Спортан керланаш

Дзюдо

Новороссийск гIалахь дIаяьхьначу Россин дзюдон клубашна юкъарчу чемпионатехь хьалхара меттиг яьккхина Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу «Эдельвейс» клубо. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш яра Россин тоьлла клубаш. Финалехь «Эдельвейсо» жамI 3:2 долуш эшийра «Новый поток» цIе йолу клуб. ХIинца Нохчийчоьнан дзюдоисташна тIехь ду клубашна юкъарчу Европин чемпионатехь Россин сий лардар.

Футбол

«Ахмат» футболан клубехь керла цIе гучуяьлла. Футболан рогIерчу муьрехь дуьйна вайн командехь ловзуш хир ву «Коринтиансо» клубан тIелатархо (нападающий) Леонардо Родригес Лима (Лео Жаба). Цуьнца пхеа шарна барт бина «Ахмат» клубо.

Футболистан 19 шо ду, Австрехь сборашкахь йолчу «Ахмат» клубах дIакхета бакъо елла цунна шен клубо мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь дуьйна.

Охьатохархлатар

Нохчийн Республикин Охьатохархлатаран федерацин вице-президент Шахбулатов Iиса, президентан гIоьнча Галаев Мохьмад-Эми, бевзаш болу спортсменаш Альбиев Ислам-Бек, Болтукаев Анзор хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира греко-римски кепара охьатохархлатархойн Нохчийчоьнан вовшахтоьхначу командица.

М.-Э.Галаевс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо спортсменашна оьшуш долу дерриге а хьелаш республикехь кхоьллина хилар. Цундела спортсменашна тIехь ду мало йоцуш къахьегарца лаккхарчу гайтамашка кхачар.

Хь.ДОВКАЕВ

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: