Кадыров Рамзан: «Ирс долуш стаг хили Iимран, нохчийн дерриге а халкъо кадам а беш!»

Хууш ма-хиллара, хIокху деношкахь, харцдуьненахь яккха тоьхна хан чекх а йолуш, бакъдуьнена вирзина Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан артист, Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо, композитор, поэт, нохчийн халкъан гIарабевллачу кIентех цхьаъ волу Усманов Iимран.

Цуьнан тезета юьртара а, кIоштара а, махкара а баьхкина ца Iаш, луларчу ГIалгIайчуьра а, Москвара а цхьаьна нах баьхкира.

Уьш берриге а оцу тезета баьхкинера – бакъдуьнена вирзина Iимран шайна вевзаш а, везаш а, шаьш лоруш а хиларна, цуьнан гергарчаьрга кадам бан, шайна халахетаран дакъа кхаьчна хилар хаийта.

Иштта, Iимранан тезета вахара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цуьнца цхьаьна республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар а, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад а, чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев ВахIит а, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам а, кхиберш а.

Ша Iимранан тезета вахана хиларх лаьцна хаам, цунах (Iимранах) йолу шен дог-ойла нохчийн маттахь йовзийтина республикин Куьйгалхочо инстаграмерчу шен агIонехь.

«Ассаламу Iалайкум! Стеган мах хадоран дуккха а некъаш ду. Цхьаверг сихха веза а лой, дукха хан ялале адамийн дегнашкара охьавужу, халкъан шеца болу ларам ларбан а, Iалашбан а ницкъ, хьекъал, доьналла ца тоьий.

Тахана со шен тезета вахана волу Усманов Iимран шатайпа стаг хиллера. Цунна хиира шен халкъаца ваха, цунна дезарг хаа, цуьнан бала балхо, лазам бийца, кIентийн дегнаш айъа, гIиллакхаш дийца, безам хасто.

Шен дерриге а дахар дIаделира Iимрана нохчийн къомана хазаниг, диканиг марздалийта, дезийта гIерташ. Iимран жима стаг волчу хенахь санна, зевне декара цуьнан аз кхузткъа шарал тIехваьлча а.

Харцдуьненахь йоккху хан чекхъяьлла, вайх къаьсти Iимран. Вайна санна, Везачу Далла а воьзийла иза. Везачу Дала ийманца собар лойла цуьнан доьзална!

Ирс долуш стаг хили Iимран, дерриге а нохчийн халкъо шена кадам а беш дIаваха иза!», – яздина республикин Куьйгалхочо.

И.ИСЛАМОВ

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: