Оьзда стаг а, говза лор а

Ахтаев Iийса Грозненски кIоштарчу Мамакхин-КIотарара вахархо ву. Жимачохь дуьйна цигахь хьалакхиъна иза.

Цуьнан лулахоша дуьйцу, Iийса бераллехь дуьйна эсала, дог цIена бер дара бохуш.

1989-чу шарахь школа чекхъяьккхина, цул тIаьхьа Къилба-ХIирийн пачхьалкхан медицинин академе деша вахара кIант.

1996-чу шарахь иза болх бан хIоьттира Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу клиникин больнице. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, 2000-чу шарахь, Iийса ша болх бечу больницин хирургин отделенин заведующи хIоттаво.

Iийсас дуьйцу, шаьш доьзалехь диъ бер дара бохуш: ши йоI, ши кIант. Да Лепа, машен тIехь болх беш вара, шен дахарехь хьанал къахьегна вара. Нана Медна, хIусаман, доьзалан хьашташ кхочушдеш, цIахь яра.

Йокхахйолу ши йиша больницехь терапевт болх беш ю. Ткъа жимах волу ваша школехь хьехархо ву. ХIинца уьш шайн доьзалш а болуш, шайн Iаш бу. Iийсан а бу шен доьзал: ши кIант, цхьа йоI. Тахана Iийса шен дахар цомгашчу нахана дIа а делла, болх беш схьавогIуш ву.

Iаламат хала бу хирурган болх: хьекъал а, ницкъ а, ийман а, собар а оьшуш болх бу иза. Iийсас дуьйцу ша болх бан волавелла хан чIогIа хала а, чолхе а яра бохуш.

1996-гIа шо дара иза. ТIамо лазийна, меженаш яьхна дукха нах бара, дукха больницаш йохийна яра, лоьраш кIезиг бара, амма халонашка ца хьоьжуш, нахана гIо деш, Iийсас шен болх дика дIабаьхьира.

«Соьлжа-ГIалин №3 йолчу клиникин больницин лоьрийн коллектив бертахь, шайн болх безачу нахах цхьаьнакхетта ю. Нахана даггара гIо дан лаам хилар бахьана долуш вуно дика дIабоьду тхан болх», – бохура Iийсас.

Оцу отделенин хIораннан а дика дешнаш хилира Iийсах лаьцна ала. Цара массара а билгалдоккхура иза оьзда стаг а, говза лор а, къинхетаме адам а хилар.

Вайна ма-хаъара лоьран болх атта бац, делахь а, шен цIена нийяташ кхочушдеш, къахьоьгучунна хала ца хуьлу цхьа а болх.

АМАЕВА Эннисат

Авторан суьрта тIехь: хирург Ахтаев Iийса

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: