Хаза кхаъ кхаьчна хIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университете – университетан 5-чу курсан студентка («оьрсийн мотт, литература» говзалла) Умаханова Элита дуьненаюкъарчу VI-чу интеллектуальни конкурсан толамхо хилла.

Iилманан тайп-тайпанчу дакъошкахула – физикин-математикин, биологин-химин, техникин, историн, экономикин, филологин, медицинин – студенташний, аспиранташний, докторанташний юкъахь дIахьош ю и конкурс.
Конкурсан дакъалацархоша шайн Iилманан белхаш кечбо талламан, хаамийн проектийн кепашкахь. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенткас Умаханова Элитас кечбинчу белхан лаккхара мах хадийна конкурсан жюрис – «Филологин Iилманаш» номинацехь тоьлла лерина Элитин проект.
Дуьненаюкъарчу интеллектуальни конкурсехь хьалхара меттиг яккхарца Элитица цхьаьна декъалъян хьакъ ду цуьнан Iилманан куьйгалхо, «Литература» кафедрин лакхара хьехархо Мурадова Асет.
Хь.АБАЕВ
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо