БIаьстенан цIеначу Iаламо хазйинчу больницин уьйтIа ша кхаьчча (кхунна и больница ю моьттинера), гIелвелла, хIара цу уьйтIарчу гIантех цхьана гIанта тIе охьалахвелира, шегара гали шена юххе гIанта тIе охьа а дуьллуш. Цу гIанта тIехь, йистехьуо, цIеначу, жималлехь хаза хиллачу куьцехь йоккха стаг яра Iаш. БIаьргаш лаьтта бIаьра а хьовсийна Iаш йолу иза, хIара охьахуучу хенахь, корта кхуьнга схьа а ца берзош, цхьа, мелла а, хьалаайлучу кепехь, меттаххьайра. Кхуо, йоккхачу стеган де дика а дина, хаьттира: «Нах Iохкуш болу больница юй хIара?», – аьлла.
Кхин кхуьнга схьахьажар а доцуш зуда лохха йистхилира: – ХIара больница ма яц. Хьо цхьана лазархочунна тIаьхьавоьдуш хилла хир ву-кх. Цхьаьнга хаттахь и больница мичахь ю алий.
– Дера вацара со лазархочунна тIаьхьавоьдуш-м, больница чохь Iохкучу цомгашчарна сагIина цхьа мерза булканаш яла веанера-кх. Суна-м больница ю моьттура хIара. ХIун меттиг ю хIара тIаккха? – хаьттира воккхачу стага.
– ХIара къанбеллачу нехан меттиг ю-кх. Къанбеллачу а, ирс дайначу а нехан меттиг ю-кх. Суна-м ца хаьа кхунах кхин хIун олу.
Ца кхийтира цунах воккха стаг. Леррина цуьнан бIаьра хьаьжначу кхуьнан оцу зудчун бIаьргийн а, церан акха хьежаран а тидам хилира. Оцу хенахь, карахь доккха сирдиллина, тIехь негIарш долу, ши ведар а долуш, тIехйолучу зудчо, де дика а дина, юкъахъяьккхира стеган ойла.
– ХIара больница яц, ва йоI? – хаьттира кхо зудчуьнга. Цо кхетийра, хIара кхаьчнарг Къеначийн цIа олуш, къанбелла, хьажа, лелон стаг воцу нах кхобуш йолу пачхьалкхан меттиг хиларх. Зуда дIаяхара, шена тIаьхьа мерзачу дааран яйн хьожа а юьтуш. ХIинца кхин а лерина хьаьжира хIара шен акха, деса хьажар дIоо гена, баьццарчу бай тIе хьажийна Iаш йолчу эсалчу йоккхачу стаге.
– Бехк цабиллар доьху ас… Хьо муха кхаьчна кхуза, хIара хьажа стаг воцу нах лелон меттиг хилча? Хьо хIун ю кхузахь? – хаьттира цо зудчуьнга, хIинца нийсса цуьнан юьхьа тIе а хьожуш.
Цо шен корта юха а меттах а ца боккхуш, хIара волчу агIор схьа ца йоьрзуш, цхьа декъа элира: – Со кхузахь ю-кх, Iашехаш…
– Хьо?… Муха..? Нохчи ма ю хьо?
Ша деллачу хаттарна жоп хазаре хьоьжучу кхунна гира зудчун десачу бIаьргех охьакерчина хин тIадамаш. Цара Iовжийра воккхачу стеган цIена, къинхетамах дуьззина долу дог. Шен коьртара лекха холхазан куй схьабаьккхина, шен кара а биллина, кисанара схьаяьккхина пес дIатиллира цо.
– Кхуьнгахь боккха сингаттам бу-кх, – ойланашка велира воккха стаг.
– Къонах, дог ма кхардлахь сох. Суна ца го хьо, сан бIаьрса дац. Цхьана хенахь ган-м гина суна: малх а, сайн да-нана а, дуьне а. Пхийтта шо ду со бIаьрса дайна йисина.
– Кхуза муха кхаьчна хьо? Кхузахь. Кхузахь хIун деш ю хьо, хьажа стаг воцуш нисъелла хьо кхуза?
Кхин са а ца тохаделла, цуьнан къамел а хадош, юха а хаттар дира хIокхо. Зудчо цхьа деган кIоргенера озийна шен къурдех дуьззина долу доккха са даьккхира. Генарчу анайисте кхача гIерташ санна, паналле кхевдина цуьнан десачу хьажаро садукъийра воккхачу стеган.
– Дера, стаг, кхуза сайн кIанта ма ялийна со-м. Кхаа-деа дийнахь ша схьавогIур ву, дIаюьгур ю хьо аьлла, со кхуза а йитина дIавахана иза. ШолгIа шо доладелла, и ваза ву (шен юьхьа тIе йовлакхан тIам а хьоькхуш, тийна, йоьлхуш дуьйцура цо). Кхуза схьавогIуш машенахь авари йина лазийна виси-те, цIеххьанчу цамгаро леци-те, бохуш ма сагатдиркха ас цунна. Iийра а ма вацара и оццул, ша могаш а, маьрша а хилча, Iан йиш а ма яцара цуьнан. Бакъдерг дийцича, ша вина нана а совйолу бохуш дуьйцуш хаза-м хезнера суна. Сайн сих ваьлла вацахь а, и воцург хIума ма дацара сан хIокху доккхачу дуьненахь. Сайн доьзалхо вацара сан, меран кIант вара сан и.
Шен буйнарчу суьлхьанашца хьалаайдина ши а куьг шен юьхь тIе а хьаькхина, шен юьхь хих цIан а йина: – АллахIа Iалашвойла и. Иштта кхаьчча со кху метте, къонах, аьлла, шен къамел сацийра йоккхачу стага. Шена хезначо цецваьккхинера воккха стаг. Ша хIун ала деза ца хууш висинера иза, ша кху керта деана гIуллакх дагара даьллера цунна. Оцу мIаьргонехь цуьнан иэсехь дуьхьалхIоьттира шен нана. БIе кхаа шарахь яьхнера иза.
Шел жимачу вешина ца юьтуш, цкъа цуьнан лаарна тIера ца волуш, нанас шен жима бер санна хьоьстуш, цуьнга аьллий бен (берийн бераш а долуш ша воккха стаг волуш а) кетIа ца волуш, и къинтIера яьккхиний бен дIа ца вуьжуш, лерина лелийнера цо шен нана. Цундела хала дара воккхачу стагана оцу мискачу зудчун къамелах кхета.
Цу зудчун къамелах хIара кхета-м кхеттера, и кIант хIокхо вина цахиларх а, и кхуьнан меран кIант хиларх а. ХIетте а, кхуьнан цIеначу синкхетаман хала дара-кх Дала нохчи а волуш, бусалба а волуш кхоьллинчу стага-
къонахчо, шен нана, я десте, я муьлхха а «нехан» нана а шен кхаба доьнал а ца хилла, Iедале дIаелла бохург тIелаца.
– ТIаккха, кхин гергара нах бац хьан? Тайпанан а, тукхаман а?
– Цул гергара мила хир вара суна? Цуьнан кхо шо долуш дуьйна ас кхиийна, сан ма вара и.
– Оффай, цIе хала хьо белхан. ЦIе хIун ю хьан, цIера мичара ю хьо?
– Хьалха-МартантIера. Кху гIалин йистехь Iийна. Марем ю-кх сан цIе, – доцца жоп делира цо.
Цхьана юкъана тийналла хIоьттира. Эххар а, тийналла йохийра воккхачу стага.
– Марем, ас хьайга дечу къамеле ладогIалахь, – аьлла, дIадолийра цо. – Сан цIе Баудди ю, цIера Котар-Юьртара ву со, тIерло тайпанах а волуш. Айса дуьненахь йоккху хан дуьненахь вайна Дала тIедиллина ши хIума лардеш яьккхина ас – гIийлачунна сагIа даларрий, деца-ненаца дика хиларрий. Деза ду и ший а.
«СагIа даларо бакъдуьненахь жоьпашкахь нисво, ненаца дика хиларо ялсаманин неIаре кхачаво», олуш ду дешначу наха. Цу шина бехкама тIера ваьлла вац со цкъа а. Хьо а, суна сайниг санна, хьан кIант хиллехь, цу кIантана езаш нана хилла хир яра.
Амма дуьненахь муьлхха а киртиг тIехIотта йиш ю. Хуьлу олий ца хуьлу хIума. Хьанна хаьа, и «хьан кIант» хIун нисделла висина хьо дIа ца юьгуш? И вогIур ву, шу цхьаьна а кхетар ду, Дала мукъ лахь. Делахь а, и хьайн кIант хьуна тIекхаччалц суна хьан дола дан лаьара. Оьшучуьнга а, дезачуьнга а хьожуш, эшахь маха-молха а латтош. Масане ду уьш. Цхьана хенара делахь а, со кIант хир ву-кх хьуна, хьан верас хьуна тIекхаччалц.
Юха а тийналла хIоьттира. ГIеххьа хан елира и ший шен-шен ойланна чудоьлла Iаш. Эххар а, Марем, аз хедаш, гIийла йистхилира: – Баудди ю бах ахь хьайн цIе. Дала диканца бекхам бойла хьуна хьайн цIеначу ойланна а, айхьа мел дечу диканна а. Дала сагIадойла ахь кху керта деана рицкъа а, ахь дIа мел кховдийна долу сагIа а.
Сайх бала ас муха бийр бара хьуна? И Дела реза хуьлда хьуна. ХIокху шарахь соьца оццул къамеле вала юххехь стаг ца хилла. Кхузахь берш оьрсий бу, суна схьахезаш берш. Ахь диначу къамело а самалхадаьккхи хьуна сан-м.
Ваха вогIург хиларх а дог теший ахь сан. Дела реза хуьлда хьуна. Кхидерг-м ца нисделла даьллера суна, иза а Делан лаам бу. Сан коьртехь хьийзарг цхьаъ ду-кх. Баудди, суо кхузахь йисичахьана а.
Ваха схьаваза а волуш, сан ялар хилахь, со кхара мича хьур ю те, бохуш. Дависарг, хIара ши бIаьрг мукъа а са гуш белахьара, хIорш дIа мел хьоьжу а дIагIур яра со. Шен дешнаш Iаьткъина Марем жимма синтем боьхна хьаьвзира, бIаьргех йовлакх хьаькхира цо.
– Нохчи. Маржа нохчи яI-кх. Ма чIогIа яхь яйна-кх вайн. Кхойтта шарахь мацаллехь, шелехь, Iазапехь, балехь, нехан хийрачу махкахь ма ца дуьйхира вай собарх. Ткъа хIинца, дуьненан паргIатонехь, АллахIа схьалучу рицкъанан комаьршонехь ма осала девлла вай.
Нохчалла лар ца дели-те вайга, вешан сий доьхки-те вай, хIай нохчий? Нохчичо шен нана (олуш ду-кх, нана – кхиийнарг ю) оьрсашца цхьаьна Iен-яха, шена сов яьлла, Iедале, Къанбеллачийн цIийне дIаялар цкъа а, гIенах а, набарха а хила йиш йолуш хIума ма дацара. Ийманехь нисде ахь тхо, АллахI Дела!
Мелла а хан елира Баудди ишттачу ойланашкахь Iаш. Эххар а, хьала а гIаьттина, шена юххе ша охьадиллина булканаш чохь йолу гали схьа а эцна, Маремаца цхьаьна оцу гIишло чу вахара иза.
Цу чохь неIарехь Iаш йолчу белхахочуьнга цо дийхира кху цIийнехь коьрта волчунна ша тIевигар. КIеда-мерза йист а хилла, и вайнехан зуда ехачу сени чухула дIаяхара, кхуьнга собар делахь а аьлла. Хьием ца беш и схьаеара кхин ши зуда а ялош. Бауддис ша сагIина арадаьккхина гIуллакх а дийцина, дийхира и булканаш кхузахь болчу нахана дIасаекъар. НеIарехь Iаш хилла зуда уьш дIасаекъа яхара. Цул тIаьхьа и ши зудий, Бауддий, Мареммий кабинета чу бахара.
Дукха Iийра и диъ адам къамеле даьлла. Мареман кхоллам бара цу чохь бийцаре беш берг. Эххар а, церан барт хилира, Бауддин адрес дIа а яздира. Баудди, царна массарна а баркалла а аьлла, цIа веара, Мареме ша тIедогIучу кIирнах юхавогIур ву хьуна а аьлла.
Ваха а вахара и, цкъа вахана а ца Iийра. ХIора кIирнах воьдура и Къанбеллачийн цIийне. Шортта сагIина хIума а хьора. Марем хIора баттахь, шайн бина барт ма-хиллара, шайга, Котар-Юьрта схьа а ялайора кIиранна а, итт денна а. Маремана ца хаьара Бауддис Хьалха-МартантIехь маьждигехь цуьнан кIант а, нах а хиттиний а, уьш цхьанна а бевзаш ца кариний а.
Дика хьожура Мареме Бауддин ши хIусамнана а, доьзал а (цуьнан цхьайтта доьзалхо вара – ворхI кIант, йиъ йоI). Куьг лоций, шайн беша а, кетIа а йоккхура. Мосазза ялайо а тIеюха коч-бедар оьцура. И дIайиггалц хьалха хIоттош дерг хьешан шун хуьлура.
ГIурба дар ца хилла шен цкъа а аьллера Марема, шаьш пхьуьйре еш хевшина Iаш. Бауддис дош деллера цунна ГIурбанан баттахь цуьнан лаам кхочуш хир бу аьлла. ГIурба а дайтира. Маремах бIаьрг тоха а, муха, хIун ду хьовса а хьеший оьхура, иза кхаьрга схьаялийча. Цунна тIера мовлид а доьшуьйтура, ша мурдашна юкъахь вацахь а, зерат буьйсана а шайга кхойкхура Бауддис, Мареме ладогIийта. Ша схьа моссазза ялий а, дIа моссазза юьгу а йоьлхура иза, шу ца карийнехь хIун дийр дара ша олий.
Иштта хийцаделлера Мареман дахар. ТIаьххьара ша волчохь кIира а даккхийтина и дIаюьгуш ваханчу Бауддис цигарчу хьаькаме аьлла хиллера (мелла а Мареман могашалла дика а ца хетта) и могаш йоцуш хилахь а, цунна хIуъа хилахь а шега хаийталаш, аьлла.
Адаман рицкъано шениг лоьху. Дукха хан ца яьллера и къамел хилла. Бауддига цхьана бIаьстенан Iуьйранна Марем дIаялар хаийта Къанбеллачийн цIийнера ши белхахо еара. Схьадиллира кевнаш, кечйира тезетана уьйтIе, цхьаберш гIала охьабахара, Марем цIаялон. Шен нанна юххе дIа а йоллийтира. Шен доьзалера хиллехь ша ерзон йолччу кепара дIаерзийра Бауддис Марем: бежана а дийра, сагIа а даьккхира. Тезет дIадирзича хьахийра Бауддис, елха а йоьлхуш, шена сагIа-хIума лелон а ца оьшу, ша кхузахь дIайоллахьара аьлла Марема шега аьлла хилар.
Ша валале шен доьзална тIедиллинера цо, хьалха Мареман барз табиний бен шен барз цатабар, хьалха Маремана дешний бен шен кошан барза тIехь «Ясин» цадешар. ХIинца а лаьтташ ду и баьрзнаш юх-юххехь, тIехволучо «Дала гечдойла» а олуш.
Амма массарна а ца хаьа цу цхьана барза кIелахь дуьненна тоъал синхазалла юй, оцу вукху барза кIел дуьне Iаббол синмискалла юй.
Бийца безара вай Баудди санна болу нохчийн бакъболу къонахий. Бицбан ца безара вай уьш.
П.ТЕРЛОЕВА
№54, пIераска, мангалан (июль) беттан 14-гIа де, 2017 шо