Динан мостагIашна – хьакъ доллу жоп

IMG_1636

Кху шеран 3-чу сентябрехь «Аль-Арабиййя» телеканалехь гайтинчу видео  «ИГИЛ» организацин («Исламское государство Ирака и Леванта») векалша хаам бо герггачу хенахь шаьш Кавказе, билггал Нохчийчу кхочург хилар а, шаьш вайн мохк «паргIатбоккхург» хилар а. Билгалъяьккхина организаци 2006-чу шарахь цхьацца террористически тобанаш вовшахкхетарх кхоллаелла ю, дуьненахь евзачу «Аль-Каида» организацин накъосталлица. Бакъду, тIаьхьуо «Аль-Каидин» векалша «ИГИЛ» шайца зIе йолуш яц, шаьш цара динчух жоп луш я царна тIехь терго латтош а дац аьлла, хаам бинера. 2013-чу шарахь Шемахь Башар Асадна дуьхьал тIом болийна цара. Ткъа 2014-чу шеран июнь баттахь Шемахь а, Иракехь а халифат дIахIоттош ду шаьш аьлла, цигара латтанаш дIалецна билгалъяьккхинчу организацис. Кху деношкахь, Башар Асаде къамел деш шаьш яьккхинчу видеохь тобанан цхьана векало, Россин Президентана Путин Владимирна кхерам туьйсуш, къамел до, шаьш Кавказе, Нохчийчу кхочург хилар, кхузахь шаьш бусалба пачхьалкх дIахIотториг хилар а дуьйцуш.

Оцу питанна дуьхьал жоп луш, меттигерчу журналисташна пресс-конференци елира Нохчийн Республикин бусалба динан урхаллин председатела Межиев Салахьа. «Тахана Шемахь а, Иракехь а бусалба пачхьалкх йина шаьш бохуш, арабевлла Делан мостагIий, динан мостагIий болуш цхьа нах бу. Церан куьйгаллехь (шех кхин яккха цIе йоцуш) цхьа иблис ду. Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шен умматехь, хавариджаш бохуш, цхьа нах бевр бу, Делан дешнаш дуьйцур ду цара, хьадисаш дуьйцур ду цара аьлла. Бусалба дин а дуьйцуш, Делан дош а дуьйцуш, бусалба нехан цIий Iенор ду цара, бусалбанаш боькъур а бу цара. И нах байъинчарна ял а хир ю, аьлла Пайхамара. Тахана вай дIахезаш мел болчу бусалбанашка дIабоху вай: и лакхахь бийцина нах Делан а, динан а мостагIий бу, иблисан эскар ду», – элира Нохчийчоьнан муфтис.

Иштта, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дика амал гойтуш долу хьадисаш далош, Элчанан адамашца хилла юкъаметтигаш йовзийтира С.Межиевс. Бусалбанашна-м хьовха, керстанашна а (бехк боцуш) зен дарах ларлуш хилла Пайхамар. Цкъа тIамехь шен церг яьккхина, цIий эха доладелча, охьатаьIна, и цIий дIахьоькхуш хилла цо. «ЦIий дIа хIунда хьоькху ахь?», –  шега хаьттича, шен юьхь тIера цIийн цхьа тIадам кху лаьтта тIе охьабоьжча, хIокху керста нехан хIу дойъур ма-дара Дала, аьлла Элчано. «Кхаьрца тIом беш дац вай?» – аьлла цецбевллачу  асхьабаша шега хаьттича, «ша церан хIу дайъа ваийтина волу, Дала Iаламах къинхетам беш ваийтина ву ша», аьлла жоп деллера Пайхамара. Дала Сийлахьчу Къуръан чохь адамаш бусалба дине дикачу масалца, марзонца  кхайкха аьлла Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Бусалба динехь ницкъ бар дац, бусалба дино йохьург маршо ю.

«Оцу наха тахана шаьш долчу махкахь лелочу харцонна а дуьхьал ду вай. Нохчийчу уьш бахкар-м дуьйцучохь а дац. Оцу нахаца тIом бар, уьш хIаллакбар ду боккъал долу  гIазот. Шуна  массарна а  (видеош чохь) гина хир ю цара лелош йолу эрчонаш, цара бойъу нах, хьоькху арсаш. Дала уьш эшор бу! Цара шаьш дийр ду бохург цхьа а бакъ дац. Дала царна бекхам бийр бу, цу тIехь цхьа а шеко яц. ХIунда аьлча, цIий Iенийна ца Iаш, бусалба динан хазалла йойъуш бу уьш. Оха дехар до, цу нахе ла ма догIа, царех Iеха ма ло. Цара цхьа а хIума дийр дац я шаьш дийр ду бохург дан церан хьуьнар а дац. Вайн нийяташ, вайн Iамалш, вайн дахар Дела дуьхьа мел ду, цаьрга цхьа а хIума далур дац. АллахI-Дала и харцо могуьйтур яц, дукха хан ялале вайна иза гур а ду», — тIетуьйхира Межиев Салахьа.

А.МУСАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: