ДIавели къоман илланча

Кхин хезар дац вайна Усманов Iимранан башха аз. Кхин цкъа а самукъадоккхур дац цо говза еш хиллачу забаро, лерса хьостур дац цуьнан мерзачу Iаьнаро, хьекъалечу къамело. Делан кхиэл лелаза ца ели. Дуккха а шерашкахь вайн дегнашна хьаам беш ваьхна похIме иллиалархо бакъдуьнена вирзи.

Йоца хилла-кх цуьнан оьмар. Дахар, дуьне, адамаш Iаламат дукхадезаш вара иза. Комаьрша, къинхетаме вара. Алссам диканаш дина, кхин а дукха дан лерина кхоллараллин новкъахь беркате серло яржош вогIуш вара.

Амма чекхдевли цо идийна некъаш. Иза везначеран а, цунна безначеран а дегнаш Iовжош, лахьтин кийра вирзи Усманов Iимран. Хьаналчу къинхьегамца кхелина бара цуьнан дахаран некъ. Иза иллиалархо хилла Iаш вацара. Байтийн масех гулар яра цуьнан зорбане яьлла. Нохчийн къоман дозалла дара Усманов Iимран.

Иза цкъа а вацара баьрче гIерташ, амма цуьнан зевнечу иллеша вайн дегнийн баьрче дIа-м лаьцнера, илланчин башха амат вайн иэсехь даха дуьтуш.

Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 70-чу шерийн юьххьехь хIоьттира иза вайнехан иллиалархойн могIаршка.

1953-чу шеран бекарг (март) беттан 2-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Iимран ханна воккха вацара оцу муьрехь. Амма цо дIаолу иллеш чулацам кIорга болуш, ладогIархойн дегнашка дIакхача ницкъ болуш дара. Эскарехь гIуллакх деш волуш дIаволавеллера иза иллеш даха. Цуьнан дешнаш тIехь дуьххьара даьккхина «Малика» цIе йолу илли хIинца а халкъалахь дехаш ду.

Цул тIаьхьа мел дукха хезара вайна Iимранан дешнаш тIехь даьхна иллеш, цо ша а, кхечу иллиалархоша а дIаолуш. «Нажи-Юрт», «Дагмара», «Хьо тхо долчу ма ца йогIу», «Ма сиха къанло вай, ма кIезиг деха…», иштта дуккха кхидерш а.

БIе гергга илли ду цуь- нан. Байташ язйина ца Iаш, гочдарш тIехь болх беш вара Iимран. Нохчийн матте даьхна цо дIаолуш дара оьрсийн иллеш. Царна юкъахь дара Харитонов Владимиран дешнаш тIехь Тухманов Давида мукъам баьккхина «Толаман де», Гамзатов Расулан дешнаш тIехь Френкель Яна мукъам баьккхина «ГIаргIулеш» иллеш. Забар хазахеташ а, забар ян хууш а вара иза.

Дустаршца говза сурт хIоттош, самукъане дийцарш дуьйцура цо. ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, вайн махках тIеман цIе хьаьрчича, шен са дадийна махках ца велира къоман илланча. Иза даима а шен халкъаца вара.

Цул сов, тIебазбеллачу баланаша дегнаш эшийначу махкахойн самукъадаккха гечонаш лоьхуш а вара. Цунна къеггина масал ду Iимрана нохчийн матте яьккхина «Свадьба в Малиновке» исбаьхьаллин фильм. I.Усмановс фильм нохчийн матте йоккхуш, цуьнан чулацам мелла а герга балийнера вайн махкахь хиллачу къизачу хиламашна. Бохамаша хьаьшначу къоман, мелла а дог эца лууш, илланчас яьккхина гIулч яра иза.

Къоман илланча волчу Iимранна даима а хаьара ша схьаваьллачу халкъана хIун оьшу. Къоман культурехь мах боцу беркат хилла дIахIоьттинера цуьнан башха кхолларалла. Нохчийн Республикин бакъйолу яхь, юьхь, эхь-бехк, лазам, дозалла дара иза. Цундела, иштта кIант дIавалар еккъа цхьана культурина иэшам хилла Iаш бац.

Иза вайх хIоранна Iаламат боккха иэшам бу. Усманов Iимран даима а нохчаллех къилба дина вехаш бакъволу къонах вара. Дала гечдойла цунна!

КАДАМАШ

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президиумо халахетарца кадам бо Россин Яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикин халкъан артист, гоьваьлла иллиалархо Усманов Iимран кхалхарца доьзна цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а.

Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла халахетаран дакъа мел кхаьчначунна!

Нохчийн Республикин Iилманийн академин президиум

Нохчийн Республикин Журналистийн союзо а, «Даймохк» газетан редакцин коллективо а халахетарца кадам бо Нохчийн Республикин халкъан артист, гоьваьлла иллиалархо Усманов Iимран кхалхарца доьзна цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а.

Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла шуна а, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна!

Нохчийн Республикин Журналистийн союз

«Даймохк» газетан редакцин коллектив

Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленис халахетарца кадам бо Россин Яздархойн союзан декъашхо, Нохчийн Республикин халкъан артист Усманов Iимран кхалхарца доьзна цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а.

ГIараваьлла илланча хилла ца Iаш, похIме поэт а вара Iимран. Нохчийн исбаьхьаллин дешан хазна хилла дехар ду цуьнан поэзин иллешка дирзина могIанаш.

Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла халахетаран дакъа мел кхаьчначунна!

Нохчийн Республикин Яздархойн союз

№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: