Интернет чухула Iехабо кегийрхой

IMG_1599

Кху деношкахь Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствехь «СССР-н юкъахь хиллачу республикашкахь а, Гергарчу Малхбалехь а къийсамаш – Россин кхерамазаллина кхерамаш» («Конфликты на постсоветском пространстве и Ближнем Востоке – угрозы безопасности России») аьллачу темина лерина «гоьрга стол» дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьехамча Истамулов Iабдулла, Нохчийн Республикан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIе латторан департаментан директоран заместитель Эльмерзаев ИсмаьIал, Нохчийчоьнан муфтийн заместитель Гадаев Аслан, Нохчийн Республикин МВД-н экстремизмана дуьхьало яран марказан белхахо Эльмурзаев Шамал, Кавказан кхузаманан политикин марказан говзанча Ефремов Дмитрий, иштта кегийрхойн юкъараллин организацийн векалш а.

Терроризм йоккха политически проблема хиларе хьаьжжина, цунна дуьхьало яр а, иштта терроризмана, экстремизмана профилактика ярехь керла кепаш юкъаялор а дийцаре дира цхьаьнакхетарехь. Къаьсттина тидам тIебахийтира социальни сеташна а. Карарчу хенахь кегийрхой Iехоран коьрта гIирс ларалуш бу уьш. Законехь йоцчу тобанашна кегийрхой юкъаозор дукха хьолахь интернет чухула дIахьош ду таханлерчу дийнахь. Оцу зуламах вайн тIекхуьу къона чкъор лардархьама, хIора дийнахь аьлча санна, вовшахтуху тайп-тайпана цхьаьнакхетарш. Цу могIарера яра  «горга стол» а.

А.ВАХАЕВА

Авторан сурт 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: