ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу М.Миллионщиковн цIарахчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетехь «Росси – вайн юкъара цIа» Ерригроссин студентийн IV форум дIаяьхьира.
Цигахь дакъалоцуш вара Россин Iилманийн академин Хь.Ибрагимовн цIарахчу комплексни Iилманан-талламан институтан директор Батаев Дени, оццу институтан философин Iилманан доктор Акаев Вахита, Нохчийн Республикин Iилманийн академин Гуманитарни талламийн институтан директор Магомаев Супъян, иштта Къилбаседа Кавказан федеральни округан ВУЗ-ра, СУЗ-ра а, Россин кхечу регионашкара а студенташ.
Форум дIайолош хьешашка маршалла а хоттуш, вистхилира оццу университетан кхетош-кхиоран а, социальни а декъехула проректор Салгириев Рустам.
Шен къамелехь цо билгалдаьккхира маьрша Росси ларъярехьа хIокху тайпа цхьаьнакхетарш студенташна пайдехь хилар а, вовшашца йолу юкъаметтиг а ларъеш, къаьмнаш, дин ца къестош, Россехь бертахь даха дезаш хилар а.
– Форумна «Росси вайн юкъара цIа» цIе тиллар ларамаза дац. Россехь дехаш дуккха а къаьмнаш ду, шайн-шайн дин ду церан. Вайна юкъахь питана даржо гIерташ дуккха а зуламхой бу, амма вайн цхьаалло толам боккху даима. Шуьгахь, студенташкахь ю пачхьалкхан кхане, ша-ша тола а ца гIерташ, цхьабарт а, вовшашца ларам а болуш даха деза шу, – элира Р.Салгириевс.
ГIебартойн-Балкхаройн пачхьалкхан университетан студенткас Текуева Жамиляс шен докладехь тидам тIебахийтира Россин къаьмнашна юкъарчу юкъаметтигашна.
– Дукха къаьмнаш долчу муьлххачу а пачхьалкхехь само еза къаьмнашна юкъахь барт латто. Таханлерчу дийнахь дуьненахь долу хьал гуш ду вайна. Россехь дехачу къаьмнашна юкъахь питана ца долуш, къахьоьгуш
бу дозанал арахьара вайн мостагIий. Ткъа Юххерчу а, Генарчу а Малхбалехь, бусалба динах байракх йина,
нахехь къизалла латтош бу уьш. Россехь маьрша вехаш волчу хIора стеган декхар ду кхечу къомах я кхечу динехь волу стаг ларар. ТIаккха вайна юкъахь терроризм, экстремизм хир яц, – бохура цо.
Вайн студенташа терроризм а, экстремизм а цахилийта муха къахьега деза а, культурин а, экономикин а, Iилманан а декъехула кхечу студенташца (хинболчу говзанчашца) юкъаметтигаш муха хила еза а дуьйцуш докладаш йира форуман кхечу дакъалацархоша а.
Цигахь дакъалаца леринарг 50 студент бен ца хиллехь а, дакъалоцуш хилларш, шозза алсам бара. Россин бахархойн Iер-дахар кхин а тодарехь, керланиг юкъадалорехь, диканиг тIечIагIдарехь дан дезачух лаьцна дийца лууш вара хIора а студент.
ВЕГИЕВА Макка
Суьрташ тIехь: форуман дакъалацархой
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо