Поэзин суьйре хилира

А.Айдамировн цIарахчу республикин Къоман библиотекехь поэзиезархошна боккха кхаъ хилира мангалан (июль) беттан 3-чу дийнахь цигахь вовшахтоьхначу литературин суьйренах.

Луларчу Ставрополан махкара яздархойн тоба яра оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш. Вайн республикин хьешашка, литератураезархошка маршалла хаттарца йистхилира библиотекин директор Исраилова Сацита.

Цул тIаьхьа суьйре дIаяхьар шена тIелецира Ставрополерчу яздархойн тобанан куьйгалхочо Осепян Артура.

«Нохчийн Республикин а, Ставрополан крайн а халкъашна юкъара культурин, доттагIаллин зIенаш меттахIитторан Iалашонца даьхкина тхо» – элира цо.

Оцу суьйренехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Хазбулатов Бекхан, Яздархойн союзан литературни консультант Ирисханов Iимран, Юкъараллин палатин декъашхо Дадуев Мохьмад, ЗаьIапхойн юкъараллин организацин председатель Оздаева Рабу, Нохчийн Республикин халкъан артист, илланча Ясаев Мохьмад, иштта, студенташ, дешархой.

Ставрополера баьхкинчу поэташа Осепян Артура а, Гоголев Федора, Лаенко Василийс, Кулакова-Пушкина Любас, Панферов Сергейс шайн байташ йийшира.

Массарна а чIогIа хазахийтира Лаенко Василийн берашна лерина язйина самукъане байташ. Цо шен тIаьххьара зорбане яьлла гуларш вайн С.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекин директоре Сайдумова Зулайга дIакхачийра.

Хьешийн тобанехь уггаре а къоначу поэта Панферов Сергейс А.Твардовскийн «Василий Теркин» поэмин кийсак йоьшуш инсценировка гайтира. Поэма йоьшучу хенахь Сийлаллин гIаланийн цIерш йохуш С.Панферовс Соьлжа-ГIалин цIе а яьккхира. Яздархочо I.Ирисхановс билгалдаьккхира иза вайн хьешийн
синкхетам, гIиллакх хилар ду аьлла.

Поэтесса Кулакова-Пушкина Любовь жимачохь ГIалгIайн махкахь Iийна ю, амма тIаьхьарчу хенахь Испанехь ехаш ю иза. Ставрополера яздархойн делегаци Соьлжа-ГIала яха кечлуш ю аьлла хезча, леррина Испанера схьаеана яра иза. Цо даггара, хаза дийцира Кавказан халкъийн къоман гIиллакхех, Iадатех лаьцна а, иштта ша дуьнен чохь дукха пачхьалкхашка дIасайоьдуш хиларх лаьцна а.

Дукха пачхьалкхашкахь доьзалийн гIиллакхаш, доьзалан институт тоххара дуьйна йоьхна, наха вовшашца гергарло лелош дац, адамаш вовшех дIахерделла – и дерриге а шена новкъа догIуш хилар хаийтира цо. Ша дIаяхханчохь нохчийн гIиллакхех лаьцна ша дуьйцуш, наха чIогIа цецбуьйлуш, ладугIуш хиларх а дийцира.

«Кху дуьнен чохь Дала дика динчу халкъах ду нохчийн халкъ, тIамах а, халонех а чекхдевллашехь, а, къоман гIиллакхаш, Iадаташ а ларделла шуьга», – элира цо шен къамел дерзош.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: