Мангалан беттан 6-гIа де, 1920-гIа шо. Минай-ТогIе юьртахь ахархочун доьзалехь вина Нурадилов Ханпаша, Советийн Союзан Турпалхо. Юьхьанцара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа белхаш бина мехкадаьттадаккхаран предприятешкахь белхало волуш.
1940-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь дуьйна Советийн Эскарехь гIуллакх деш хилла. 1941-чу шеран асаран (июнь) баттахь дуьйна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна, Сталинградан фронтан 5-чу дошлойн гвардин полкан пулеметчикийн взводан командир волуш.
ТIаьххьара тIом хилла 1942-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 1-чу дийнахь Серафимовичи гIали уллехь. Оцу тIамехь Х.Нурадиловс 250 мо стагI хIаллаквина, шена чов хилча а, тIамна юкъара ца волуш. Бакъду, цигахь хиллачу чевнашна медсанбате новкъахь кхалхар хуьлу Ханпашин.
Шен пулемет аца верриге 920 фашист хIаллаквина Х.Нурадиловс, схьаяьккхина мостагIчун 7 пулемет, 12 фашист йийсаре а валийна. 1943-чу шеран оханан (апрель) беттан 17-чу дийнахь Советийн Союзан Турпалхочун цIе елла Нурадилов Ханпашина. Нохчашлахь дуьххьара и еза цIе елларг ву иза.
Волгоградерчу Мамаевн борзан цхьана экъанна тIехь дIаязйина ю Турпалхочун цIе.
Мангалан беттан 8-гIа де, 1972-гIа шо. Устрада-ГIалахь вина Бисултанов Хьасан, дзюдо кепара охьатохархлатарехула Олимпийски ловзарийн чемпион.
1989-чу шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху оццу гIалара №1 йолу школа. Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан физкультурин, спортан факультетехь доьшу.
Школехь доьшуш волуш, 1987-чу шарахь кхочушйо спортан мастеран норма. 1990–1991-чуй шерашкахь кегийрхошлахь СССР-н чемпион хуьлу, 1991-чу шарахь Европин чемпионат йоккху. Амма цул тIаьхьа даьхкинчу шерашкахь Нохчийчохь спортаца бала болуш стаг вацара. Къарцавала, ша дIагIертара спортсмен, 1993-чу шарахь Россин чемпион хилира, Европин чемпионатехь дато мидал яьккхира.
1994-чу шарахь Нохчийчу, цхьаннех кхоам беш боцу къиза тIом беача, дукха хенахь дуьйна шега кхойкхучу Хонкара дIавахара.
Цигахь гойту Хьасана ша баккъал хьуьнаре спортсмен хилар: оцу мехкан а, дуьненаюкъарчу а къийсадаларшкахь дукхазза толаман меттигаш йоху цо. Ткъа 2000-чу шарахь Сиднейхь хиллачу ХХVII-чу Олимпийски ловзаршкахь дашо мидал йоккху.
Тахана а Хонкарахь вехаш-Iаш ву Хьасан, нохчашлахь дуьххьарлера дзюдо кепара охьатохархлатарехула олимпийски чемпион.
Мангалан беттан 9-гIа де, 1933-гIа шо. Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь Бурсакан Денисолтин доьзалехь вина Кагерманов Докка, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист.
Шен заманхойн массеран а санна, кхуьнан а лан дийзира бераллехь махках ваккхаран къахьо а, кхойтта шаре дахделлачу къематдийнан хало а. Дукха хьалхе, 1946-чу шарахь боло дийзира къинхьегаман некъ а.
1957-чу шарахь Даймахка цIадирзича, «Ленинан некъ» газете балха хIоьттира. ХIетахь дуьйна 1998-чу шарахь ша пенсе валлалц нохчийн журналистикин хьаьрмахь хьанал къахьийгира цо (корректор, литературни белхахо, корреспондент, жоьпаллин секретаран заместитель).
Бусалба динах, нохчийн гIиллакх-оьздангаллех, нохчийн маттах йолу цуьнан материалаш газетдешархойн шайга чIогIа хьашт долуш хуьлура.
Докка вевза берийн яздархо санна а. 1970-чу шарахь араелира цуьнан «Лаьмнашкахь бIаьсте» стихийн гулар. Ешархоша иштта дика тIеийцира «БIаьстенан беш» (1976 шо), «Iимран а, цуьнан доттагIий а» (1986 шо) дийцарийн гуларш а. Цул сов, Д.Кагермановн говзарш зорбане йийлина юкъарчу гуларшкахь а («Хьалхара гIулчаш», «Къоначийн аьзнаш», «Iуьйренан аьзнаш») «Орга», «СтелаIад» журналашкахь.
Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо а, Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран «Дато бухIа» совгIатан лауреат а ву Россин Яздархойн а, Журналстийн а союзийн декъашхо Кагерманов Докка.
Мангалан беттан 9-гIа де, 1960-гIа шо. Шелахь вина Ибрагимов Канта, экономикин Iилманийн доктор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик, Россин Федерацин Пачхьалкхан лауреат, Нохчийн Республикин халкъан яздархо.
1977-чу шарахь чекхйоккху Соьлжа-ГIалара №2 йолу юккъера школа. Цул тIаьхьа доьшу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан экономикин факультетехь. Iилманан хаарш лакхадоху К.А.Тимирязевн цIарахчу
юьртабахаман академин аспирантурехь а (1987–1989 шераш), оццу академин докторантурехь а (1994–1996 шераш).
Белхаш бина Шела кIоштан «Джалка» совхозехь, тайп-тайпанчу Iилманан-производственни учрежденешкахь, Нохчийн пачхьалкхан университетехь, карарчу хенахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель ву.
Иттаннаш Iилманан белхийн, исс романан («Прошедшие войны» – 1999, «Седой Кавказ» – 2001, «Учитель истории» – 2003, «Детский мир» – 2005, «Сказка Востока» – 2007, «Дом проблем» – 2010 «Аврора» – 2011, «Академик Петр Захаров» – 2013, «Стигал» – 2014).
№53, шинара, мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 2017 шо