ГIиллакх-оьздангаллин сема гIаролхо

Хасиев Сайд-Мохьмад вина 1942-чу шеран асаран (июнь) беттан 20-чу дийнахь Курчалой-Эвлахь. Ши шо кхачаза бер ду иза халкъан мостагI вина, махках воккхуш. Вайна везачун ма хила хIетахь хиллачу берийн бералла. Тайп-тайпанчу бецийн хьокхамашна тIе «тIулгийн» чорпа муьйлуш, Iожалла цахиларна, Iожжалех хьалхабевллачех ву Сайд-Мохьмад. Шен дахарехь уггаре а хала яьккхина ирхе и хила а мега цуьнан – къар ца луш, мацаллин багара валар.

Махкаллех, мацаллех хьалхабевллачу нохчашна, шаьш жимма кхетамехь болчарна, хьалха кхин Iалашо хIоьттира – нохчий, кхидолу къаьмнаш а санна, цуьрриг царал оьшуш а доцуш, къам хилар чIагIдар. Баккхийчара (къаноша) и гойтура шайн собарца, маслаIате хиларца, дин лелорца, балхахь болчара – шайн белхан хьуьнаршца, муьлхха а болх бан а шаьш охIла хилар гайтарца, гIеметтахIиттинчу кегийрхоша – шайн доьналлица, мичча хьолехь а шаьш дIай-схьай тоьттуьйтург цахилар гайтарца, деша даханчу бераша – шайн дешарца, дийнна къомо – барт хиларца. ХIетахь, бераллехь, даг чу дижначу нохчичун цIе ларъярх, нохчичун сий лардарх, нохчаллица мел доьзна хIума деза хетарх дахаран къилба дина схьавогIу Сайд-Мохьмад тахана а.

Юккъера школа чекхъяккха ца кхуьуш, 1957-чу шарахь Даймахка цIавирзира иза. 1959-чу шарахь, Курчалой-Эвлара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, деша воьду Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн-филологин факультетан къоман отделене. Оцу отделене вахар а ларамаза дацара. ДIо махкахь (баккхийчара ма-аллара), кхиъначу кегийрхошна, дахаран некъ хоржуш, коьртаниг кхано санехь хинйолу говзалла харжар дацара (тахана санна – юрист, экономист). Къомо шен дахаран мехаллаш (мотт, литература, истори, культура) меттахIитторехь дакъалаца лаар дара царна коьрта. Цундела хIетахьлерчу кегийрхошна (шен къомах доглозуш, цуьнан кханенан ойла ечарна муххале а) деша уггаре а лараме хеташ ерг 1957-чу шарахь схьайиллина къоман отделени яра. Цигахь доьшуш хилар сийлалла хетара.

1964-чу шарахь кхиамца институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, цхьана шарахь эскарехь гIуллакх а дой, 1965-чу шарахь Курчалой-Эвларчу №2 йолчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш дIаболабо къинхьегаман некъ. 1967-чу шарахь карадо ша лоьхург – Историн, меттан, литературин Нохч-ГIалгIайн Iилманан-талламан институте балха хIутту Сайд-Мохьмад.

1969–1973-чуй шерашкахь СССР-н Iилманийн Академин Этнографин институтан аспирантурехь деша бен юкъара ца волуш, оцу институтехь болх бо 1991-гIа шо кхаччалц. 1973-чу шарахь чIагIйо историн Iилманийн кандидатан диссертаци.

1991–2000-чуй шерашкахь Нохчийн Республикин Культурин министерствехь йолчу Фольклоран туьшан (тIаьхьуо – Этнокультурин кхиаран туш) куьйгаллехь лаьттина С.-М.Хасиев. 2000-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин къоман музейхь лакхарчу Iилманан белхахочун даржехь болх беш ву.

Нохчийчоьнан а, Къилбаседа Кавказан а къаьмнийн этнографина а, историна а леринчу Iилманан а, Iилманан-довзийтаран а 200 сов белхан автор ву Сайд-Мохьмад. Къаьсттина шена тIе тидам бохуьйтуш ю Финляндехь арахецна «Чеченцев древняя земля» альбом. Дуьненан шуьйрачу юкъараллина Нохчийчоь йовзийтарна леринчу бос болчу суьртийн (хIора суьртана Iилманан кхеторан статья а йолуш) чIогIа хаза кечйина альбом ю иза.

Муьлххачу къоман культура талларехь доккхачу маьIне ду цуьнан бахам, бахаман хьелаш таллар (Iилманан маттаца аьлча, «хозяйство и хозяйственный быт»). Оцу декъехь мехала ю С.-М.Хасиевн «Нохчийн а, гIалгIайн а латталелоран культура» («Культура полеводства чеченцев и ингушей», Нальчик 2004), монографи. Ишттачу Iилманан белхаша йохайо луларчу къаьмнийн кхетамехь чIагIъян хьийзош йолу нохчий талорашца баха бен хьуьнаре ца хилла боху ойла.

Вешан хилларг цадовзарна цкъацкъа вай ваьш а оцу ойланах теша герга хуьлу. Акха газа ца лелачу меттигашкахь, бIешерашка ца йохаелла (вайзаманан цивилизацин герзаш гучудовллалц) бIаьвнаш хIитто, ламанан тIулган басешкахь, гехь латта кхоьхьуш, кхаш дендан, тахана, муьлххачу пачхьалкхан куьйгалхочунна деза совгIат хеташ долу герзаш дан, куьйга кузаш дан (вайна хIуманан меха а ца хетта уьш, церан мах хуучара, мах боцчу бехчалгех вай Iехош, луларчу мехкашка дIакхехьна долу), хьуьнаре хилла къам талорех хене дер дац я дала гIертар дац, и къам тахана-селхана дуьнена даьлла дац, иза шен генара орамаш долуш ду. Иштта долу къам сий-лараме хила дезаш ду. И ойла чIагIъярна тIехьажийна бу Сайд-Мохьмадан Iилманан белхаш.

БIаьрзе воцчунна гуш ду, къоман долчунна (Iер-дахаран ламасталлин хьелашна, маттана, гIиллакх-оьздангаллина, культурина) вай мел херадевлла. Цхьаверг, иза заманан хилаза цадериг ду бохуш, бен доцуш Iа, важа, цунна дуьхьал даккха хIума цахиларх тешна, ша гIорасиз хеташ Iа, кхиверг, оцу херадовларо къам дацараллина тIедуьгуш хиларх тешна, шен ницкъ ма-ббу цунна дуьхьал гIерта. Оцу кхоалгIачарех ву Сайд-Мохьмад.

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин сема гIаролхо хилла лаьтта иза. Цунна бIаьрла тоьшалла ду 2016-чу шарахь цо арахецна «Нохчийн гIиллакхех» книга. Нохчийн Республикин къоман библиотекехь дIадаьхьначу книга йовзийтарехь Iеламнаха, Iилманчаша, яздархоша, юкъараллин гIуллакххоша дукха лакхара мах хадийна Iилманан болх бу иза.

Тахана пачхьалкхан тIегIанехь уьйъуш ду къоман гIиллакх-оьздангаллин буха тIехь кегийрхой кхетош-кхио
безар а, дахаран дерриге а дакъошкахь нохчийн ламасталлин культура айъа езар а, тIеэцна тIекхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиоран концепци а ю. Оцу декъехь болх бечу культурин а, дешаран а, кегийрхойн юкъараллин организацийн а белхахошна а, ткъа иштта дай-наношна а доккха совгIат ду и книга. Нохчийн салам-маршалла хаттарх, хьаша-да тIеэцарх, шун хIотторах, синкъерамах, ловзарх, зуда ялорах-ерзорах, пхьоьгIанах, тезетах, кхечу синмехаллех лаьцна долчу дуккха а хаттаршна жоьпаш карор ду книги тIехь.

Iилманан балхаца цхьаьна, могашалла дIора дика а йоццушехь, Сайд-Мохьмада мало ца йо Дуьненаюкъарчу а, Ерригроссин а, республикин а Iилманан конференцешкахь а, телепередачашкахь а, хьехархошца цхьаьнакхетаршкахь а жигара дакъалаца.

Дахарехь охьенаш лехна вац иза, шен хьашташ хьалхадаьхна лелла вац. Ша кхайкхош, дуьйцуш дерг деза-доккха хеташ, ша йоху ирхенаш шен хьаналчу хьацарца йохуш, нохчичун цIе ларъян гIерташ, хIокху дийне ваьлла а ву.

Хь.АБОЛХАНОВ

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: