Регионан прокуратурехь

3,5 миллион соьмана гергга зен

Россин МВД-н Нохчийн Республикехь йолчу талламан урхаллехь уголовно-бакъонан статистикин декъехь долу законодательство муха кхочушдо хьаьжира регионан прокуратура. Цуьнан болх кхачаме цахиларна тоьшалла деш дуккха а бакъдерш карийра талламхошна. Царна юкъахь коьрта меттиг дIалоцура юкъараллин меттигашкахь – урамашкахь, адамаш дехачу каппашкахь – дина зуламаш хьесапе эцаран а, ткъа иштта 3 миллион 452 эзар соьман барамехь динчу материальни зенех а лаьцна долчу гIуллакхо. Ша аьлча, хьалха уьш динарш хьесапе эцарехь харц хаамаш бина хиллера. Республикин прокуроран хьалхарчу заместитела Хабаров Николайс МВД-н меттигерчу куьйгаллина тIедиллина законан талхораш, уьш кхолладаларан бахьанаш йоццачу хенахь дIадахар.

КхитIе а таллам байта…

Могашаллина вуочу агIор боккха тIеIаткъам беш йолу хIуманаш йохкарна бехке еш йолчу Мамаевана дуьхьал долийна уголовни гIуллакх Россин МВД-н Соьлжа-ГIалахула йолчу урхаллин дознавателе юхадерзийна кхитIе а таллам байта. Цуьнан бахьана дара уголовно-процессуальни законан лехамаш талхийна хилар. Ша аьлча, таллам бечу хенахь гучудевлла бакъдерш цхьаьнадогIуш дацара бехкеяран гIуллакхца. Талламан материалашца чIагIдина доцу бехкеяран бакъдерш юкъадалийнера дознаватела. Прокуратуро шен тидаме эцна и гIуллакх.

ЗаьIапхочун ахча лачкъийна

Астраханан областан вахархочун Гильдзянов Александран хьашташкахь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Жириновский Владимира динчу дехарца доьзна таллам бина регионан прокуратуро. Билгалдаьлла Гильдзянов контртеррористически операцин декъашхо хилла хилар. Цунна тIаьхьо 3-чу тIегIанан заьIапхочун тоьшалла делира. Цуьнца доьзна тIеман гIуллакхна пайдехь цахилар чIагIдира, Россин Федерацин Герзашца кечбинчу Ницкъийн могIаршкара паргIат а воккхуш. 2012-чу шеран 1-чу чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь дуьйна 2014-чу шеран х1утосург (май) бутт чекхбаллалц болчу муьрехь эскарехь гIуллакх дарна догIуш хилла ахча а, эскарехь гIуллакхдарх паргIатвуьтуш цхьана ханна луш долу ахча а буьззинчу барамехь Россин Сбербанкан Нохчийн отделенехь Гильдзянов Александран цIарах схьайиллинчу счета тIе даьккхина (оцу банкера лачкъийнера девзаш доцчу адамаша заьIапхочун ахча). И зулам бахьанехь Гильдзяновна 450 эзар соьман барамехь зен хилира. Цуьнца доьзна регионан прокуратуро талламан материалаш юьхьанцара таллам баран органе дIаяхьийтина уголовни гIуллакх долоран хьокъехь долу гIуллакх къастадайта. Оцу материалийн буха тIехь РФ-н УК-н 158-чу статьян 3-чу декъана тIе а доьгIна (баккхийчу барамашкахь къола дар), уголовни гIуллакх долийна.

Дехарна жоп делира

РогIера тIеэцар дIахьочу хенахь Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис лерина ладуьйгIира уголовни гIуллакх талларехь ша хьашташ кхочушдеш йолчунна дина таIзар мелла а дайдар доьхуш адвоката Солтамурадов Ризвана динчу дехаре. Бехке еш йолу Сулейманова Хедишт таллам дIахьочу ханна чохь яллош яра. Бинчу талламо гайтира Сулейманова РФ-н УК-н 159-чу статьян 4-чу декъаца билгалдина зулам дарна бехке еш хилар а (къаьсттина баккхийчу барамашкахь ямартло лелор), таллам барна новкъарло ярна кхоьруш иза чуйоьллина хилар а. Цул сов, прокурора динчу магорашна тIе а доьгIна, дина зен бехке еш йолчун гергарчара меттахIоттийнера. Иза хьесапе а оьцуш, талламхочо суьде дийхира Сулейманова арахецар а, дIасалеларна доза тухуш, цунна цIахь хан яккхар тIедожор а. Суьдо жоп делира шега динчу дехарна.

Экстремизмана – дуьхьало

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан белхахошца, ткъа иштта Гуьмсан кIоштан къедица цхьаьна регионан прокуратуро теллира Исламан динца доьзна товараш духкуш йолчу Гуьмсан махлелоран меттигашкахь экстремизман амал йолу материалаш яржоран бакъдерш ду-дац бохург. Таллам дIахьочарна иштта меттигаш ца карийра. Делахь а, и тайпа продукци юхкуш болчу предпринимательшка дIахаийтина Интернетан сетехь яржош йолчу экстремизман материалийн хаддаза тIеюзуш йолчу федеральни спискана юкъахь шайгара литература ю-яц хьажар уьш декхарийлахь хилар.

Зен меттахIоттийна

Регионан прокуратура хьаьжира Ш.Ш.Эпендиевн цIарахчу республикин клиникин больницехь бюджетни законодательствон лехамаш муха кхочушбо. Цо гучудаьккхира 2016-чу шарахь отпускашна лерина, къинхьегамна хьуьнаре воцчу муьрана луш долчу листашца, белхан алапина ду аьлла цхьацца болчу белхахойн счеташ тIе ахчанаш даьхна хилар. Амма документаша гайтина ма-хиллара, и харжаш цхьа а тайпа бух болуш яцара. Карарчу хенахь Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин талламан отдело толлуш ду прокуратурин материалашна тIедоьгIна долийна хилла уголовни гIуллакх (РФ-н УК-н 159-чу статьян 4-гIа дакъа). Оццу хенахь дина зен меттахIотторан Iалашонца республикин прокуратуро Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштан суьде искан заявлени делла бехке еш йолчу коьртачу бухгалтеран заместителера 1,5 миллион соьман барамехь ахча схьадаккхар доьхуш. Бехке еш йолчо буьззинчу барамехь меттахIоттийна ша дина зен.

Прокуратурин лехамца…

Зуламечу некъаца хилла пайданаш гайтарна, терроризмана ахчанца кхачоярна дуьхьало яран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш республикехь муха кхочушбеш бу хьаьжира регионан прокуратура. Цо гайтира Россин ФСН-н Нохчийн Республикерчу кIошташна №6 йолчу юкъарчу инспекцис 2016-чу шарахь жоьпаллина доза тоьхна «Кредо» юкъараллина регистраци йина хилар. Цуьнца цхьаьна оцу юкъаралло билггал финансийн-бахамаллин гIуллакхаш ца леладора. Юридически адресца иза йоцуш яра. Регистраци йинера вевзаш воцчу стеган цIарах. Талламан органо и гIуллакх теллинчул тIаьхьа суьдо къастийра и уголовни гIуллакх. РФ-н УК-н 173.2 статьян 1-чу декъана тIедоьгIна бехкеваран кхиэл а йира (юридически стаг кхолларна документех бакъо йоцуш пайдаэцар). Бакъо йоцу финансийн операцеш дIаяхьа оцу юкъараллин расчетан счетех пайдаэцар дехкаран Iалашонца республикин прокуратуро Ленински кIоштан суьде административни искан заявлени делла и юкъаралла дIаяккхар доьхуш. Иза къастийна, искана жоп а делла. Юридически адамийн Цхьааллин пачхьалкхан реестрехь дина йоза налогийн органо дIадаьккхина.

Бакъо йоцург лелийча

РФ-н УК-н 286-чу статьян 1-чу декъаца билгалдина зулам дарна Мамаев Исламана дуьхьал уголовни гIуллакх долоран хьокъехь Заводской кIоштан прокуратуро тIеэцна сацам нийса лерина. ГIуллакх доллу Нохчийн Республикин МВД-хь йолчу ГИБДД-н ДПС-н белхахочо Мамаевс Соьлжа-ГIаларчу Заводской кIоштан вахархочун транспорт 2015-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 31-чу дийнахь гIуданаш тоьхна машенаш хIитто билгалйина йоцчу метте бакъо йоцуш дIахIоттийна хилла хиларехь. Цу тIе транспортан долахочунна Манаевна дуьхьал административни бакъонаш талхоран хьокъехь долу протокол а ца хIоттийнера. КIоштан прокуратуро шен тидаме эцна и уголовни гIуллакх.

Уголовни гIуллакх долийна

Кху шеран хIутосург(май)баттахь регионан прокуратура хьаьжира налогех кIелхьарабовларна а, зулам даран некъаца хилла пайданаш гайтарна а дуьхьало яран хьокъехь долу законодательство кхочушдар муха дIахьо. Талламо гайтира 2015-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 29-чу дийнахь Россин ФСН-н Нохчийн Республикехь йолчу №6 йолчу кIошташна юкъарчу налогийн инспекцехь юридически стаг санна «Гарант-Строй» ООО регистраци йина хилар. Билггал финансийн-бахамаллин гIуллакхаш лелийна а доццушехь Россин Сбербанкан Нохчийн отделенехь схьайиллина йолчу юкъараллин расчетан счета тIе 2016-чу шеран бекарг (март) баттера асаран (июнь) бутт болабаллалц болчу муьрехь Москвахь йолчу коммерчески организацешкара 411 миллион соьмал сов ахча даьлла. И ахча банкан операцеш лело бакъо йоццушехь, бина боцу тIелацамаш кхочушбарх долчуха 500 сов волчу гражданинан счета тIе даьккхина. Амма иза оцу адамашна дIа ца делла «Гарант-Строй» юкъаралло. Церан счетех пайда а оьцуш, кхечу адамаша дIаэцна и ахча. Талламан материалаш регионан прокуратуро юьхьанцарчу талламан органе дIаяхьийтира уголовни гIуллакх долорах дерг къастадайта. Ткъа цигахь РФ-н УК-н 172-чу статьян 14-чу декъана тIе а доьгIна, уголовни гIуллакх долийна (бакъо йоцуш банкан гIуллакхаш лелор).

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: