«Даймохк» газет

Мехкан политикин дахарехь баккхий хийцамаш хуьлуш, чолхе деанчу 1990-чу шарахь Ю.Айдаевн меттана «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор чIагIвира республикехь дика вевзаш волу яздархо, поэт Абдулаев Леча.

Редакцехь цо шен болх дIаболийра цхьамогIа хийцамаш барна тIера. Газетан агIонаш тIехь ма-ярра йийца йолийра вайн истори, гIиллакхаш, Iадаташ, ненан мотт, вайн къоман бакъболу турпалхой, царна юкъахь А.Абдурахманов а, иштта вайн эвлаяаш а, устазаш а.

Вайн исторехь дуьххьара иштта динан хьокъехь йолу материалаш а зорбатоха йолийра. Газетан «Ленинан некъ» цIе «Даймохк» аьлла хийцира.

Дукха хан ялале орамашкара дуьйна хийцира газетан чулацам, цуьнан кеп, хатI. Нагахь санна хьалха «Ленинан некъехь» политикин, официальни материалашна йоккхах йолу меттиг дIакъастош хиллехь, «Даймохкехь» иза дIа а теттина, нохчийн къоман долчунна, цуьнан историна, гIиллакхашна, ламасташна, маттана, культурина, син-хьашташна боккха тидам тIебахийта болийра. Коьртачу декъана гочъеш хиллачу официальни материалийн меттана, юкъаяло йолийра публицистикин жанр. Иза дарца журналистийн йоккха таро хилира газетдешархойн шега доккха хьашт долчу гIуллакхех лаьцна цаьрга шайн дош ала, церан сагатдеш, царна оьшуш долчух лаьцна даррехь дийца. Долуш долчу хьолах кхеташ доцуш, хиндолчух тешам байна хиллачу хьелашкахь газетан таро хилира шен балхахь нийса некъ харжа а, долуш долчу юкъараллин политикин хьолан нийса мах хадо а, газетдешархошна иза довзийта а.

Газетан юьхь йолош болу «Массо а мехкийн пролетареш, цхьаьнакхета!», аьлла болу кхайкхам хийцира республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а цIеяххана вевзаш волчу яздархочун Мамакаев Мохьмадан ненан маттах лаьцна долчу доккха маьIна долчу дешнашца: «Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц».

И кхайкхам газето зорбатухучу материалийн коьрта тема хилла дIахIоьттира. Нохчийн мотт кхиорах, цуьнан дикаллех, мехаллех лаьцна йолу материалаш зорбатухура тайп-тайпанчу рубрикашца: «Хьайна ненан мотт безахь», «Ненан меттан хьехархо», кхиерш а.

Редакце балха баьхкира лаккхара корматалла йолу журналисташ Ицлаев Iабдулла, Байхаджиев Зайнди, Юнусов Хьамзат, цуьнан хIусамнана Юнусова Роза, Умхаев Хьамзат, Аболханов Хьаьким, Сумбулатов Дени, кхиберш а.

Республикехь а, дийнна махкахь а долу юкъараллин-политикин хьал хийцаделла, чолхе хилла дIахIоьттича, юкъараллехь дIахIоьттинчу хьолехь зорбанан дашо кхин бан пайда цагарна 1993-чу шеран асаран (июнь) баттахь газетан коьртачу редакторан болх битина, шен лаамехь дIавахара Абдулаев Леча. Цул тIаьхьа «Даймохк» газетан коьрта редактор хIоьттира лаккхара корматалла йолу журналист Сумбулатов Дени.

Оцу хенахь республикехь кегарий хилар бахьана долуш лартIехь болх дIа ца боьдуш, иза арахеца Iедалера материальни таро ца кхочуш, юкъ-кара газет арахоьцуш, 1996-гIа шо кхаччалц редактор лаьттира Д.Сумбулатов. ТIаьххьара а газет арадолучуьра сецира.

Ша тIекхочуш дерг дерриге а отуш, дохош, дагош, оьккхуьйтуш, тIом Соьлжа-ГIалара тIехбаьллачул тIаьхьа «Даймохк» газетан гуттар а дог хилла лаьттинчу журналисташа тIеман тIех чолхечу хьелашкахь 2002-гIа шо долалуш юха а арахеца долийра пхеа шарахь ара ца долуш лаьттина «Даймохк» газет.

Оцу уггаре а луьрачу хенахь ХIинжа-ГIала, Теркан кIоште, кхечанхьа а оьхуш, шайн дахарна боккха кхерам а болуш, луьрачу посташкахь сецош, чIогIа халачу хьелашкахь, цкъацкъа шайн чоьтах а, газет арахийцира хIетахь тайп-тайпанчу хенашкахь «Даймохкан» коьрта редакторш хиллачу Цуруев Шерипа, Аболханов Хьаькима, Шамсудинов Бувайсара.

Ала деза газет юха арахеца долийначу муьрехь цунна Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас мах хадийна цаваллал материальни а, моральни а доккха гIо дина хилар.

2002-чу шарахь газетан коьртачу редакторан балха еара Сатуева Луиза. 2003-гIа шо чекхдолуш юха а коьрта редактор хIоьттира республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а цIеяххана вевзаш волу халкъан яздархо, поэт Абдулаев Леча. Республикехь тIемаш хиллачул тIаьхьа газет юха а арахеца долош а, цул тIаьхьарчу халачу муьрехь а редакцехь болх беш бара шаьш хаьржинчу корматаллина дуккха а иттаннаш шераш дIаделла болу журналисташ: редакторан хьалхара заместитель, яздархо Шамсудинов Бувайсар, редакторан заместитель Дадаев Сайд-Хьасан, жоьпаллин секретарь – хIокху могIанийн автор, культурин отделан редактор Аболханов Хьаьким, политикин, экономикин отделан редактор Арсанукаев Муса, корреспонденташ: Магомаев Ширвани, Газиева Аза, Кузаев Махьмуд, Алиев Iаьлви, Дашаев ШаIрани, Яхъяев Хьасамби, Саралиева Табарк, Дудаева Билкъис, Давлетбаев Элихан, Абдулаев Адам, Эльдерханова Зайнап, Мусипов Руслан, Сагаева Залина, Ибрагимова Лиза.

Газетехь дикка шерашкахь болх бира Абдулаев Мохьмада, Курбанов Вахас. Шайн декхарш хьанал кхочушдеш бара корректорш Асиева ПетIамат, Ахмадова Зульфия, суьрташ доху корреспондент Истамулов Рамзан, жоьпаллин секретаран заместитель Абубакарова Седа, газетан верстка еш волу Абубакаров Рамзан, зорба лахьоран говзанчаш Шовхалова Марет, кхиберш а.

2012-чу шарахь «Даймохк» газетан редактор чIагIвира республикехь а, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш волу яздархо, поэт, публицист, юкъараллин гIуллакххо Шамсудинов Бувайсар. Газетан керлачу куьйгалхочо редакцин коллективан болх жигарабаьккхира, иза тIехьажийра Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, ткъа иза кхелхинчул тIаьхьа цуьнан кIанта, шен ден гIуллакхаш хьакъ ма-дду дIакхоьхьуш волчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана а бандтобанашца латтош болу къийсам, тIамо йохийна йолу республикин экономика, социальни дакъа меттахIотторехь, республикин бахархойн дахар тодарехь, дуьненаюкъарчу юкъаметтигашкахь Нохчийн Республикин а, цуьнан халкъан а сий-ларам лакхабаккхарехь деш долу мехала гIуллакхаш газетдешархошна хьакъ ма-дду довзийтарна.

Газето хаддаза яздо А.-Хь.Кадыровн дахарх а, цуьнан гIуллакхех а, Кадырова Аймани президент йолчу А.-Хь.Кадыровн цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондан беркатечу гIуллакхех а лаьцна. Тидам боцуш ца дуьту республикин куьйгалло кIоштийн туьшаш, ярташ тоярехь, республикина инвестицеш юкъаяхкар, юьртан бахам, могашалла Iалашъяр, дешар, Iилма, культура, литература, социальни дакъа, арахьара зIенаш кхиорехь, бахархой ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорехь, спорт, физически культура кхиорехь, вовшашна юкъахь чIир йолчу доьзалшна юккъехь маслаIат дарехь, Iаьрбийн пачхьалкхийн халкъашца долу гергарло чIагIдарехь деш долу гIуллакхаш. Газетан хаддаза юьйцуш йолу тема ю республикерчу а, луларчу республикашкарчу а, дийнна схьаэцча, Россин регионашкарчу а халкъашца долу вежараллин доттагIалла чIагIдар. И материалаш ло «МеттахIоттор», «Iедалера хаамаш», «Республикин Правительствехь», «Республикин Парламентехь», «Юкъаралла», «Стаг шен меттехь», «ГIишлошъяр», «Экономика», «Могашалла Iалашъяр», «Дешар», «Кхетош-кхиор», «Спорт», «МаслаIат», «Нохчийчоь – цхьабарт болчу халкъийн хIусам», кхечу а рубрикашкахь.

Газетехь хаддаза зорбатухуш ю керла гIишлошярх, мехкадаьттан, газан промышленностан, энергетикин, хIусамийн-коммунальни бахаман, махлелоран, транспортан, зIенан, некъаш даран, бизнесан, дешаран, культурин белхахойн балхах лаьцна йолу очеркаш, зарисовкаш, статьяш.

Тайп-тайпанчу жанрашкахь хаддаза яздо чоьхьарчу гIуллакхийн, бакъонаш ларъяран кхечу органийн, бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран ведомствийн белхахойн хIора дийнахь болчу белхан хьокъехь.

Амма газето къаьсттина шена тIе тидам бохуьйтуш йолу тема ю, хьалха а санна, ненан мотт, къаьсттина йозанан мотт кхиор, къоман дахарехь цуьнан маьIна, меттиг йовзийтар. Газетан агIонашна тIехь маттах лаьцна дуьйцучу хенахь пайдаоьцу тайп-тайпанчу жанрех а, рубрикех а. Уьш ю: «Къоман хьашт», «Мотт ца хилча – къам дац», «Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан чIагIо ю ненан мотт», иштта дIа кхин а.

Редакцин журналисташа ненан мотт кхиоран а, газетдешархошна цуьнан башхалла, мехалалла йовзийтаран а болх жигарабаккхарна доккха маьIна долуш хилира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оханан (апрель) беттан 25-гIа де Нохчийн меттан де дина дIакхайкхоран хьокъехь 2007-чу шеран хIутосург (май) беттан 5-чу дийнахь Указ тIеэцар. Иза нохчийн мотт кхиорна а, цунна оьшу таронаш кхолларна а доккха гIолацар а, вайн юкъараллехь ненан меттан маьIнин нийса мах хадор а, нохчийн маттахь газет арахоьцуш болчу журналистийн балхана чIогIа дог-ойла гIаттор а ду.

Журналисташа яздо республикехь хIора дийнахь дечу гIуллакхех лаьцна: маьждигаш, хьуьжарш яхкарх, зераташ тодарх, спортан, хIусамийн гIишлош ярх лаьцна. Тидам боцуш ца дуьту зуламаш дарна, наркотикаш лелорна, маларш мийларна дуьхьал бакъонаш ларъяран органаша деш долу гIуллакхаш, дуккха а кхидерш а.

Газете балха баьхкина журналистан сийлахь корматалла шайн дахаран къилба дина, хаьржина болу керла белхахой. Уьш бу коьртачу редакторан заместитель Абдулмуслимов Руслан, жоьпаллин секретарь Мусаева Асет, политикин, экономикин отделан куьйгалхо Хасаханов Ислам, корреспонденташ Лорсанова Зарета, Ибрагимова Лиза, Авхадова Хьава, Муртазов Iадлан, Вегиева Макка, Юнусов Мохьмад, Аслаханова Хеда.

Хьанал болх беш бу корректорш Магомаева Марем, Юсупова Лариса, компьютера тIехь зорбатухуш йолу Баудинова Медина, Дадаева Яха.

Шайн декхаршца дика ларабо коьрта бухгалтер Хацаева Зарина, Бексултанова Макка, ткъа иштта Шапошник Виктория, Дардаева Медни, Туршиев Асламбек, кхиберш а.

Карарчу хенахь «Серло», «Ленинан некъ» газетан оьзда, сийлахь гIиллакхаш хьакъ ма-дду дIакхоьхьуш ю «Даймохк» газетан журналистийн бертахь коллектив, шен коьртехь говза вовшахтохархо, белхан доккха зеделларг долу журналист, вайн республикехь хилла ца Iаш, цуьнан дозанал арахьа а дика вевзаш волу нохчийн яздархо, поэт Шамсудинов Бувайсар а волуш.

Газетан редакторш

Эльдарханов Таьштамир – 1923-гIа шо («Советская Автономная Чечня»).

Арсанов СаьIид-Бей – «Серло» газетан хьалхара редактор.

Саламов Iабдулхьамид – 1925–1927-гIий шераш («Серло»).

Эльдарханов Iийса – 1927-гIа шо («Серло»).

Мехтиев Хьасан – 1931–1934-гIий шераш («Серло» – «Ленинан некъ»).

Магомаев Хасмохьмад – 1934-гIа шо («Ленинан некъ»).

Абазатов Мохьмад – 1955–1957-гIий шераш («Къинхьегаман байракх», Казахийн ССР-н Алма-Ата гIала).

Габисов Бисолта – 1958-гIа шо («Ленинан некъ»).

Шаипов Iийса – 1958–1963-гIий шераш («Ленинан некъ»).

Мехтиев Хьасан – 1963–1971-гIий шераш «(Ленинан некъ»).

Габисов Бисолт – 1971–1980-гIий шераш («Ленинан некъ»).

Айдаев ЮшаI – 1980– 1990-гIий шераш («Ленинан некъ»).

Абдулаев Леча – 1990– 1993-гIий шераш («Даймохк»).

Сумбулатов Дени – 1993–1996-гIий шераш («Даймохк»).

Сатуева Луиза – 2002–2003-гIий шераш («Даймохк»).

Абдулаев Леча – 2003–2012-гIий шераш («Даймохк»).

Шамсудинов Бувайсар – 2012-гIа шо – карарчу хенахь а («Даймохк»).

Тайп-тайпанчу хенашкахь «Ленинан некъ» газетан редакторш хилла Шахгириев Ахьмад, Мамакаев Мохьмад, Хаджиев Ризван, Арсанукаев Халид, Чалаев Билал.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь мехкан паргIатонехьа леташ, кхелхина газетан редакторш хилла болу Межидов Зелимха, Имадаев Мохьмад.

Газетан редакторийн хьокъехь 1934-чу шарна тIекхаччалц болу буьззина боцу хаамаш балабо «Нохчийчоьнан историна» а, «Ленинан некъ» газетан 1958-чу шеран хIутосург (май) беттан 7-чу дийнахь араяьллачу номерехь зорбатоьхна йолчу Нохч-ГIалгIайн историн, меттан, литературин, Iилманан-талламан институтан Iилманан белхахочун С.Эльмурзаевн «Газетан исторех лаьцна» йолчу статьяна а, «Ленинан некъ» газетан 50 шо кхачаран юбилейна цIеяххана вевзаш волчу яздархочо М.Мамакаевс леррина язйина хиллачу «Серлонан – 50 шо» цIе йолчу статьяна а, «Ленинан некъ» газетан цхьамогIа кхечу материалашна а тIера, царна тIехь билгалдаьхна шераш а гойтуш.

Ткъа 1955-чу шарахь дуьйна Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетан а, ткъа 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьа оццу шеран асаран (июнь) баттахь дуьйна юха а арахеца долийначу «Ленинан некъ», ткъа цул тIаьхьа «Даймохк» газетийн а редакторех лаьцна хIокху могIанийн автора оцу газеташкахь цаьрца цхьаьна болх бина хиларна шена бовзарца яздина ду.

Цундела царах лаьцна болу хаамаш билггал бевзаш бу.

С.МАГОМАЕВ

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: