Кадыров Рамзана шайн корматаллин денца декъалбира ГИБДД-н белхахой

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шайн корматаллин дезачу денца декъалбира республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Некъашкахула дIасалеларан кхерамазаллин пачхьалкхан инспекцин (ГИБДД) белхахой.

«Шайн корматаллин дезде билгалдоккху ГИБДД-н белхахоша. Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос Iуналла дечу декъойх уггаре а халачу декъа тIехь къахоьгурш бу уьш. Автоинспекторша бечу сацамех а, балхах а йоьзна ю Россин а, республикин а автомобилийн некъашкахула дIасалеларан кхерамазалла», – яздира цо инстаграмерчу шен агIонехь.

Иштта цо билгалдаьккхира Пачхьалкхан автоинспекцин белхахоша кхачам боллуш шайн декхарш кхочушдар бахьана долуш, Нохчийн Республикерчу автомобилийн некъашкахь хуьлучу бохамийн барам лахбелла а, машенашкахь дIасалеларан «культура» лакхаяьлла а хилар.

«Вайн автомобилийн некъашкахь долчу низамах а, къепенах а цецбийларца, баккхийберца дуьйцу республикин хьешаша», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Цул сов, республикехь, тIеман шолгIа кампани чаккхене ерза герга кхаьчначу муьрехь, Пачхьалкхан автоинспекци юха а болх бан дIайолаялар а тидамза ца дитира цо.

«Ас оцу денца даггара декъалво сайн хьоме ваша, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Пачхьалкхан автоинспекцин хьаькам Денилханов Шамхан а, хIора а автоинспектор а! КIеззигчу хена чохь, цара массара а шайн декхарш кхачам боллуш кхочушдар бахьана долуш, республикин ГИБДД-н болх Россехь а тоьллачеран могIарехь бу», – дерзийра шен къамел республикин Куьйгалхочо.

И.АДАМОВ

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: