Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочуш а деш, вайн республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада Нохчийчоьнан муниципальни кIошташкахь а, гIалийн округашкахь а Россехь лаьттан а, хьаннийн а, гIаланашъяран а законодательство кхочушдарна тIехь терго латторан ведомствошна юкъарчу комиссин декъашхошца кхеташо дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин юьртан бахаман министра Дадаев Мусас, бахамаллин а, лаьттан юкъаметтигийн а министра Ирасханов Асламбека, Iаламан тIаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран а министра Темирханов Сайд-Мохьмада, пачхьалкхан регистрацин а, кадастран а, картографин а Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхочо Джандаров ИбрахIима, ткъа иштта гIаланийн мэраша, муниципальни кIоштийн администрацийн куьйгалхоша.
Комиссин декъашхошка диначу къамелехь Даудов Мохьмада дагадаийтира дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша дIаяьхьначу кхеташонехь цхьамогIа муниципальни кIошташкахь лаьттан дакъош къасторехь а, регистраци ярехь а, кадастр хIотторехь а нисделла кхачамбацарш билгалдаьхна хилар.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца Гуьмсан кIоштахь таллам дIабаьхьча гучуделира хьуьнан фондера, шеко кхуллучу документашца, дачаш ярна лаьттан дакъош дIасадекъна хиларан бакъдерг. Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана тIедиллира цхьа бутт хан ялале хьаннийн а, тIаьхьалонийн а фондашкарчу латтанашна таллам бар а, оцу декъехь законодательство талхийний хьажар а, – бохура Даудов Мохьмада.
Кхеташо дIахьочу хенахь Нохчийчоьнан Парламентан Председатела кIоштийн куьйгалхошка дийхира хьалха гучудаьхна хилла кхачамбацарш дIадахарехь кIоштийн администрацеша динарг довзийтар. Кхуззахь билгалдехира шайна къаьсттина тидам тIебахийта беза некъаш.
– Регионан Куьйгалхочун тIедахкарш кхочуш а деш, белхан кхо тоба вовшахтоьхна. Царна юкъабогIу Нохчийн Республикин Парламентан депутаташ, оцу гIуллакхна охIла йолчу министерствийн, ведомствийн векалш. Оцу комиссеша шайн тIечIагIйинчу меттигашкахь терго латтор ю юьртан бахаман хьаштийн а, хьаннийн фондан а лаьттанашна тIехь законаш лардайтарна тIехь, гучуйохур ю законаш талхийна меттигаш. Цуьнца цхьаьна тидамехь латтор ду цIенош даран, гIишлошъяран законодательство бахархошка лардайтаран гIуллакхаш, – элира Даудов Мохьмада.
Цу тIехь кхеташоно шен болх берзийра. Цигахь дийцаре дина гIуллакхаш кхочушдарехь доггаха къахьега тIелецира кхеташонан дакъалацархоша.
Хь.САИДОВ
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо