Тодийр ду цхьаьна гIуллакхашдар

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаментехь кхеташо дIаяьхьира меттигашкахь шаьш урхалладаран органийн республикин кIошташкахь болх бечу коммерцин йоцчу организацешца цхьаьнагIуллакхашдарна жоьпалле болчу векалшца.

Иза вовшахтоьхнера юкъараллин цхьаьнакхетараллашца болх баран отделан хьаькаман Байсултанова Розин дIадолорца а, цо куьйгалла дарца а.

Цо дийцарехь, меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн векалшца кест-кеста цхьаьнакхетарш дIахьош хиларо аьтто бо меттигашкахь долу хьал дика довза, коммерцин йоцчу организацийн балхах дерг хаа.

Иштта, хIокху кхеташонехь дийцаре дира муниципальни кIошташкахь долчу маьждигашкахь, хьуьжаршкахь Iилма Iаморехь, ийманехь кхетош-кхиорехь долу хьал. Департаментан динан цхьаьнакхетараллашца дIахьочу балха тIехь терго латтош волчу Индербиев Альберта дийцира оцу декъехь долчу хьолах лаьцна.

Коммерцин йоцчу организацийн белхахошца цхьаьна гIуллакхаш дар муха вовшахтоха деза а, дIадахьа деза а дийцира гулбеллачарна департаментан векалша. Билгалдехира оцу балхахь наггахь нислуш долу кхачамбацарш, уьш дIадахаран некъаш. Меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн белхахоша тIелецира билгалдаьхна кхачамбацарш дIадаха а, коммерцин йоцчу организацешца беш болу болх кхин а тобан а.

Шеко йоццуш царна пайдехь хилира хIокху департаментан векалша вовшахтоьхна йолу кхеташо. Цо таро лур ю белхан эвсаралла, дикалла кхин а лакхаяккха. Иза мехала а ду. ХIунда аьлча, юкъаралла кхиорехь кега-мерса хIума дан а дац.

С.ХУСЕЙНОВ

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: