Иерусалимера Байтал-Мукъаддас дIакъовлар зулам ду элира Кадыров Рамзана

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана емалдира бусалбанийн уггаре а дезачу маьждигех цхьаъ долу Байтал-Мукъаддас (Аль-Акса) маьждиг дIакъовлар. Цу хьокъехь долу дIахьедар цо зорбатоьхна инстаграмехь йолчу шен агIонехь.

«Тхо цунна чIогIа дуьхьал ду, иза муьлххачу Iалашонашкахь дIакъевлинехь а. Иерусалимехь патрульни службехь хилла ши полицейски вийна. Уьш байаро данне а гIо ца до машар хиларна, Iаьрбийн-израилхойн къовсам дIабаккхарна. Делахь а, Израилан куьйгалло цул тIаьхьа дина гIуллакхаш диначу зуламе терра ду олийла дац. Дерриге а дуьненарчу бусалбанаша уьш тIеэцна, терроризмана дуьхьал а доцуш, Исламана дуьхьал дина гIуллакхаш санна. Полицин белхахой кхалхарх пайдаоьцуш бу Байтал-Мукъаддас маьждигана рогIера тIелатар дан бахьана хиларх санна. Ткъа и маьждиг Исламан уггаре а езачу меттигех цхьаъ ю. Оцу маьждигера стигала хьалаваьккхина, Далла герга вигна ву Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Бусалбанашна дIакъевлина ду тахана и маьждиг. Дуьненарчу берриге а бусалбанашна дуьхьалдина доккха зулам ду иза. Ткъа вай цхьаъ ах миллиард ду», – яздо Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо ша тешна ву боху Израилан куьйгалла исламана дуьхьал диначу гIуллакхийн хила тарлучу тIаьхьенех хIинца а дикка кхетта цахиларх. Байтал-Мукъаддас маьждигана куьйгаш тIекхийдо мегарг цахиларан хьокъехь беш болу кхайкхам ша къобалбеш хилар а хаийтира цо.

«Дерриге а дуьненарчу бусалбанаша лоьху маьждиг, хьем ца беш, схьаделлар а, кхул тIаьхьа цунна куьйгаш, тIецакхийдор а. Ас чIогIа къобалбо и лехам! Израилан куьйгалла маьждигана дуьхьал санкцеш яр терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамца дуоза гIертар цхьа а бух болуш а, тешош а дац! Оцу гIуллакхаша, мелхуо а, гIо до радикализм кхиорна. Цул сов, къайле яц Шемин Iедална дуьхьал тIемаш беш йолчу террористийн организацийн декъашхошна Израило Шемера дIаяьхначу Голанан лакхенашкахь дарбанаш деш хилар а, гIо деш хилар а. Цу тайппана цара террористаш дикачаьрга а, вуочаьрга а, шайчаьрга а, нехачаьрга а боькъуш бу», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.

Ша аьллачунна цо тIетуьйхира: нагахь санна Iаьрбийн а, бусалба а пачхьалкхийн куьйгаллаша оцу гIуллакхан хьокъала боллу мах ца хадабахь, цу хьокъехь ала хьакъ доллу дош ца алахь изза хьал хIотто тарло бусалбанийн кхечу езачу, сийлахьчу меттигашкахь а.

«Байтал-Мукъаддас дIакъовлар Iаьрбийн а, бусалба а пачхьалкхийн куьйгаллашна юьхьа тIе тоьхна чIогIа тIара ду, царах цхьацца болчара шайн юьхь ца ягийча санна сурт хIиттадахь а. Нагахь санна бусалба мехкаш а, халкъаш а тахана дист ца хуьлуш Iахь, кхана, цхьанна дагадогIур ду шен куьг Маккарчу Аль-Масджид Аль-Хьарам тIе а, Мединатерчу Аль-Масджид Аль-Набави цIе йолчу Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маьждигана тIе а кховдо. Ас юха а боху: со чIогIа дуьхьал ву ницкъаца дечу гIуллакхашна! Иза вайн некъ бац, иза Исламан некъ а бац! Исламан дуьненан а, бусалба халкъийн а кхин таронаш а, некъаш а ду чуьраваьлларг юхаозо, сацо, вайн езачу меттигийн сий-ларам байта. И дан хIинца а тIаьхьа дац, амма хан, юхайогIур йоцуш, дIаяха тарло», – чIагIдира Кадыров Рамзана.

Д.АНАДЕВ

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: