Мангалан (июль) беттан 11-чу дийнахь Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан председателан дарже Гардалоев Iалавди хIоьттина хилар хозуьйтуш даздаран гIуллакх дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь (Россин Президентан Путин Владимиран 2017-чу шеран асаран (июнь) беттан 9-чу дийнахьлерчу №255 йолчу Указаца хIоттийна Гардалоев Iалавди оцу дарже).
Оцу даздаран гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин Лакхарчу суьдан председателан заместитела Рудаков Сергейс, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Къилбаседа Кавказан Федеральни округан субъекташкарчу Лакхарчу суьдийн председательша, Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан суьдхоша, кIоштийн федеральни суьдхоша, кхечара.
Россин Федерацин Лакхарчу суьдан председателан Лебедев Вячеславан цIарах цуьнан заместитела С.Рудаковс Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан керла председатель Гардалоев Iалавди вовзийтира, иза декъал а вира.
Иштта, шен къамелехь цо билгалдаьккхира Нохчийчохь судебни система дика вовшахтоьхна хилар а, оцу декъехь болх беш дика говзанчаш хилар а.
– Нохчийчохь дIадахначу 2015–2016-чуй шерашкахь хьалхарчу инстанцехь уголовни 5 207 гIуллакх, граждански 99 718 гIуллакх, административни 46 718 гIуллакх теллина. Бахархойн конституцин бакъонаш ларъяран декъехь регионехь дIадаьхьначу гIуллакхийн иштта лакхара барам хилар боккха кхиам бу, – элира С.Рудаковс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана керлачу даржаца декъалвира I.Гардалоев: «Со тешна
ву Iалавдих дика а, тешаме а, нахана пайде а, хьанал а суьдхо хирг хиларх. Цо ша болх бечу кхечу даржашкахь, дика цIе а яккхийтина шен. Хьайн балха тIехь баккхий кхиамаш бохуш, тхуна пайде а волуш вехийла хьо. Дала тIаьхье беркате йойла! Дала аьтто бойла хьан, Iалавди», – элира цо.
I.Гардалоевс баркалла элира и дарж шех тешорна.
– Россин Федерацин Президентана Путин Владимирна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна даггара баркалла боху ас сайх и дарж тешорна. Сайх болу тешам ларбан хьожур ву со, – элира цо.
Иштта I.Гардалоевс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас Нохчийн халкъан дуьхьа дина гIуллакхаш дуккха а хилар, таханлерчу дийнахь цо дIаболийначу некъа тIехь вай схьадогIуш хилар а: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжина массо хIуманал а деза дара
халкъан хьашташ. Цуьнан хIора дош а даггара дара, цундела нехан дегнашка дIакхочура. Цо вайн дахар нийсачу хорша дерзийра, цул тIаьхьа дуьйладелира вай даха. Цо беш хилла болу коьрта кхайкхам: «Дала бакъо толайойла!» – иза маьрша суьдан балхаца богIуш бу», – элира цо.
Керла председатель шен даржаца декъалвира Нохчийн Республикин Прокуроран декхарш кхочушдеш волчу Хабаров Николайс, иштта Къилбаседа ХIирийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхойчуьрчу, Дагестанерчу, ГIалгIайчуьрчу Лакхарчу суьдийн председательша.
Вовзийтар: Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдийн председатель Гардалоев Супьянан Iалавди вина 1964-чу шеран кхолламан (январь) беттан 17-чу дийнахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Малгобек гIалахь.
1990-чу шарахь ГIобанан (Кубанан) пачхьалкхан университетан юридически факультетан очни отделени чекхъяьккхина. Суьдхойн говзаллин ялхолгIа класс (Нохчийн Республикин суьдхойн говзаллин коллегин 2014-чу шеран бекарг беттан 27-чу дийнахь тIечIагIдарца).
Юридически декъехь – 20 шарахь сов болх бина. Суьдхочун даржехь 10 шарахь 1 баттахь. Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдан председатель хилале хьалха Гуьмсе гIалин суьдан председателан болх бина (Россин Федерацин Президентан 2011-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 29-чу дийнахьлерчу №1693 йолчу Указаца хIоттийна).
Хь.БАХТАЕВА
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо