Нохчийн Республикин бахархойн бартхиларан а, цхьааллин а маслаIатан а денна лерина коьрта даздарш хилира 6-чу сентябрехь Соьлжа-ГIалахь. Путин Владимиран а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а цIарах болчу проспекташкахула схьадаьхкина эзарнаш адам «Нохчийчоьнан дог» маьждиган хьалхарчу майданахь севцира.
Цигахь дезчу дийне арабевллачарна тIевеара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан спикер Абдурахманов Дукхуваха, Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад. Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векалан Аппаратан Нохчийн Республикехула волу федеральни коьрта инспектор Афонин Владимир, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан, Соьлжа-ГIалин мэр Кадыров Ислам, кхиберш.
Нохчийн Республикин бахархойн бартхиларан а, цхьааллин а маслаIатан а де уггаре а дезчу денойх цхьаъ хилар билгалдаьккхира шен къамелехь Кадыров Рамзана.
– Вайн республикехь машар, барт чIагIбаран дуьхьа шайн синош дIаделла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, кхин эзарнаш къонахаша а. Нохчийн хIора а хIусаме деанера вуон а, бала а. Атта дацара республикехь машар дIахIотто а, иза когахIоттон а. Амма, иза мел хала хиллехь а, кхочушхилира вайна Кадыров Ахьмад-Хьаьжас нийса некъ харжар бахьанехь, – бохура Р.Кадыровс.
Иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дийцира таханлерчу маршоне вайн къам дуккха а зерашкахула чекхдуьйлуш къаьчна хиларх а, кхидIа вай маршо ларъян езаш хиларх а.
– Россин а, Нохчийчоьнан а мостагIаша гуттар а тIеман кIуркIаманене тоьттуш схьадеана вайн къам хIинццалц. КхидIа вай и тайпаниг чекхдолуьйтур дац. Делан къинхетам хилла тахана маьрша деха вай. КхидIа а ваьшна Цуьнга къинхетам байта, Цунна хастам бан а, Цуьнан цIенчу динехь нисдала а деза вай. Дала мукъ лахь, кхидIа а бусалба дино, законо ма-бохху дехар ду вай, – тIечIагIдира Р.Кадыровс.
– Нохчийчоь саьлнаш хилла лаьтташ яра 2002-чу шарахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 6-гIа сентябрь Нохчийн Республикин бахархойн бартхиларан а, цхьаалин а маслаIатан а де хилар чIагIдечу указа тIе куьг яздечу хенахь. Ма-дарра аьлча таханлера парг1ато хир ю бохучух тешаш адам кIезиг дара. Амма Ахьмад-Хьаьжина хууш хиллера ша юьхьарлаьцнарг нийса некъ буйла, тахана вайна гуш а ду иза. Дуккха а халкъаш ду вайн регионехь дехаш, амма цхьа а халкъ хийра хетта юьстахатеттина дац. ХIора халкъан шен-шен гIиллакхаш, ламасташ лардан аьттонна ехкина культурин центраш ю. Цундела вайн республикехь дехачу халкъаша массара цхьабосса ларъян еза паргIато, машар. Вай дIаса ца къесташ цхьаьна къахьега деза вешан республика махкахь а тоьллачех цхьа регион хилийта, – бохура Д.Абдурахмановс.
Цигахь Афонин Владимира дийшира Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс дезчу денца декъалдеш даийтина кехат а.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана Кадыровн цIарах йолчу орденца совгIаташ дира МВД-н белхахошна: Устарханов Абубакарна а, Мусанипов Ахьъядана а, Салгараев Мовсарна а. Иштта Россин Федерацин социальни-экономикин декъехь дуккха а шерашкахь жигара къахьегарна Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран Указца Сийлаллин орден яларца совгIат дира Нохчийн Республикин Счетни палатин председательна Яхъяев Лом-Iелина.
Цул тIаьхьа концертан программица самукъадаьккхира нохчийн эстрадин аристаша.
Р.МУСИПОВ