А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Сийлаллин аллей» мемориальни комплексехь Базакаева Тамарин «Машар шун цIенна» гайтам схьабиллина хIокху деношкахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан депутата Тагиев Мурата а, историн Iилманийн кандидата, журналиста Хатуев Ислама а, Базакаева Тамарин гергарчара а, цуьнан кхолларалла дукхаезачара а, иштта кхечара а.
Хьалхара дош олуш вистхилира Тагиев Мурат.
– Вайна массарна а гуш ю вайн Iаламан хазалла, цуьнан башхалла. И йолу хазалла суьрташкахь гайта хьуьнар кхаьчна Тамарин. Цуьнан хIора а болх шена тIе тидам бахийтина ца Iаш, ойла шена тIехь сацош бу. Суна схьахетарехь, Базакаева Тамарин белхаш дуьненан музейшкахь а хила хьакъ долуш бу, – элира цо.
Хатуев Ислама билгалдаьккхира Базакаева Тамарас, чу са диллина, шен белхаш бина хилар.
– Вайна ма-хаъара, кхоллараллин нах шатайпана бу. Шайн говзаршна тIехь къахьегна ца Iаш, шайн синдакъа а юкъадуьллу цара оцу говзаршна. Ишттачарах ю Тамара а, цуьнан белхашка хьаьжча иза гуш а ду, – элира И.Хатуевс.
Гайтам схьабелларан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, кхуза баьхкинчеран таро хилира паргIат Тамарин белхашка хьовса.
Суьрташдахкархо йовзийтар: Казахстанехь 1955-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 29-чу дийнахь дуьнен чу яьлла Базакаева Тамара. Вайнах цIабоьрзучу хенахь, шайн дай баьхначу Шела цIабирзира церан доьзал.
Шеларчу №8 йолчу школехь дешна цо. Школехь доьшучу хенахь дуьйна а яра Тамара суьрташ дохкуш хазахеташ. Иштта, школин пенан газеташ а кечдора цо.
Суьрташдахкархойн союзан декъашхо яц иза я исбаьхьаллин школехь дешна а яц, делахь а, цуьнан белхаш тидамза ца буьсу. Уральскехь а, Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а, иштта дуккха а кхийолчу гIаланашкахь а гайтамаш хилла цуьнан.
Т.Базакаевин суьртийн гайтамехь хьовсархойн кхиэле биллинарг берриге а 40 болх бу. Къаьсташ дара оцу хIора а суьрта тIехь автора дуккха а къахьегна хилар. Царах дукхахдерш Iалам гойтуш ду. Цаьрга вехха хьежа а лаьара, хIунда аьлча, цхьа шатайпа сапаргIатдоккхура цара.
Шен суьртийн гайтам схьабелларехь дакъалаьцначарна а, ша биначу белхан лаккхара мах хадорна а баркалла элира Тамарас.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрташ тIехь: Базакаева Тамарин суьртийн гайтам
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо