Езачу меттигашка боьлхуш болу туристаш тIехь болу автобус Iинах яхана Индехь. Цу тIехь хиллачу пассажирех 16 кхелхина, лазийнарш кхин а алсам бу. Некъан-транспортан бохам хиларан бахьана къастош а, бехке мила ву хьовсуш а бу лерринчу комиссин декъашхой.
***
Сенегалан пачхьенерчу стадионехь адамаш дукха тIетаттаделча цхьа пен охьакхетта. И бахьанехь 8 стаг кхелхина, 49 стаг лазийна. Иштта бохам ца хила тарлора футболе хьовса баьхкинарш, сих ца луш, паргIат арабевллехь, вовшийн дIаса ца титтинехь.
***
Эквадорехь а хилла боккха некъан-транспортан бохам. ТIех чехка хаьхкинчу автобусана урхалла дан ца ларийна водитель. Машен тIекIалъяьлла. Цунах оцу минотехь цIе яьлла. Цу тIехь хилла 14 пассажир циггахь кхелхина, 26 лазийна я вагийна.
***
Чинин малхбалехь йолчу Цзянсу провинцехь цIе яларца доьзна 14 стаг кхелхина. Бохам хиларна бехкениг лохуш ю талламан органаш. Царна хетарехь кхерамазаллин бакъенаш ларйинехь и бохам ца хила тарлора.
***
Францехь хIокху деношкахь дагалецира Бастили схьаяьккхина де. И де билгалдаккхарна резабоцучу хулиганаша оцу дийнахь Парижан а, кхечу шахьарийн а урамашкахь 900 гергга машен ягийра. Цкъачунна царах цхьаьнггара а дехна жоп а дац, цхьанна а дина таIзар а дац.
***
Евросоюзо сацам бина Таджикистанан а, ОвгIанан а дозанехь, и ши пачхьалкх цхьаьнаюзуш, машенийн тIай дан. Иза деш 16 миллион еврона харж ян дезар ду. Евросоюз оццул комаьрша яларан бахьана хIун ду-те? Евросоюзана юкъайогIуш а, цуьнан бала кхача декхар долуш а пачхьалкхаш ма яц уьш.
***
ХIокху деношкахь Хонкаран цхьамогIа гIаланашкахь дIаяьхьира тIеман карчам бан гIоьртина шо кхачарна лерина яккхий митингаш. Урамашка арабевллачара дIахьедора шаьш мехкан Президентан политика къобалъеш хилар. Оцу дийнахь Президента Р.Эрдогана дакъалецира тIеман карчам бан гIоьртинчарна дуьхьал тIом беш эгначарна хIоттийна хIоллам схьабоьллучохь.
***
Израило схьахаийтира Шемин къилбехь машар а, маслаIат а дарехь США-н а, Россин а хиллачу бартана ша реза цахилар. Гарехь, Шемахь цIий Iенор сацо лууш дац Израилан куьйгалла. Цунна лаъане а ца лаьа шемахойн барт хуьлийла. Терроризм цо хьехош а яц.
***
Россин Президента В.Путина кIирандийнахь шайн корматаллин денца декъалбира мехкан металлургин комплексан берриге а белхахой. Билгалдаьккхира металлурги кхиорехь цара тIаьхьарчу шерашкахь дика кхиамаш баьхна хилар.
***
Иркутскан областерчу Братск гIалина уллехь йолчу дачийн поселкехь цIеялар бахьанехь 7 стаг кхелхина, царах 3 бер ду. Россин Талламан Комитето оцу бохамца доьзна уголовни гIуллакх дIадолийна, дIахьош бу таллам баран белхаш.
№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо