Мангалан (июль) беттан 5-чу дийнахь Москварчу «Президент-Отелан» киноконцертийн залехь йовзийтира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран, политикин Iилманийн кандидатан Умаров Джамбулатан «Фактор КРА. Противостояние» книга.

Историко-политологин темина лерина болчу оцу балхо дуккха а нах гулбира «Президент-Отелехь»: пачхьалкхан а, юкъараллин а гIуллакххой, федеральни субъекташкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалш, кхиберш.
Безачу хьешийн могIарехь вара Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон куьйгалхо Баринов Игорь а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, Москван ГIалин Думин Председатель Шапочников Алексей а, «Кавказская политика» интернет-порталан куьйгалхо Шевченко Максим а, «Изборскан клубан» куьйгалхо Проханов Александр а, иштта, Нохчийн Республикин Правительствон а, кхочушдаран органийн а векалш а.
Шен къамелехь Умаров Джамбулата билгалдаьккхира книга язъярехь ша «йийсаре» лаьцначу Iалашонах лаьцна.
– ХIара книга язъярца со хиламийн бух «хийца» а, керла хIума юкъадало а гIерташ вацара. Сан Iалашо политике болу хьежамаш банне а цхьаьна ца богIучу россихойн барт бан гIортар а, XX-чу бIешеран 90-чу шерашкахь Нохчийчохь хиллачу феноменах лаьцна довзийтар а яра. Оцу муьрехь вевзира нохчийн халкъана баккъал а шех доглозуш а, саготта а волу Ахьмад-Хьаьжа. Нохчийн халкъан юьззинчу пачхьалкхаллин бухбиллинарг а, Россин цхьаалла Iалашъярехь кхелхинарг а ву иза, – элира цо.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Делимханов Адама дийцира оцу книго россихойн а, нохчийн а юкъаметтигех лаьцна историн декъехь довзийтина ца Iаш, адамийн декъехь а довзуьйтуш хилар.
– «Фактор КРА» терминан автор волчу Умаров Джамбулата шен книги тIехь россихойн а, нохчийн а юкъаметтигаш йовзийтина. Цо санна говза уьш хIинццалц йовзийтина яцара ала а мегар ду. Делахь а, оццу книги тIехь йовзийтина нохчийн халкъан сийлахьчу шина кIентан феномен а – республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан кIентан, республикин хIинцалерчу Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, – элира Делимханов Адама.
Иштта, цо дийцира Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, Путин Владимира а уггаре а чолхечу хенахь, барт а бина, республикехь а, Къилбаседа Кавказехь а яьржинчу дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латтор бахьана долуш, тахана Росси кхуьуш а, чIагIлуш а йогIуш хиларх.
– Нохчашна, шаьш бусалба хилар а деза, шайн истори а еза. Бина болу барт нохчаша цкъа а бохийна бац. Нохчаша цхьанна а тешнабехк а ца бина, цхьа а Iеха а ца вина. Амма, гуттар а, нохчийн халкъан чоьтах Къилбаседа Кавказехь а, Россехь а питанаш а, зуламаш а дан луурш хилла. Цунах кхета а, Iама а деза вай, – билгалдаьккхира А.Делимхановс.
Книгах лаьцна бистхиллачеран могIарехь Проханов Александр а, Баринов Игорь а, Шевченко Максим а, Зязиков Мурад а, кхиберш а бара.
Книга йовзийтаран чаккхенехь Дуьненан азербайджанхойн культурин туьшан вице-президента Мамедов Расима «Азербайджанан а, Россин а, Нохчийчоьнан а юкъараллин-культурин зIенаш чIагIъярна а, Кавказан халкъийн юкъаметтигаш кхиорна а» а аьлла, Азербайджан Республикин Лаккхара диплом делира книгин авторна.
Цул сов, регионашна юкъарчу юкъараллин «Социальни технологийн Iилманийн а, меттигерчу шайн урхаллин а академин» организацин академик а хаьржира Умаров Джамбулат.
И.ИСЛАМОВ
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо