Луларчу регионашкахь

«Газпроман» проекташ

МАЙКОП. Регионна газификаци яран барам лакхабаккхаран Iалашонца цхьамогIа проекташ кхочушъян билгалдина «Газпромо». Цара таро хуьлуьйтур ю республикехь энерги тоьаш цахиларан гIуллакхаш къастийна цхьалхадаха.

Цунах лаьцна хиира дIабаханчу беттан тIаьххьарчу дийнахь дIаяьхьначу газан холдинган акционерийн шеран гуламан жамIаш дича. Кху шарахь республикехь кхаа поселкана юккъехь газопровод юьллур ю. Цо Красногвардейскан, Майкопан, Шовгеновскан кIоштийн бахархошна юьззина кхачойийр ю газаца.

Карарчу хенахь говзанчаша дIадолийна Гиагинскан, Красногвардейскан кIошташкахь пхи газопро- вод йилларна сметин документаш кечдар. Иштта билгалдеш ду Тахтамукайскан, Шовгеновскан кIошташкахь кхин а кхоъ йиллар.

Билгалдаккха догIу тIаьххьарчу шина шарахь (2015–2016 шш.) газан холдинго Адыгейхь газификаци ярна цхьа миллиард сом гергга ахча юкъадиллина хилар. Оцу ахчанах кхойтта поселкана юкъахь шен юкъара йохалла 152 километр йолу газопроводаш ехкина. Ткъа регионна газификаци яран барам 91,8 проценте кхаьчна. Iаламат лакхара гайтам бу иза.

Корматалла лакхаяьккхира

ХIИНЖА-ГIАЛА. Дагестанан школийн бIе хьехархочун маьхза корматалла лакхаяккхаран курсаш чекхъяха таро хилийтинчу «100 хьехархо» аьлла йолчу проектан жамIаш дира кху деношкахь регионан пачхьалкхан университетан ректоратехь.

Университетан ректора Рабаданов Муртазалис дешаран барам лакхабаккхарехь оцу проекто лелийна маьIна билгалдоккхуш, хьалха хIоттийра иза яртийн школашкахь а яржо езаш хилар.

Коьрта проекташ кхиорехула Дагестанан куьйгалхо волчохь йолчу кхеташонан председателан заместитела Гиндиев Абдулхалика тидам тIебахийтира университетаца цхьаьна Махачев Гаджин фондо и проект кхочушъяр мехала гIуллакх хиларна. Ткъа фондан президента Магомедова Патимата дIахаийтира «100 хьехархо» проектан декъашхоша университетехь шайна делла хаарш шуьйра даржа а деш, царах балха тIехь хьехархоша буьззина пайдаоьцург хиларх ша тешна хилар.

Республикехь и проект кхочушъеш йолу кхоалгIа шо ду. Хьалхарчу шина шарахь корматалла лакхаяккхаран курсаш чекхъяьхна 280 хьехархочо.

Даздарш дIадаьхьира… Лондонехь

МАГАС. ГIалгIайчоьнан шуьйрачу хаамийн электронни гIирсаша бечу хаамашца республикин 25 шо кхачар дуьххьалдIа регионехь даздина ца Iа. Цара чIагIдарехь, гIалгIайн дахарера и боккха хилам билгалбаьккхира Великобританин пачхьенехь Лондонехь а – Кройдонан ресторанан банкетан залехь. Оцу махкахь гIуллакх деш йолчу «Вайнахи Великобритании» организацин куьйгалхочо Хашагульгов Хайруддина дийцарехь, шайн берашца цхьаьна цига гулбеллера гIалгIайн а, нохчийн а къомах болу 150 сов доьзал.

Доккха хьашт хиларца къамел хилира ГIалгIайчоьнах, цуьнан тахана болуш болчу кхиамех, хиндолчух. Стоьлаш тIехь къоман даарш, зала чохь бека къоман мукъамаш, хIайт-аьлла ден къоман хелхарш. Иштта дIадахара еххачу ханна хIораннан а дагахь дуьсу долу и башха даздарш.

Хайруддина дийцарехь, оцу махкахь вайнаха шайн цIе ларйина ца Iаш, вайн халкъийн, дийнна Россин сий лардо, даггара дозалла до цIахь хуьлуш болчу дикачу хийцамех, лору шайн гIиллакхаш, ламасташ. Тахана махках хаьдда белахь а, шаьш вайнах хилар даима а дагахь латтадо цара.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: