– Синкъераман гIиллакхех лаций дийца боху аш? – хаьттира Воккха-Дадас ша волчу баьхкинчу кегийрхошка.
– ХIаъ. Дийцахьа, дада, – дийхира царах воккхах волчу Хьамзата.

– Вайна юкъара дIадолуш лаьтта хьаша веача синкъерам бар, цундела дицлуш догIу синкъераман гIиллакхаш а, – дIадолийра цо шен къамел. – Дицлуш ду синкъераман маьIна а, цуьнан мехалла а. Нохчийн а, гIалгIайн а бен хIокху дуьненахь цхьана а халкъан хилла бац синкъерам. Оьрсийн «вечеринка» бохург аьттехьа а догIуш дац синкъерамца. Иза вайн халкъан амална а, эхь-бехкана а хийра хIума ду. Маггане а мегар дац синкъерам цунах тарбан гIерта. Вайн дайша синкъерам хьаша веача, цуьнан сийдеш беш хилла. Цигахь бен вовшийн дагара хаийта бакъо ца хилла йоьIан а, кIентан а.
Нохчийн йоI а, кIант а вовшийн довзаран а, самукъадаккхаран а ворхI тIегIанах чекхдала дезаш хилла. ЙоIа цхьа бахьана ца делча кIентан йиш ца хилла тIехьийзаран некъ дIакхехьа. Дуьххьара синкъерамехь хьешан цIарах йоIе сакъоьруш хилла кIанта. Синкъерамехь (ловзаргахь, белхех) а доцуш, кхечанхьа кIанта шена йоI езар дIахаийтар чIогIа ледара хIума лоруш хилла, бераллехь дуьйна вовшашна девзаш хиллехь а.
Вовшашна довзаран хьалхара тIегIа ду синкъерамехь хьешан цIарах сакъера пурба даккхар. Хьешан цIарах шега сакъийринчу кIанте кхечанхьа цхьаьнакхетча йоIа маршалла хаьттича, кIантана а, гуонаха болчарна а билгало хилла йоIана цуьнца долу гергарло чIагIдан лууш хиларна.
Вайн дайн хIусамашкахь хьеший дукха лаьтташ хилла. Царна хIора суьйранна бохург санна, синкъерамаш
беш хилла. Оцу хьолехь кIентан а, йоьIан а кест-кеста вовшашна ган таро хилла ца Iаш, кIантана керла йоI а, йоIана керла кIант а вовзар нислуш хилла. Цундела лоруш хилла вайн дайша зуда ялоза волу кIант мехкан нуц а, араялаза йолу массо а йоI мехкан нус а. Рицкъ хьаьнца, мичахь ду ма ца хаьа цхьанна а.
ЙоьIан лаам хиъначул тIаьхьа, кIанта синкъерамехь тхьамдера пурба а доккхий, «дуьненан синкъераман» дош доьхуш хилла йоIе. Цо дехарна жоп далар цу шиннан юкъаметтиг сакъераран шолгIачу тIегIанна тIе йолуш хилла. ХIора а тIегIано йоьIан а, кIентан а вовшашна хьалха долу декхарш алсамдоху. Цу шиннан юкъаметтиг кхоалгIачу тIегIане йолу йоIа (кIант юьртара велахь а) юьртахочун цIарах сакъоьрур ду аьлла дош делча. Юьртахочун цIарах тIехьийзаре кхаьчча, кIентан бакъо ю шена бевза-безачу лулахошка а кхайкхина (шеца накъост а волуш) йоIе вистхила, къамел дан. Ишттачохь, дукха хьолахь, кIанта доьху тIехьийзачу йоIе шега «йогIур ю» аьлла дош далар. Иза цушиннан юкъаметтигийн доьалгIа тIегIа хуьлу. Цул тIаьхьа догIу тIегIанаш кIантана а, йоIана а доккха жоьпалла тIедужуш ду. ПхоьалгIачу тIегIанехь кIанта йоIе шена хан йиллар доьху. ТIаккха, тешамна кара хIума ялар доьху. ЙоIа цунна кара йовлакх, мухIар а кхиерг елча и шиъ ялх тIегIанах чекхдолуш ду. Дуьсуш дерг тIаьххьара цхьа тIегIа (ворхIалгIа) ду. КIанта
йоIе доьху ша араяьн йолу де, хан билгалъяккхар.
Хьешан цIарах дош йоIа дуккханна а дала тарлуш хиллехь а, яхарний ялорний гIуллакх тIедаьлча йоIа цхьаъ къасто везаш хилла. И дош цхьаьнга бен дала бакъо а ца хилла цуьнан. Амма дош деллачул тIаьхьа йоIа хIета а, вета а, лаахь а, ца лаахь а кIанте маре яха еза бохург нийса дац. Нагахь санна кIантера я цуьнан гергарчаьргара дала ца дезарг, оьзда доцург, нахалахь сий довш дерг даьллехь, йоIан бакъо хилла, иза я важа бахьанехь ша хьенехана делла дош юхаоьцу ала. Хьалха-м и санна дерг йоIа пхьоьханахь дIакхайкхадойтуш а хилла.
Синкъераман куц-кеп дуьйцуш уггаре а хьалха ала деза мехкарийн меттиг баьрччехь хила езаш хилар.
Божарий неIарехьа хила беза. Мехкарийн а, божарийн а тхьамданаш хила беза. Амма уьш юх-юххехь хилар гIиллакхца догIуш дац. Жимачу стагана синкъерамехь товш дац, куьйга корта а лаьцна, юьхьар а вахана (охьа а таьIна) Iер я аркъал сеттина Iер. Лехча санна, меженаш дIасатесна, ваьржина я хебна Iан йиш яц жимачу стеган. Эхье лоруш хилла ишттачохь голаш дIасаяхийтина я гола тIе ког баьккхина охьахаар. Маггане а мегар дац баккхийнаш, ненахой, стунцахой болчохь гола тIе ког баьккхина охьахаа.
Стаг – стигалан векал, зуда – лаьттан векал ларалуш ду вайн халкъан. ХIета, йоIана баланаш лакхара охьабуьссуш хиларе терра, царна дуьхьал ваьлла, уьш цунна тIе ца кхочуьйтуш, тIехула хьийзаш ву кIант.
Зударшца шен дахарехь мел лелош дерг къонахчо цу тIера лелош ду. Вовшийн лараран кепаш, цхьаъ ца хилча важа доцуш, ша даьккхича тIаьхье йоцуш довш, хIума дуй хууш хилла вайн дайшна. Зударийн, божарийн бакъонаш цхьатерра ю, бохурггий зудчух яцон бIарза ян еза бохурггий нохчийн оьздачу гIиллакхашца цхьаьна догIуш дац.
Вайн дайша доккха пусар, ларам беш хилла керла кхоллалуш болчу доьзалан. Цу хьокъехь вайн халкъалахь хьалха дуьйцуш цхьа хьекъале, кхетаме хабар дара. Сайна дагадогIучу кепера иза шуна довзийта хьожур ву со. Шемал имам волчу хенахь цо нохчашна дихкина хилла синкъерамаш бар, хийистехь латтар, йоI чукхайкхар, тIехьийзар, кегийнаш вовшашна бовзаран кхидолу гIиллакхаш. Амма цхьана юьртахь талхош хилла имама хIоттийна и низам. Цунах дерг шена хиъча, оцу юьртахь уггаре а сий-лараме волу 12 стаг шена тIевалаве аьлла омра дина Шемала. Шен низам талхош долчу шун кортош ца даьхча ца волу ша, аьлла боху цо.
– Шемал, – аьлла вистхилла царах цхьаъ (луьрачу тIемашкахь дакъалаьцна, ког-куьг даьккхина, заьIап хилла боху иза), – тхан кортош-м дашо дацара, дилханах дара. Цунах-м ца кхоьрура тхо. ХIокху дезткъа шарахь чета цун межаргаш а тийсина, муьлхачу ницкъо тIом бойту тхоьга кIайчу паччахьна дуьхьал? И хаий
хьуна? Тхайн кортош лардар коьрта хеттехь хIокху тIеман къизалла тхоьга лалур яра аьлла хетий хьуна? Тхо кхоьрург, хьо кхера везарг хIусамашкахь хуьлу тIом бу. Оха тхайн кегийрхой хийисте а бахийтина, оха синкъерамаш а бина, кхул тIаьхьа а иза дийр а ду. ХIунда аьлча, керла кхоллалуш болу доьзал, кегийрхой хIуьтту сирла шовда санна, цIена, уьйр-безамца а хила лаьа тхуна.
Цо аьллачунна дуьхьал ала хIума ца карийна иманана. Иза кхетта цара шайн дайша лелийна гIиллакхаш дуьтург цахиларх.
Иштта, цара лардеш вайга схьакхачийна синкъераман гIиллакхах дерг дуьйцуш хилча кIеззиг хьахор вай синкъерамехь хелхадовларх, бал баккхарх дерг. Хелхабовлар тхьамданашна тIера дIадолийна, рогI-рогIана хила дезаш ду. Бал бохучун, маьIна тахана деккъа хелхадовларна тIедерзош, гатдина. Бал бохучунна юкъадогIу, хелхабовлар (бал цкъа дIаболийча массо а хелхацаваларх хIумма а дац, сецначуьра дIаяхьа мегаш ду рагI); хелхадовларан гуо сецча, ладугIучу эшарийн рагI тIекхочу (чохь болчаьрга дуьненах, дахарх, гIиллакхех, дайх, дIадаханчух ойла яйта деш ду иза); йоIе бистхила лууш болчу кегийчу нехан аьтто боккху, илланча чохь велахь, цуьнга илли олуьйту я воккхачо кегийчарна пайдехь хир долу къамел до.
И кеп кхоьллинчу вайн дайшна дика хууш хилла адаман сих, дагах, дегIах дерг. Кегий нах бистхуьлучу хенахь ларамаза дош галдалар бахьана долуш кхолладелла цакхетар илли аларо, хьекъалечу дашо, дайшкахь хилла собар, доьналла, ийман, сий хьахоро дойуш хилла.
Шена вистхила лууш хилар хоуьйтуш жимачу стага божарийн тхьамдера дош доьху. Герггарчу хьесапехь
иза иштта доьхуш хилла: «ХIара хьенех минехан йоIе вистхила пурба лохьа», – олий. Иштта пурба доьхуш хилла мехкарийн тхьамдера а. Амма кIант шега вистхила лууш вуй хиъча йоIа кху чохь шена бехке стаг ву олуш меттиг хуьлуш хилла. Иза а хаза гIиллакх ду. ТIаккха цунна бехке верг, жимма хан а йолуьйтий, цхьа бахьана а хIоттадой, чуьра араволуш хилла. КIант вистхилла ваьлча, меллаша чу вогIий, шен метта охьахууш хилла. Мел хаза ду иза.
Нохчийн синкъерам къоман са лоруш хилар ларамаза дац. Оцу синкъерамехь кхоллалуш хилла йоьIан а, кIентан а гергарло, уьйр, вовшашка марзо. Цигахь евзаш хилла вовшийн амалш. Иза хилла оьзда, беркате, бертахь доьзал кхоллабаларан хьоста. Тахана а бац вайн кхин некъ. Цундела, урамашкахь, майданашкахь, эвла юккъехь хIиттош болу синкъерамаш шен кхерча, шен тхов кIел юхаберзо беза.
Имам Шемал а, цул тIаьхьа Советийн Iедал а синкъераман са, дог, чарх ша-ша доккхуш, цуьнан орамаш хедош, иза шен куьцех-кепах бохо гIиртина. Цуьнан тIаьхье вайна гуш ю. Тахана вайна, вайн къоначарна тIехь ду шен чулацамца, куц-кепаца, гIиллакхашца нохчийн синкъерам юхаденбар, иза шен тхов кIел юхаберзор. Кертал арадаьлла хIума акхадалаза Iаш дац. Дац дера», – аьлла дерзийра Воккха-Дадас шен къамел.
С.ДАДАЕВ
№52, пIераска, мангалан (июль) беттан 7-гIа де, 2017 шо