьалха со! Бисина кхо патарма! Герзаца кхо стаг! Цхьа дIаьндарг а эрна гIахь!.. Ларор вуй-те со?!..».

Геннара, лаьхкина берзалой санна, тIекхочуш лаьттара юьртара кIентий, шайца Исраилан ваша Абуязид а волуш. Йовсарш-м, чан туьссуьйтуш, тIепаза яйра.

Урдунехь баьхначу нохчийн дахарера цхьа доцца дийцар ду хIара. ТIаьхьуо, церан Iер-дахарх кхин а дийцарш хир ду вайн.

IУСМАН Басил

Суьрташ тIехь: Урдунерчу Заркъе шахьарахь долу нохчийн шира маьждиг; нохчийн шира хIусам

№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: