Шаьш дешна бевллачул тIаьхьа 45 шо даьлча, хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Нохчийн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультетан хилла студенташ. ХIорш деша богIуш хьехархойн институте баьхкинехь а, чекхбовлуш (1972-чу шарахь) университет хилира цунах.
Республикин тайп-тайпанчу ярташкара баьхкинера уьш: Эвтарара Салаватов Руслан, Кобера Ислангериев Султан, Каргалинскера Арсамиков Муса, Веданара Байсуев Сайд-Хьасан, Хьалха-Мартанара Исраилов Абу-Солта, Чуьрча-Ирзера Куртоева Мила, Неврера Бойсуева Шема, Нажи-Юьртара Мусангуров Юнус, ГIойтIара Товсултанов Iийса, Девкар-Эвлара Болотбиев ХIарон, иштта дIа кхин. Георгиевскера леррина оцу цхьаьнакхетаре веанера Стороженко Анатолий а. Вовшахкхеттарг верриге а 24 стаг вара.
Дукха бара царна юкъахь университет чекхъяьккхичахьана вовшашна ганза берш а. Цо кхин а маьIне дора цхьаьнакхетар. Бевзарий те суна сайн студенталлин накъостий я со царна а? Иштта хаттарш лаьттара дукхахболчарна хьалха. Шераша шайн кортош тIе йиллина кIац новкъа ца хетачу бевллачу царна дика хаьара студенталлин ирсе зама дукха гена тIаьхьайисинийла.
Хьо вац иза? Хьенех дагавогIий хьуна? Минех мичахь ву те? Оцу могIарерчу хеттарш2а маршалла-деналла хоьттуш, шайн иэсехь къоначу шерашкара юьхь-сибаташ меттIахIиттош, цхьа ахсахьт даьллачул тIаьхьа, къамелаш, дагалецамийн хорша дирзина, шера дIадахара. Дагалеца а, вовшашка дийца а дукха дара гулбеллачийн.
– Таханлерчу студенташна тамашийна хетар ду, амма бакъдерг ду-кха иза – хIетахь хийла буьйса еар-кха суна, охьавуьжуш кхалла хIума доцуш, вокзалехь яссо вагон нисъелча кхаъ хуьлура. Дай-нанойн таронаш яцара, нанас хIоа я тIо-кIалд доьхкина тардина туьма схьаэца эхь хетара. ХIетте а деша-м доьшура вай. Цуьнан а кхо бахьана хета суна: хьалхара – вайца доьшуш хиллачу кхечу къаьмнийн берашца яхь хилар, шолгIа – хIетахь, къаьсттина вайн ярташкахь, лаккхара дешар дешна стаг дукха сий-лараме хилар, кхоалгIа – стипенди доцуш висарна кхерар. ХIетте а хаза, мерза зама яра – экзаменаш, зачеташ, къоналлин сатийсамаш, мел дара уьш…, – дагалоьцура Дадашев Райкома.
– ХIора стеган дахарехь а студенталлин зама уггаре а хаза, дагалацаме мур бу аьлла хета суна, кхин хIумма ца хиллехь а, къона ма хилла вай, – дуьйцура Болотбиев ХIарона. – И мур хьайца бекъначаьрца хилларш-лелларш дагалоьцуш а самукъадолу. Вай даккхий мел хили а оьшуш хета иштта цхьаьнакхетарш. Дашца а, гIуллакхца а вовшийн гIолоцуш хилар а сов хир дацара. Цундела, вайн барт хилахь, цхьа де билгал а даьккхина, хIора шарахь дIахьур ду вай иштта цхьаьнакхетарш. 1972-чу шарахь физмат чекхъяьккхинчу 175 стагах цкъа тахана вайца зIене ваьлларг 30 сов стаг ву, уьш иштта кIезиг хиларан бахьана кхечу къаьмнех хилларш республикера дIабахана хилар ду. Юха вай гулдалале царах мелла алсам хаа хьовсур ду вай…
– ХIетахь хьехархойн институте деша богIучу мехкаршна уггаре а халаниг тIеэцаран экзаменаш дIаялар а дацара, ткъа дай-наной берта балор дара, чIогIа ца лаьара царна зудабераш гIала деша дахийта, – къамела юкъаеара Магомадова Михажа. – Тахана баркаллица билгалдаккха догIу вайца доьшуш хилла нохчийн кIентий тхуна вежарий хилла дIахIиттар. Уьш гергара, чуьра хеташ, цаьрца гIиллакх лардан тхо а гIертара. ХIара гIуллакх вовшахтоьхначарна даггара баркалла ала а догIу. Тахана санна дог декъаделла, самукъадаьлла де дага ца догIу-кха суна. Кхин цхьаъ дийца а лаьа…
Иштта цхьаммо цхьаъ, вукхо кхин дуьйцуш, студентийн заманахь нисделлачу беламе хилларш-лелларшна
тIера тахана шайн ирс хиллачу берийн бераша лелочарна тIе буьйлуш, муха йолу а ца хууш, 4–5 сахьт хан елира цхьаьнакхетарх баккхийбеш, вовшех цара марзо оьцуш.
Массара даггара баркаллаш бехира и гIуллакх вовшахтухуш къахьегначу Дадашев Райкомана, Болотбиев ХIаронна, Абалханов Хьамидана, хIора шарахь мангалан (июль) беттан хьалхарчу деношкахь иштта цхьаьнакхетарш дIадахьа барт а хилира. ХIокхо, оцо дахарехь яьхна лакхенаш юьйцуш, тхуна ца лиира уьш вовшех къесто. Гулбеллачара шайн къамелашкахь билгал ма-даккхара, коьртаниг дара хIоранна дахарехь шен некъ карор.
Республикехь уггаре а чIогIа хьехархой оьшу хан яра, университет чекх а яьккхина, цара школашкахь болх болийна хан. Къаьсттина а чIогIа оьшура физикин, математикин хьехархой. Цундела баркаллица билгалдаккха догIу царах хIораммо а республикин халкъан дешар кхиорна юкъа шен мехала дакъа диллина хилар.
Хь.ДОВКАЕВ
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо