Могашалла Iалашъяран министерствон куьйгаллица а, тайп-тайпанчу больницийн коьртачу лоьрашца а кхеташо дIаяьхьира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Шен къамелехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо билгалдаьккхира республикехь могашалла Iалашъяран дакъа кхиорехь дуккха а гIуллакхаш дина хилар.
«Медицинин дакъа кхиоран гIуллакх ас сайн тергоне эцна хилар хууш ду шуна. Могашалла Iалашъяран министраца гуттар а зIе латтош ву со. Тахана, шеко йоццуш, республикехь медицинин дакъа кхиар лаккхарчу тIегIанехь ду ала йиш ю вайн. И болх дIаболочу хенахь, вайн гIирсаш цахиларал сов, гIишлош а яцара. Ткъа тахана вайн больницаш тоьллачу гIишлош чохь ю, царна чуьра медицинин гIирсаш а, царна тIехь болх беш болу говзанчаш а кхуьуш йогIучу пачхьалкхашкарчу тIегIанехь бу», – элира цо.
Ведомствос бечу балхах лаьцна дийцира республикин могашалла Iалашъяран министра Сулейманов Эльхана. Цо билгалдаккхарехь, Кадыров Рамзанаца зIе хилар бахьанехь, ведомствон болх кхиаман хорша берзабелла.
«Тхан ведомствон хьоьца, Ахьмадан Рамзан, йолчу зIенийн тIегIано дуккха а гIуллакхаш кхочушдан аьтто а бо, таро а ло. Хьалха вайна гучу мел девлла хилла долу кхачамбацарш дIадахар а жигардаьккхина. Масала, педиатрийн гIо кхачарца вайн тохара лахара баллаш хиллехь, хIинца и хьал хийцадала доьлла. Цунна масал ду Устрада-ГIалахь а, Шелахь а, Гуьмсехь а йолу медучрежденеш», – билгалдаьккхира министра.
Иштта, цо аьлла ма-хиллара, республикехь медицинин дакъа кхиоран декъехь къахьегаро лахдина баларш. 4,7 процентан тIегIанехь бен дац иза карарчу хенахь. Билгалдаккха догIу Россехь иза 13,8 процент а, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь 8 процент а хилар.
Цул сов, Республикин клиникин больницехь травматологин а, ортопедин а дакъа схьаделларо аьтто бина яккхий хуттургаш (суставаш) хийцаран операцеш ян.
«Шекарийн диабет йолчарна гIоьнна лерина проект кхочушъяр дIадоло дагахь ду тхо кестта. ХIинцале болх бан йолаелла гистологин служба а, серлонийн терапи а. Иштта, Соьлжа-ГIалахь берийн цIа а, Дарбанхихь берийн психиатрин керла корпус а, Гуьмсан кIоштан больницин кертахь дарбадаран керла корпус а схьайиллина оха хIокху шарахь», – тIетуьйхира министра.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира медицинин белхахоша дархошца «уьйраш» латтор а, шайн корматалла кхиорехь кхидIа къахьегар а мехала хилар.
«Цомгашчунна дарба лелочул а атта ду иза цомгаш ца хилийта хьажар. Вай бахархошна Iамо деза шайн могашалла ларъян а, цунна тидам а, терго а ян. Со тешна ву карарчу шеран чаккхенехь вайн медицинин дакъа кхиаран тIегIа кхин а лакхадериг хиларх», – элира Кадыров Рамзана.
Кхеташонан чаккхенехь республикин Куьйгалхочо могашалла Iалашъяран министрана а, лоьрашна а баркалла элира.
И.ИСЛАМОВ
№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо