Иракъан Премьер-министра Хайдер Аль-Iабадис хIокху деношкахь дIахьедина Iедалан эскарша Мосул шахьарахь болчу «Иблисан пачхьалкхан» террористашна тIехь толам баьккхина хилар а, и шахьар террористех паргIатъяьккхина хилар а. Цо дийцарехь, герггарчу хенахь дIадолор ду гIала меттахIоттор а, саьлнех дIацIанъяр а.
***
Шемахь, Казахстанан пачхьенехь Астанахь хиллачу бартана тIе а тийжаш, дIадолийна герзаш охьадахкаран а, эскарш юхадахар а, маслаIат даран а гIуллакхаш. Оппозицин дукхах болчу векалша къобалдеш ду махкахь маслаIат лахаран декъехь деш долу гIуллакхаш.
***
Масех де хьалха Чинехь 67 стаг кхелхина, 16 стаг тIепаза вайна чIогIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа токхамаш хилар бахьана долуш. Iедало бечу хаамашца цIенош дохийна бисина иттаннаш бахархой. Йочанаша даккхий зенаш дина халкъан бахамна а, аренашлелоран декъана а.
***
Дукха догIанаш эхарца доьзна Индин малхбален декъара хиш дистина, ярташка хьаьвдда. И бахьанехь 27 стаг кхелхина, царна юкъахь зударий а бу, бераш а ду. БIеннаш цIенош хи буха дахана. Дохийна иттаннаш километраш некъаш.
***
Кенирчу цхьана юьртахь «Аш-Шабаб» террористийн гIеранаша йоккхачу къизаллица 9 стаг вийна. Уьш берриге а маьрша бахархой бу. Кенин бакъонаш ларъяран органийн белхахой и зулам дина террористаш лохуш бу. Iедало дIахьедина цара дина зулам бекхам ца беш, хьакъ доллу таIзар ца деш дуьтург цахилар.
***
Германерчу Гамбург гIалахь антиглобалисташа урамашкахь митингаш йина ца Iаш, полицин белхахошца тийсадаларш, буй-тIара яр дIадаьхьира, машенех цIерш тийсира. Цаьрца хиллачу тийсадаларшкахь 500 гергга полицин белхахо лазийна. Къепазалла хIоттийначарах цхьаберш схьалецна. ДIахьош ду талламаш бар.
***
Киевехь цхьаьнакхийтира Украинин Президент П.Порошенко а, США-н Пачхьалкхан Секретарь Р.Тиллерсон а. Iамаркан КIайчу ЦIийнан векала дIахьедира «Минск-2» сацамаш Киево кхочушбарна а, реформаш дIаяхьаран боларшна а США реза цахилар, оцу декъехь Украинин Iедало гIуллакхаш даре сатуьйсуш хилар.
***
«G-20» саммитехь дакъалоцуш хиллачу 20 пачхьалкхан куьйгалхоша тIеэцна Африкина белхан меттигаш кхолларан декъехь гIо даран хьокъехь болу сацам. Цигахь белхан меттигаш кхолларца Европин мехкашка оьхуш болчу мигрантийн барам лахбаран Iалашонца дийр долуш ду Африкина гIо-накъосталла.
***
Россин Президент В.Путин хIокху деношкахь Екатеринбургехь хилира. Областерчу куьйгалхошна а, бахархошна а хьалха къамел дечу хенахь, вайн мехкан Президента билгалдаьккхира 2025-чу шарахь хIокху гIалахь «ЭКСПО» дIаяхьа Росси кийча хирг хилар.
***
ОБСЕ-н Парламентан Ассамблейс Россин куьйгалле дехна ГIирма Украинна Iадйитар. И дехар дечара хьесапе ца оьцу гIирмахойн лаам а, историн бакъдерг а – цхьа а хIума а. Царна хетарехь, Россис Украинера ницкъаца схьаяьккхина ю ГIирма.
***
Пачхьалкхана декхар хилар бахьанехь дозанал арахьарчу пачхьалкхашка баха йиш йоцучу россихойн барам тахана 1,4 миллион стаге кхаьчна. Хьахийначуьра аьлча, пачхьалкхана 30 эзар соьмал алсам декхар волчу россихочунна доьхкуш ду дозанал арахьарчу пачхьалкхе вахар.
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо