М. Тагиев «Машук 2014» форуман толамхошца цхьаьнакхийтира

Кегийрхойн ц1ийнехь Къилбаседа Кавказан дешаран «Машук – 2014» форуман конкурсан толамхошца цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин кегийрхойн  г1уллакхийн министр Тагиев Мурад.

Кху шарахь Нохчийчуьра 45 стагна грант лур йолуш ю, цара оцу конкурсехь толам баккхар бахьана долуш). Конкурсан толамхоша министре дийцира шайн проектех лаьцна а, уьш чекхйохуш хиллачу халонех лаьцна. Цара билгалдаьккхира «Машук – 2014» йолаялале хиллачу «Предмашук» этап-форумо оцу конкурсехь кхиамца дакъалацарехь доккха г1о дина хилар. Цара, Тагиев Мурадна доккха  баркалла элира и этап-форум вовшахтохарна.

Шен къамел долош Тагиев Мурада толамхошна т1едиллира шайн проекташ тесна ца юьтуш, царна т1ехь къахьегар а, схьалаьцнарг муьлхха а некъ белахь а, беш болу болх жигарабаккхар а.

«Со тахана ч1ог1а воккхавеш  ву шун оцу форумехь дика кхиамаш хиларна. Иза цхьа а шеко йоцуш, шу хьуьнаре хиларал сов, аш хьегначу къинан жам1  ду. Аш эрна хан ца йойъу, мел дерг бохург санна, довза а, 1амо а г1ерта. Уггаре халаниг иза шена т1ехь къахьегар ду. Низам хила деза. Шуна хаа деза 1амийнарг, иза х1уъа а делахь, дахарехь карориг хилар. Цундела шайн хаарийн «т1оьрмиг» буза беза, х1ора денна цхьацца  «т1улг» чу а буьллуш. Деша луучунна тахана регионан куьйгалло массо а хьелаш кхоьллина. Ткъа аш дан дезарг иза, шайна хьалха 1алашо а х1оттийна, и кхочушъян хьажар ду. Шуна оьшучунна т1ехь накъосталла дан кийча кегийрхойн г1уллакхийн министерство а ю. Аш долийначу пайдехьчу муьллхачу х1уманна т1ехь оха даккхийдерца г1о дийр ду», – элира кегийрхойн г1уллакхийн министра Тагиев Мурада.

Х1окху шарахь хилла йолу Къилбаседа Кавказан кегийрхойн форум «Машук – 2014» Пятигорскехь 5– 17-чуй августехь д1аяьхьира. Цигахь дакъалоцуш Къилбаседа Кавказера а, Ставрополан крайра а, Эрмлойчуьра а, Вьетнамера а, Г1ирг1изойчуьра а, Къилба Х1ирийчуьра а, Абхазера а пох1ма долу 2500 жима стаг вара. Царна юккъера 250 жигархо Нохчийн Республикера вара.

И форум д1ахьош, кегийрхоша 1500 дешаран, кхоллараллин а, самукъадаккхаран а мероприятехь дакъалецира. Ткъа цига бизнесменаш а, спортсменаш а, актераш а, изобретательш а, Россин  юкъараллин а. политикин а г1уллакххой баьхкира.

Билгалдаккха лаьа, оцу форуман гурашкахь Нохчийн Республикерчу кегийрхоша итт миллион ца кхочуш ахча даьккхина хилар.

А.АБДУЛАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: