Къоьзан Iома тIехь дIайирзина гатанийн кеманийн дуьххьарлера регата

Мангалан (июль) беттан 5–9-чуй деношкахь Веданан кIоштарчу Къоьзан Iома тIехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин исторехь дуьххьарлера йолу гатанийн «Къоьзан Iоман Кубок – 2017» Дуьненаюкъара регата а, цуьнан «Ахьмад» суперфинал а.

Цигахь дакъалацархьама Къоьзан Iома тIехь 19 команда гулъеллера. Билгалдаккха догIу командаш Россера хилла ца Iаш, иштта, Черногорера, Хорватера, Германера, Керлачу Зеландера, Белорусера, Украинера, Чехера а хилар. Цул сов, цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикин зударийн вовшахтоьхна йолу «Сирена» команда а яра.

«Къоьзан Iоман Кубок – 2017» декъехь хьалхара меттиг Божко Александран «ArtTube RUS» (Росси) командо яьккхира. ШолгIа меттиг – Клепиков Александран «Четыре ветра» (Росси) командо, кхоалгIа меттиг – Ларцева Татьянин «Сирена» (Нохчийчоь) командо.

«Ахьмад» суперфиналехь толаман а, совгIатан а ерриге а меттигаш Россерчу командаша «схьаехира»: кхоалгIа меттиг – Уваркин Валентинан «Nordmarine» командо, шолгIа меттиг – Басалкина Аннин «My Marusya» командо, хьалхара меттиг – Божко Александран «ArtTube RUS» командо.

Кубок къовсарехь а, суперфиналехь а тоьллачарна совгIаташ дарехь а, регата даздаран кепехь дIаерзорехь а дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Усмаев ВахIита, Правительствон вице-премьера Байтазиев Муслима, автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара, физически культурин а, спортан а министра Хизриев Хасмохьмада, Россин Гатанийн спортан федерацин вице-президента Ченцов Игора, кхечара.

Шен къамелехь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира оцу тайпанчу гIуллакхаша туризм кхиоран декъехь доккха дакъа дIалоцуш хилар.

«Ас даггара баркалла боху республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна Закриев Якъубана, вице-премьерана Байтазиев Муслимана, Нохчийн Республикин Гатанийн спортан федерацин
президентана Хаджиев Хьасанна, иштта, хIара мероприяти вовшахтохарехь а, дIаяхьарехь а дакъа мел лаьцначарна. ХIокху деношкахь, хIара мероприяти бахьана долуш, Къоьзан Iома тIе бIеннашкахь туристаш баьхкина. Цо гойту гатанийн спорт республикехь тIаьхьало йолуш хилар. Спортан и агIо кхио лаам а, говзанчаш а, аьттонаш а бу вайн», – элира цо.

Къийсадаларш дIадахьарехь терго еш дуьненаюкъарчу категорин суьдхо Бабини Лука вара.

Дагадоуьйту «Къоьзан Iоман Кубок – 2017» гатанийн регатин совгIатан коьрта дакъа (1,2 млн сом) толаман меттигаш яьхначу тобанийн декъашхошна юкъахь дIасадекъна хилар. Цул сов, толам а, совгIатан меттигаш а яьхначу командийн (экипажийн) цIерш хIора а шарахь толамхошка дIасалучу «Къоьзан Iоман Кубок» тIехь а билгалъяха сацам хилла.

Иштта, «Ахьмад» суперфиналехь кхоалгIа меттиг яккхарна 200 эзар соьман, шолгIа меттиг яккхарна 300 эзар соьман, хьалхара меттиг яккхарна 500 эзар соьман барамехь ахчанаш даларца совгIаташ а дина.

И.ХАСАХАНОВ

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: