Масех могIанехь дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Нигерин къилбаседа-малхбалехь террористаша цхьамогIа лелхийтарш дина. И зуламаш дар бахьана долуш 17 стаг кхелхина, лаххара а 21 стагана чевнаш йина. Царах дукхахберш маьрша нах бу. ТIаьхьарчу хенахь оцу тайпа зуламаш дар алсамдаьккхина «Боко-Хьарам» цIе йолчу террористийн организацин декъашхоша.
***
ХIокху деношкахь Шемахь герзаш деттар а, тIемаш бар а дикка лахделла. Оппозицин дукхах болчу ницкъаша къобалдеш тIеэцна махкахь машар а, маслаIат а даран хьокъехь Астанахь (Казахстан) дIадаьхьна дийцарш. Террористийн жигаралла а лахъелла.
***
США-н Пачхьалкхан Секретарь Р.Тиллерсон стомара Дохехь цхьаьнакхийтира Катаран куьйгалхошца. Цара дийцаре дира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал цхьаьна къийсам дIабахьаран хьокъехь а, Iаьрбийн пачхьалкхийн Катараца йолу юкъаметтигаш тояран хьокъехь а долу гIуллакхаш.
***
Бразилин экс-президента Лула да Силвана набахтехь яккха 9 шо 6 бутт хан тоьхна мехкан лакхарчу суьдехь. Иза бехке веш ву коррупци лелорна. Вуьшта аьлча, ша Президентан даржехь волуш озабезамаш барна, кхаьънаш эцарна.
***
Россехь волчу Бахрейнан посола дIахьедина шайн пачхьалкх Россица йолу зIенаш а, юкъаметтигаш а чIагIъян лууш хилар а, цо дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахь гойтуш йолу жигаралла къобалъеш хилар а, цу декъехь Россис кхидIа а иштта гIуллакхаш дойла лууш хилар а.
***
Брюсселехь Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров цхьаьнакхийтира Бельгин Премьер-министраца а, МИД-н куьйгалхочуьнца а. Церан къамел хилира шина пачхьалкхана юкъара махлелоран-экономикин зIенаш кхидIа а чIагIъяран декъехь дан дезачу гIуллакхех лаьцна.
***
Азербайджанан Президента И.Алиевс хIокху деношкахь дIахьедира: «Азербайджанан валютийн тIаьхьало арахьа долчу декхарел 4–5-зза алсам ю, мехкан экономика кхуьуш а ю», – аьлла.
***
ДIадаханчу шарахь 106 эзар украинхочо тIеэцна Россин гражданство. Украинин гражданство дIаяккха дехарш чуделлачеран барам 150 эзар стагал алсамбаьлла. Уьш берриге а Россин гражданство тIеэца лууш бу. Иштта хаам бина хIокху деношкахь вайн мехкан миграцин службехь.
***
Абхазехь бевзаш боцучу зуламхоша талор дина Россин туристашна. Туристех цхьаъ кхелхина. Цуьнца доьзна Абхазин Парламентан депутаташа емалбина зулам динарш, россихошка бехк ца биллар дехна. Зуламхой лохуш бу.
***
Ростовн областехь йогIуш йолчу машенна хьалха машен а тесна цу чохь хиллачу зудчунна а, стагана а герз диттина. Зуда кхелхина, стаг вуочу хьолехь волуш больнице кхачийна. Герз диттинчун зуда а, стунда а хилла оцу машенахь дерг. Ткъа герз диттинарг полицин майор хилла ву.
***
Алтайн крайхь цхьана цIийнах цIе ялар бахьанехь 3 бер кхелхина. Бераш шаьш чохь а дитина лула-кула дахана хилла да-нана. Оцу бохамца доьзна уголовни гIуллакх долийна. Бераш шаьш дитарна уголовни жоьпе озон тарло да-нана.

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: