Мангалан (июль) беттан 16-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу «Ахмат-Арена» спорткомплексехь даздаран хьолехь йовзийтира «Ахмат» футболан клубан официальни билгало.

Цуьнга а, клубан хьалхарчу ловзаре а хьажа веанера 30 сов эзар стаг. Царна юкъахь республикин бахархой а, хьеший а, туристаш а, Россин эстрадин артисташ а, дуьненахь цIеяххана спортхой а бара.
Иштта, безачу хьешийн могIарехь, вара республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Кузнецов Лев, Олимпийски чемпион Плющенко Евгений, композитор Крутой Игорь, артисташ: Валерия, Тимати, Басков Николай, Верник Игорь, 2018-чу шарахь дIахьур йолчу футболехула йолчу дуьненан чемпионатан векал Лопырева Виктория, дуьненахь цIеяххана волу футболист Роналдиньо, кхиберш.
«Ахмат» клубан керла билгало йовзийтарехь дакъалоцуш хиллачу Россин эстрадин цхьамогIа артисташа а, хьешаша а стадионехь болчеран дог ир-кара а хIоттош, нохчийн маттахь салам-маршалла а хаьттира, суьйре дика а йира. Цунах хазахетаран «шовкъ» хиллачу нохчаша «Нохчийчоь», «Ахмат», «Ахмат – Сила» бохуш, маьхьаршца «накъосталла» дира клубан керла билгало йовзийтарехь.
Билгалдаккха догIу стадионехь мел волчунна «Ахмат» клубан билгалонаш тIехь йолу бейсболканаш а, футболкаш а, байракхаш а, иштта, шоколадаш а елла хилар.
Цул тIаьхьа Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а пачхьалкхан гимнаш аларца а, иттех минотехь шатлакх кхоссарца а дIадолийра «Ахмат» клубан хьалхара ловзар. Иза Пермерчу «Амкар» командица дара.
Цхьаьнакхетар соьлжагIалахойн толамца дIадирзира: 39-чу минотехь хьешийн кевна чу буьрка туьйхира «Ахматан» керлачу ловзархочо Лео Родригеш Лимас.
Ловзар, кхин цхьанна а командо тоьхна гол йоцуш дIадирзира.
Хьовсархоша билгалдаккхарехь, «Терекан» цIе «Ахмат» цIарца хийцарца а, клубан керла тренер хIотторца а доьзна делахь а, соьлжагIалахой мелла а ледара левзира.
ХIинца цуьнан рогIера цхьаьнакхетар мангалан (июль) беттан 23-чу дийнахь Дона-тIера-Ростоверчу «Ростов» командица хир ду.
Карарчу хенахь 3 очко а йолуш, Россин футболехула йолчу Премьер-Лигин турниран таблицехь 5-чу меттехь ю «Ахмат».
И.АДАМОВ
№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо