«Air Arabia» авиакомпани 2017-гIа шо чекхдалале Соьлжа-ГIала – Шарджа (Iаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ) маршрутаца рожехь йолу рейс юкъаяккха дагахь ю. Цу хьокъехь къамел хилира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан Эдельгериев Абубакаран «Air Arabia» авиакомпанин коьртачу директорца Уитби Тоница а, Россехь урхалла дечу Вазири Яница а, компанин операцийн директорца Ахьмад Мохьамадца а дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
Я.Вазирис дийцарехь, Нохчийн Республикин куьйгаллин бала а кхачахь, лаам а хилахь, тIейогIучу хенахь Соьлжа-ГIалара ечу рейсийн географи шоръян кийча ю «Air Arabia».
«Луларчу регионашна а бегIийла йолчу меттехь ю Соьлжа-ГIала. Цундела, меттигерчу бахархойн хилла а ца Iаш, Дагестанерчу, Къилбаседа ХIирийчуьрчу, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу нехан а таро хир ю кхузарчу авиарейсех пайдаэца. Оьшуш доллучу хьашташца кхачоян кийча ду тхо. Хьалхарчу муьрехь кIиранах цхьа рейс йийр ю оха. Цул тIаьхьа, оьшуш хилахь, авиарейсаш алсамйохур ю», – элира цо.
Т.Уитбис билгалдаьккхира «Air Arabia» компани карара шо чекхдалале авиадIасалеларш дIадоло дагахь хилар.
«Бакъду, цхьадолчу хIуманашна тIехь барт муха хуьлу а, хIун сацам бо а хьаьжжина хир ду дукхахдерг. Цу тIехь Нохчийн Республикин Правительствон гIоьнца къахьоьгуш ду тхо карарчу хенахь. Амма цхьаъ билггал ду – тхайн маршруташ шоръян а, Соьлжа-ГIала цу юкъатоха а лууш ду тхо. Со тешна ву Соьлжа-ГIала – Шарджа маршрутан дика хиндерг хирг хиларх», – элира цо.
Иштта, Уитби Тонис дийцира шайн авиакомпанехь 164/168 меттиг йолу, экономклассан кеманаш хилар а, кеманийн юккъера хан 2 шо хилар а. Цо дийцарехь, нах дIасалелийна ца Iаш, кира дIасакхехьа таро а лур ю церан компанис.
Эдельгериев Абубакара билгалдаьккхира Нохчийн Республикин куьйгалла «Air Arabia» компанис шен хьашташца вайн регионна кхачоян лууш хилар.
«Шун компанис тхо долчохь болх бойла лаьа тхуна. Соьлжа-ГIалара кеманаш дIасалелар алсамдоккхуш ду тхо. Предпринимателийн а, доьзалца садаIа боьлхучеран а Шардже кхача луург хиларх, тешна ву со», – элира А.Эдельгериевс.
Правительствон Председатела иштта тидам тIебахийтира тIаьхьарчу хенахь республикин бахархоша, дукха хьолахь, хIаваан транспортах пайдаоьцуш хиларна.
«Юьхьанца, Истамбуле йолу рейс оха схьайиллинчу хенахь, Нохчийчуьра Хонкара кIиранах цхьа кема доьдура. ХIинца – кIиранах ялх рейс хуьлу. Лаьтта тIехулалелачу транспортал а нахана кеманаш бегIийла хеташ хилар гойту цо. Цул сов, луларчу регионашкара бахархой а кест-кеста пайдаэца буьйлабелла «Грозный» аэропортан хьаштех», – бохура цо.
Билгалдаккха догIу Шарджа гIала Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн культурин пачхье ларалуш хилар. Дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкара, цу юкъахь Россера а, туристаш тIеийзош йолу культурин а, историн а дуккха сийлаллаш ю цигахь.
А.СУЛИМАНОВА
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо