Дуьненахь дерриге а довза лууш, даима а шайн хаарш тIедузуш жигара кегийрхой вайн республикехь дуккха а хилар боккха кхаъ бу вайна. Уьш хиларна паргIат а ду вай, муьлхха а гIуллакх тIедилла мегар долуш, вайн мехкан дуьхьа хьанал къахьоьгур долуш, миччанхьа ларор а болуш тешаме нах уьш хиларна.

Ишттачарех ву Нохчийн пачхьалкхан университетехь доьшучу хенахь дуьйна шен дика цIе яккхийтина волу Бисултанов Сайд-Iела. Дуккха а кхиамаш баьхна цо шен 26 шарахь.
Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь 1991-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 23-чу дийнахь вина а, оццу юьртахь кхиъна а ву иза. Школехь доьшуш самукъадолуш, школин юкъараллин декъехь жигара дакъалоцуш
хилла, кIоштийн, республикин тайп-тайпанчу олимпиадашкахь дакъалоцуш, толаман меттигаш йохуш хилла кIанта. Классерчарна юкъахь жигара хиларца къаьсташ а волуш, 2009-чу шарахь ГIойтIара юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина цо. Оццу шарахь Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикин а, финансийн а факультете деша хIоьттина. Цигахь а дика доьшуш а, юкъараллин гIуллакхашкахь жигара дакъалоцуш а ву аьлла цIе яхна хилла Сайд-Iела. Шена тIедиллина муьлхха а гIуллакх кхиамца чекхдоккхуш хилла цо, цундела хьехархошна дукхавезаш а, лоруш а хилла иза.
2014-чу шарахь университет чекхяьккхина, тайп-тайпанчу белхашкахь шен хаарш зен волавелла. Оццу университетан буха тIехь йолчу аспирантуре деша а хIоьттина (хIинца 3-чу курсехь ву). «Нохчийн Републикин юкъардешаран учрежденийн финансови кхачо» тема толлуш ву иза шен кандидатски балха тIехь.

– Уггаре а самукъане хан университетехь дIаяьлларг хета суна, муьлхха а дешна ваьллачу студентана санна. Вайн республикехь студенташна дуккха а аьттонаш бина, иштта дуккха а хуьлура вайн студентийн дакъалаца аьтто болуш Дуьненаюкъара а, Ерригроссин а конкурсаш. Еккъа цхьа сайн говзалла караерзийна а ца Iаш, дуккха а кхидерг а довзийтира суна Нохчийн пачхьалкхан университето. Оцу хенахь республикин юкъараллин дахарехь дакъалоцуш дIадоладеллачу дахаро дуккха а аьттонаш бина сан. Цигахь хилла хьехархой а, накъостий а берриге а дуьхьал лаьтта тахана а, хIорананах ала, дийца дуккха а диканиг ду. Таханлерчу дийнахь оцу университетехь доьшуш болчу студентийн чIогIа ирс хета суна, царах хьоьгу со, хаза хан ю цара йоккхург, уггаре а хала хеташ хилла йолу экзаменаш а тIехь хазахеташ дIалур яра айса аьлла хетало хIинца, – дуьйцура Сайд-Iелас.
Болх бан волавалар дешна ваьллачу шарахь хилла кIентан. ГIойтIарчу №6 йолчу школерчу директора цигахь кехаташ лелон говзанча оьшу аьлла балха кхайкхира Сайд-Iела. Болх бевзаш а, дика беш а хиларна реза ду школин куьйгалла керлачу белхахочунна.
– Школехь болх бар ца моьттучу кепара нисделира сан. Цул сов, таханлерчу дийнахь хьехархо а ву со. Тхан школехь алгебра, геометри, информатика яла хьехархой ца тоьара, тIаккха соьга дийхира уьш хьехар. Иштта нисделира сан дешархошна и предметаш хьеха волавалар. Цхьа бакъдерг довзуьйтур ду ас: хала, жоьпалле бу хьехархочун болх. Безаш воцчуьнга балур болуш а бац. ХIора бер кхетош болх бар, йоккха говзалла оьшуш хIума ду, – дуьйцу Сайд-Iелас.
Баккъал а шен дешархошна а, балхана а чу са диллина ву Сайд-Iела, воккхавеш дуьйцу цо шен дешархойн кхиамех лаьцна.
– Ша хьехначу керлачу материалах дешархо дика кхетта хиларо а дог хьоьсту хьехархочун. КIоштанийн а, республикин а конкурсашкахь, олимпиадашкахь а, толаман меттигаш цара яьхча хьайх воккха а ве, – дуьйцу цо.
Кхо предмет хьоьхуш волу къона экономист шек а вац шена хуьлург хало а ца хета, мелхо самукъа а долуш дуьйцу цо шен тIеIитталучу халонех лаьцна.
– КIадвеллачул тIаьхьа шен меттиг мукъа йита еза хьехархочо. КIадвалар, хьехархо боху ши дош цхьаьна догIуш дац. Айса школехь доьшучу хенахь оцу хIуманна ойла ян хьекъал дацара сан, хууш хиллехь ца оьшучу
гIовгIанца новкъарло йина хир яцара аьлла хета. ХIора керла материал, дешархочунна йовзийтале хьалха массо а кепара ша теллина хила езаш ю, дешархочун муьлххачу а хаттарна дала жоп хила деза, цул сов, материалах дика кхетийта масалш дало а деза, – боху цо.
Шен амалца дерриге а довза лууш хиларна хир ду иза, школе балха вахчахьана Сайд-Iелас дуккха а конкурсашкахь дакъалаьцна.
2014-чу шарахь «Стаг кхиор – 2014» республикин конкурсехь финалисташна юкъахь хилла иза. 2016-чу шарахь «Къона хьехархо – 2016» республикин конкурсехь 2-гIа меттиг яьккхина. ХIокху, 2017-чу, шарахь «Хьехархойн дебют – 2017» Ерригроссин конкурсехь «Къона хьехархой» номинацехь финале ваьлла, конкурсан лауреат а хилла.
– Оцу конкурсашкахь дакъалацар бахьанехь дуккха а керланиг девзина суна, дуккха а доттагIаллин уьйраш тийсаелла. Хьехархочун белхан говзалла караерзо аьтто а хилла (хIора хьехархо психолог санна хила везаш ву дешархочуьнца, иштта кхин дуккха а ду уьш). Вайн республикин куьйгалло, иштта Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дерриге а дакъошкахь аьттонаш бина вайн. Вай, къонанаш, жимма жигара хилчхьана вуно кхиаме дахар ду-кх вайна хьалха, – элира цо.
Сайд-Iелас, ша берашца а, кхиазхошца а болх беш хиларе терра, шен дог лозучух лаьцна а дийцира: «Массара а ялхош йолчу телефонех, кхечу «гаджетех» лаьцна ала лаьа суна. И бу сан лазам а, кхерам а. Берийн дай-наношка ала лаьара суна: дешархошна телефонаш оьшуш яц! Лело хиъчхьана дика хIума ю олу. Яц. Тахана-м яц. Мел и лело хаа аьлча а бакъ а ма дац. Соьга ца лало вайн юкъаралла цара «талхош» хилар. Нохчалла дайъина цара (телефонаша). Масала, кIант цкъа а йоIана шовдана йисте вахана а воцуш, йоI цкъа а лулахошка кхайкхийтина а воцуш, телефонехула захало а дийцина, доьзал кхоьллина бохург хIун ду!? Дош ма дац иза. Дуьйцу хIума а ма дац иза.
Ас буьйцурш сайн нийсархой бу, ткъа дешархойх лаьцна аьлча, уьш телефонаш пайдехь долчу агIор лелор йолуш бац. Да-нана Iехало шен берах, цо бохучух теша, ткъа дешархочун хаарш тIедузуш накъост цхьаъ бен вац – книга. Телефона тIехь «юкъахвоху» хIуманаш Iаламат дукха хуьлу, пайдехь агIор уьш лелош ца хуьлу, мел хуьлу бахахь а (сайца дуьстича а хаьа суна иза). Ас иза, юх-юха чIагI деш, дийцаран бахьана ду со цхьана дешархочун дена-нанна а дIахаза лаар».
Шен 26 шо дузаза велахь а, кIорггера хаарш а, шен хьежамаш а болуш ву Сайд-Iела. Дуккха а Сийлаллин а, хасторан а грамоташ, дипломаш ду цунна доьшуш волуш а, балхахь а елла.
Иштта, белхан накъосташа лоруш а, дешархошна везаш а хьехархо хилла къоначу экономистах. Коьртаниг ду, стагна шен самукъа долу болх карор, цигахь хьанал къахьега лаам хилар.
Хь.БАХТАЕВА
Суьрташ тIехь: Бисултанов Сайд-Iела «Хьехархойн дебют – 2017» конкурсехь
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо