Сейлмуханов Муса вина 1948-чу шеран 25-чу мартехь Казахстанехь.
1957-чу шеран гуьйренца Веданан районан Элистанжа юьрта цIабоьрзу церан доьзал. Юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, дай баьхначу юьртарчу школехь хьехархочун балха хIутту иза. Болх беш, доьшу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь.
Цхьана муьрехь Веданан районан газетехь а, иштта республикански: «Васт», «Даймохк», «Голос Чеченской Республики», «Права человека» газеташкахь фотокорреспондентан а, жоьпаллин секретаран а даржехь, масийтта шарахь «Терская правда» газетехь коьртачу редакторан заместитель волуш а белхаш бина цо.
Стихаш язъян волавелла 80-чу шерашкахь. Уьш зорбане йийлина республикехь арахоьцуш долчу газеташ тIехь а, журналаш тIехь а. Стихийн масех гуларан автор ву Муса – «Уьдучу шерийн лорах», «Жима доттагI», «Иллешка дирзина дош». Цуьнан цхьайолчу байташ тIехь даьхна иллеш дIаолу нохчийн иллиалархоша. Мусас жигара дакъалоцу Нохчийн Республикин Яздархойн союзан балхахь а, нохчийн маттана, гIиллакх-оьздангаллина лерина гIуллакхаш вовшахтухуш а. Бераш патриотически дог-ойланехь кхетош-кхиоран балхахь дуккха а шерашкахь беркате къахьегарна а, кхоллараллин балхахь билггал болу кхиамаш бахарна а Нохчийн Республикин Парламентан цIарах а, Правительствон цIарах а, ткъа иштта дуккха а ведомствийн цIарах а сийлаллин грамоташца совгIаташ дина цунна.
Карарчу хенахь а кхоллараллин хьаьрмахь беркате къахьоьгуш схьавогIу Муса.
Даг чохь лаьтта
Буьйса, шена тIе Iаьржа верта оьзна,
КIад а елла гIенаш гуш, йижна Iа.
Беттаса а гIелделла, мархаш тIе доьжна,
Корехь шен серло юьтий, доьду дIа.
Мох дIатийна, гIире амал юхаоьзна,
Дайн Iаьнарца хьоьстуш диттийн гIаш.
Iарше хадош, седа ловзабаьлла,
Карлайохуш мерза ойланаш.
ХIора хан а дагна хьоме хIунда хета?
ХIунда хьийза, бIарзделла са карзахдохуш?
ХIунда хуьлу баьгна безам сан сих леташ,
Хилларг, лелларг хIора буса карладохуш?
…Iуьйрено шен зIаьнаршца ана серлайоху,
Беттаса а сийналлехь догий, дов.
Хьох йолу ойланаш гIертарх генаяха,
Даг чохь лаьтта, цкъа а дIа ца йовш.
ДОШ ДИТИНА ХЬАЙХ АЛА
ДоттагIчунна, Ахмадов Русланна
Халахетар дазделлачу
дийнахь,
Дош дитина хьайх
диканиг ала,
Iожалло ваьккхи хьо цIийнах,
Базбеш хьуо везначийн бала.
Яздинчух цхьа а ца ваьлла:
Шадерг а – Делера ду схьа.
Дуьненчохь хан текхна ваьлла,
Хьо ваха бакъдуьнене дIа.
Дукха-кIезиг вахар дац
чоьте,
ГIиллакхца, марзонца
ца хиллехь.
Даим а ехар ю тхан иэсехь,
Хьан Адамалла, къилба а хилла.
Цхьана дийно уьйр-безам
тегна,
Кхолламо хIоттийча ловзар —
Хьо воцуш Iийжар ду дегнаш,
Хьан иллеша даьхнарш цкъа
ловза.
Самах дерг дIадаха гIан
хилла,
ДIадаха, юхадоьрзур доцуш…
Нохчийчохь хезор ду хьан
иллеш,
Безамца хьо дага а лоцуш.
Хьайн цIарца хIоллам ахь бити –
БIаьрхишна – цхьа кошан барз.
Хьанна хаьа, меллалц хан йити
Iожалло, хьан доттагIашна а
харжа?
15 март 2014 шо
ОЙЛАНАШ
Ойланаш – сан деган седарчий,
Са бIарздеш шу уьду пана.
Ойланаш, сан деган къайленаш,
Шуьца ю малх хьаьжна кхане.
Ойланаш, хIай мерза ойланаш,
Дуьненна гуонаш аш туьйсу,
Азаллехь сан сица кхоьллинарш,
ХIума дац шуьца сан къийса.
ГIиллаккхна новкъа дерг дохош,
Шорделаш ас даьккхина тача;
Де доьхча, доьналлех ца вохош,
ГIорталаш со дикане кхачо.
Ойланаш, сан сирла ойланаш,
Ма чIогIа марздо аш дуьне..!
Бер санна, воккхаллех Iехош,
Аш дIало хIора а лаьтте.
ХОЛЧА МА ХIИТТА
Холча ма хIитта йоI –
дахар ду доца,
Ойланаш дукха ярх а
цкъа деза къаста.
Цхьана дийнахь безаман
гуро хьо лацахь,
Елалой, екхалой
ахь дуьне хьаста!
Ойланийн мазлагIахь
дог дита лела:
Марзонан дургал цо
гулдийр ду тIе,
Дита и Iуьйренан
сирла тхи мийла,
Иэшахь, цо йойур ю
шеконан цIе.
ГIенах мел гинарг
хилийта кхочуш,
Елалой, екхалой
малхаца гIатта.
Дуьнен чохь хIумма дац
безаме кхочуш –
Цуьнца хьайн ирс хьуна
карор ду атта!
Зорбане кечйинарг – Хь.Аболханов