Кхин а цхьана муьрах чекхбевлла

«Кхерамазаллин школа» проектан гурашкахь Къилбаседа Кавказан Федеральни округерчу школийн дешархой «Маршрут выживания» аьллачу кхин а цхьана муьрах чекхбевлла.

Оцу проектан къийсадаларшна юкъахь уггаре а хала мур бара вай хьахийнарг. 16 декхар кхочуш а деш, шайн хьуьнарш гайта дезаш бара уьш. Муьлхха а бохам тIехIоьттича а, адамашна хьалхара медицинин гIодан дезачохь а, охьадогIуш долчу хил дехьа вала дезачохь а дан дезарг гайта дезара дакъалацархоша.

– Бакъдерг дийцича, хIокху рогIерчу муьрехь хала дара дакъалацархошна. Иза иштта делахь а, вайн команда къар а ца луш, чекхъелира оцу муьрах, – бохура Нохчийн Республикерчу тобанан коьртачу тренера Асхабов Султана.

Оцу къийсадаларийн цхьаболчу дакъалацархоша дийцарехь, уггаре а халаниг – иза, цомгашниг гIудалкхаца машена тIе дIавига дезар дара. «Маршрут выживания» муьрех чекхъяьлларг ерриге а 8 команда яра (берийн 4 команда а, баккхийчеран 4 команда а). ХIора а командехь бархI-бархI дакъалацархо вара. Оцу къийсадаларшкахь шайна новкъахь мел нислучу халонех чекхбовла дийзира церан.

Вовшахтохархоша дийцарехь, «Маршрут выживания» муьран Iалашера, кегийрхойн хьуьнарш зерал сов, цаьргахь къинхетам а, вовшашка хьажар а, вовшашна гIодар а кхиор билгалъяьккхинчу маршрутехула уьш чекхбовлучу хенахь, церан хIора а гIулч тидамехь а латтош, болх беш бара кIелхьарбахархой. Иштта, циггахь, Iуналлехь лаьтташ МВД-н векалш а, медикаш а бара.

З.ХАСИЕВА

№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: