Тхан рузма

Мангалан (июль) беттан 10-гIа де, 1934-гIа шо. Шелахь вина Ибрагимов Хьамзат, химин Iилманийн доктор.

ТIехдика дешарца чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан физикин-математикин факультет, цул тIаьхьа дийшира махкахь тоьллачу дешаран заведенин – МГУ-н – физикин факультетан аспирантурехь.

Республикин Iилма кхиорехь дуккха а мехалчу дIадолорийн юьххьехь лаьттина Хьамзат. Иштта, цо жигара дакъалецира хьехархойн институтан буха тIехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет йилларехь (1972 шо). 1970-чу шарера 1987-гIа шо кхаччалц институтан-университетан проректор лаьттира Хь.Ибрагимов.

ЧИГУ-н физикин факультетехь Хь.Ибрагимовс дуьххьара кечбан болийра аспиранташ.

1992-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь Нохчийн Республикин Iилманийн академи вовшахтохаран Советан куьйгалле хIоттаво. Академи йилличхьана ша кхалххалц цуьнан коьртехь а лаьттина.

Оцу воккхачу Iилманчин цIарца доьзна ду Нохчийн Республикехь Россин Iилманийн академин (РАН) Iилманан-талламан комплексни институт схьаеллар а.

Ибрагимов Хьамзатан Iилманан белхан лаккхара мах хадош, 1983-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн АССР-н Iилманан хьакъволу гIуллакххо», 2004-чу шарахь «Россин Федерацин Iилманан хьакъволу деятель» сийлаллин цIерш елла цунна.

Кхалхар хилла 2006-чу шарахь.

Мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 1939-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вина Хакишев Руслан, режиссер, Россин Федерацин халкъан артист, Россин Пачхьалкхан совгIатан лауреат.

Дешна Ленинградерчу театран, музыкин, кинематографин институтехь. 1962-чу шарахь цо чекхъяьккхира оцу институтан актерийн, ткъа 1968-чу шарахь режиссерийн факультеташ.

Режиссеран кхоллараллин дерриге дахар Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан театраца дозаделла ду. Цуьнан сцени тIехь хIиттийна цо хьовсархоша дика тIеэцна а, театроведаша лаккхара мах хадийна а йолу спектаклаш: Г.Лоркин «ЦIий Iанийна ловзар», А.С.Пушкинан «Ун даьржича хIоьттина той», Н.Гоголан «Ревизор», «Зудаялор», М.Мусаевн «Таймин Бийболат», шен сценарица хIоттийна «Дай баьхна латта» (Нохч-ГIалгIайн АССР-н Пачхьалкхан совгIатца билгалъяьккхина и спектакль), С.-Хь.Нунуевн «Дела воцург накъост воцуш…», А.Экзюперин «Жима Эла», Ш.-Б.Мольеран «Скапен, ларбе безам», иштта кхин а.

Россин Пачхьалкхан совгIатца билгалъяьккхира шен сценарица хIоттийна йолу «Вайнехан иллеш» спектакль а. Россин Федерацин Президент волчохь йолчу культурехула Советан декъашхо а, Х.Нурадиловн цIарахчу театран коьрта режиссер а ву тахана Р.Хакишев.

Мангалан (июль) беттан 11-гIа де, 1966-гIа шо. Курчалой-Эвлахь вина Кацаев Сайд-Хьасан, яздархо, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделенехь. Белхаш бина школехь хьехархо, Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин институтан Iилманан белхахо, Курчалойн кIоштан дешаран отделан куьйгалхо волуш, ткъа иштта цхьацца хаамийн гIирсашкахь а.

Карарчу хенахь Курчалойн кIоштан «Машар» газетан коьрта редактор ву. Яздан волавелла студент волуш дуьйна. Дуьххьарлера дийцарш зорбане дийлина «Орга» журналан, «Даймохк» газетан агIонаш тIехь, юкъарчу гуларшкахь. «Бодашкахь», «Молла-Несартах лаьцна дийцарш», «Студентан дийцарш», «Яздархочун школа» книгийн автор. 2013-чу шарахь араяьлла яздархочун хаьржинчу гуларийн хьалхара том.

Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат. Россин Яздархойн а, Журналистийн а союзийн декъашхо.

Мангалан (июль) беттан 12-гIа де, 1941-гIа шо. Дагестан Республикин Хасавюьртахь вина Хизриев Хьаьжа, историн Iилманийн кандидат.

Дешна Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан университетехь. Къинхьегаман некъ дIаболийна 1968-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн мохкбовзаран музейхь Iилманан белхахо волуш.

1971–1995-чуй шерашкахь болх бо Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин Iилманан-талламан институтехь (Iилманан белхахо, секторан заведующи волуш).

1987-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетехь хьехархочун болх беш ву. Iилманан 130 сов белхан автор. Царна юкъахь ю «Кавказцы против Тимура» монографи а. Соавторшца цхьаьна дакъалаьцна «Къилбаседа Кавказан къаьмнийн историн» хьалхара том язъеш а, иштта «Нохчийчоьнан историн» хьалхара том язъеш а. Къилбаседа Кавказан а, Нохчийчоьнан а ширачу а, юккъерчу бIешерийн а историн вевзаш волу говзанча.

Мангалан (июль) беттан 15-гIа де, 1924-гIа шо. Йоккхачу АтагIахь вина Эсамбаев Махьмуд, гоьваьлла хелхарча, СССР-н халкъан артист.

Шен ворхI шо кхаьччахьана дуьйна ловзаршкахь хуьлура иза, чIогIа хаза хелха а волура. 15 шо кхаьчча, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан иллин, хелхаран ансамблан солист волуш, дIаболабо шен кхоллараллин некъ. Цул тIаьхьа – Пятигорскера оперетта, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман фронтан концертийн бригадашкахь дакъалацар, гIиргIизойн операн, балетан театр, 1957-чу шарахь дуьйна цхьана актеран-хелхарчин хелхаран театр. «Макумба», «Дашо дела», «Испанин мукъамаш», «Автомат», «Портняжка», «Даймахке безам» хелхарш юкъадогIучу «Дуьненан халкъийн хелхарш» программица дерриге дуьненахула чекхвелира иза.

М.Эсамбаевх лаьцна я цо дакъалоцуш яьхна исбаьхьаллин а, документийн а кинофильмаш: «Хелхаран дуьненахь», «Со хелхавийр ву», «ГIургIезийн Iам», «Санниковн латта», кхиерш а.

СССР-н халкъан артист, Социалистически къинхьегаман турпалхо, дуьненаюкъарчу конкурсийн кхузза лауреат, дуккхазза а СССР-н, РСФСР-н, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советийн депутат. Эстрадин искусствон деятелийн дуьненаюкъарчу союзан президент.

Кхалхар хилла 2000-чу шарахь.

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: