Нохчийн поэтийн стихаш – оьрсийн маттахь

ХIокху деношкахь Н.И.Крупскаян цIарахчу Аштаркхан областан Iилманан библиотекехь дIаяьхьира «Литературийн доттагIалла – халкъийн доттагIалла» темина литературин-музыкин суьйре.

И лерина яра «Литературни газетин» проектан гурашкахь арахецна «Щербаков Юрийн гочдарш» («Переводы Юрия Щербакова») керла книгаш йовзийтарна.

Суьйренехь дакъалоцуш вара Казахстан Республикин консул А.У.Сыздыков, Нохчийчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а делегацеш, Аштаркхан областерчу къаьмнийн-культурийн юкъараллийн куьйгалхой, меттигера литераторш, ешархой.

Россин Яздархойн союзан Аштаркхнерчу отделенис кхайкхарца цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин декъашхочо, поэта Ахматукаев Адама.

Ю.Щербаковн гочдарийн «Кавказ» цIе йолчу книги юкъаяхана нохчийн поэтийн Ахматукаев Адаман а, Юсупов ИбрахIиман а цхьамогIа стихаш.

Суьйренехь къамел деш, А.Ахматукаевс дийцира ша а, Ю.Щербаковс а гочдарш тIехь цхьаьна болх барх лаьцна. Цо иштта билгалдаьккхира литературин говзарш, цхьана маттера кхечу матте йохуш, яржош, йовзуьйтуш хиларх, литератураш кхиарна а, цуьнца цхьаьна халкъашна юкъара доттагIаллин уьйраш чIагIъярна а дика Iаткъам беш хилар.

«Литературийн доттагIалла – халкъийн доттагIалла» проект кхочушъярехь жигара дакъалацарца Россин дукхакъаьмнийн литература кхиорна юкъа бIаьрла хазна йилларна Щербаков Юрийна совгIат дина Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председателан Ибрагимов Кантин Баркаллин кехатца. И совгIат дIаделира Адама, цул сов, цхьацца яздархошца литературин уьйраш чIагIъяран хьокъехь къамелаш а хилира.

Хь.АБАЕВ

№55, шинара, мангалан (июль) беттан 18-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: